Хӏай тхан Дела! Бакъдолу неят ло Ахьа даккхийн белхаш дарехь, къеггина лакхар ӏалашонаш ло Ахь, юхакхетар, тӏехьадиссар доцуш, даггара, тӏедоьлла, дийнахь-буса а ӏамал йар а ло Ахь!
Ӏабдуллахӏ ашшахӏрий
Ӏабдуллахӏ ашшахӏрий
🔥8👍1
"Ша лоьхучуна мах хиийначунна цуьнан дуьхьа ша хьоьгуш долу къа атта хира ду"
《Мадарижусса'ликийн》
《Мадарижусса'ликийн》
👍10😁2🕊1
”إذا لـم يـكـن فـي الـسـمـع مـنـي تـصـاون ...
وفـي بـصـري غـض وفـي مـنـطـقـي صـمـت
فـحـظـي إذا مـن صـومـي الـجـوع والـظـمـأ ...
فإن قـلـت إنـي صـمـت يـومـي فـمـا صـمـت “
Аса сайн лерса лардеш ца хилча, бӏаьрса охьахьажош ца хилча, мотт хьарам долчух юхатухуш ца хилча, мархах суна кхочуш дерг мацалла, хьогалла ю..
Аса тахана айса марха кхаьбна алахь, ма ца кхаьбна аса и..

💔8👍2
Лераме вежарий,
цхьа кӏира дӏадели мархийн бетта, оцу кӏирнах вай диначунна хьесап а дина, хӏара кӏира сов даккха деза вай ӏибадат дарехь ..
Хан ян а яц вайн, кӏайн марчо а, ӏаьржа латта а ду вайга хьоьжуш..
Хӏокху таблицанах хан ларъярехь гӏо хира ду хьуна , хӏора ламазан хенахь айхьа дан леринарг дӏаязъе!

👍5🕊4🔥3💔2
-Хьажа, ваша , цхьа хаттар дара сан.
- Схьахаттал.
-Мархийн баттахь цхьа дика план йийца суна
- Йоцца план - телпо дӏаяккхар.
*телпо дӏаяккхахь шортта ӏибадат дийра ду ахьа , кхечу белхашна хан а юьссур ю, амма телпо буйнара ца йоккхуш лелахь мел чӏогӏа х1оттийна планах а г1уллакх хира дац..

👍7🔥4
Ӏиндагӏ
<unknown> – lmklm_l_khyr_maa_lshykh_lhwyny_yqwl_k_n_ldny_khrjt_mn_qlby_r1e12
Тӏеххьара телефон чухула Шайх Абу Исхьакъ Аль-Хувайнис дина къамел : Делора сан хьал дуьне дагачура дӏаьдаьлча санна ма ду , со вац цхьанна а хӏумане сатуьйсуш, ян цхьа а хӏума оьшуш а: бераш, ян зуда, ян цхьа а хӏума а ца оьшу дуьненчуьра . Аса сатуьйсуш дерг Аллахӏан со везар ду , Пайхамаран (Делера салам маршалла хуьлда цунна) везар а ду. Сан дахар, сан жималла, цуьнан дахаран гонаха хьийзаш дара , цуьнан сибаташ гулдеш , цуьнан дахар толлуш.. ма чӏогӏа сатуьйсу аса цунна уллехь нисвелла цуьнан когашна берташ яха. Делора ,Делора ,Делора цуьна юьхь-сибат сайна цхьауза гойтург сайн дерриге даьхний, сайн доьзал дӏалура ма бара аса, цуьнан юьхь-сибат цхьауза гойтург.. Аса сатуьйсу со хилар хьадийсехь Пайхмара (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хьахийна волчух: "Шен умматах ша чӏогӏа дукха везаш стаг ву, шен даьхний, шен доьзал дӏаделла а ша гаре сатуьйсуш". Ас сатуьйсу и стаг со хиларе, цуьнан юьхь-сибат гаре сайн доьзал, даьхний дӏаделла а ..Пайхамарах ﷺ лаьцна хӏара къамел деш сайн дог кийрара арадаьлла хеташ ву со.. (воьлхуш ву Шайх)...
Цуьнан мутаӏелама кхин д1а боху: Аллахӏа реза хуьлийла хьуна .. Аса доьху Аллахӏа хьо Пайхамарца ﷺ гӏатта вар, оха тоьшалла до хьуна ахьа Пайхамаран ﷺ суннат тӏехь къахьегна хиларца, даржийна хиларца, ахь уьш цӏандина хиларца, лардина хиларца. И дерриге бахьан долуш хьуна Пайхамара ﷺ шафаӏат даре сатуьйсу оха, хьуна и гаре, хьо цуьнца гӏатторе, цуьнца ялсамане вахаре..
Амин Йа Аллахӏ, Сийлахь Аллахӏа къинхетам бойла хьоьх Шайх Абу-Исхьакъ Аль-Хувайний, фирдовс ялсамане а лойла Цо хьуна!

🔥3💔3
Адам тилор хьан болх хилча, дахаран коьрта ӏалошо а хилча, шарчохь цхьана баттана хьо дӏавихкина, оцу балхана юккъера воккхург хилар хууш хилча, хьалхе оцу баттанахь нах тило кечам бина |ийра варий хьо? Иштта шайтанаш шаьш дӏадехкале хьалха шортта кечамаш бина. Цара бина кечамех уггаре кхиаме берг - адамийн суьртехь долу шайтӏанаш ду , иштта бес-бесара кинош, сериалаш..
👍2💔2
Цхьа пайдехь йолу статусаш хӏиттайо вай. Вайн тӏеӏаткъам бинарг кхечунна а гайта лууш. Амма аш цхьа х1ума зийний: йоьшу вай статусаш (хьадисаш, аяташ, ӏелимчнех дешнаш и. кх. д1.) йоьшу-йоьшу… цхьаъ цхьана тӏехула… амма чаккхенехь цаьрца ӏамал ян ца ларво-кх. Ерриге коьрто схьа а ца лоцу. Тӏаккха вайн хан эрна яхна хуьлу. Цулла а цхьа хьадис дешна, цуьнца ӏамал йинехь вай....
Асхьабашкара деъна (Аллахӏ реза хуьлда царна) - цара итта-итта аят ӏамош хилла аьлла. ӏамийна итта аятан хьанал, хьарам дерг девзина, цаьрца ӏамал йиначул тӏехьа бен тӏехьа догӏу итт аят ӏамош ца хилла цара.

👍7🔥2💔1
Бусулба динехь инвалидашца муха хила веза, уьш муха лелон беза дуьйцучу жайнех цхьа жайна ду хӏара. Бусулба дино дӏатоссуш вац цхьа а инвалид хиларх, йа тергам ца беш вуьтуш а вац и мел чӏогӏа цомгаш хиларх, ур-атталла иза ненан кийрара бер далахь а. Амма атеисташ, керста наха церан беш болу лерам тарихехь гина вайна, тахна беш берг а гуш бу .. Лерам, ӏуналла дар-м дуьйцур а дацар вай , новкъа хӏуманаш ю уьш бохуш, бойъуш бацахьара, девзткъа шо хьалха кхо бӏе эзар цомгаш стан вийна цара, бӏаьрг негӏар а ца тухуш, пайдехь хӏуманаш яц, аьлла. Дӏаязъе шайн chatGpt чу «AKTION T4»алий, йа доцца «Т4» алий. Схьагур ю шуна цера «адамалла». Къена бу, ирча бу, цомгаш бу бохуш, дарбанц1аш чохь адамаш дойъуш лорйижарий, лорвежарий бу х1инца а. Цул а 1аламат дерг - царна шаьш уьш боккхачу баланах хьалхабаьхна хета. Церан ирча кхетам бу иза. Церан кхетамах цхьа ирча кхетам…
🔥3