Вайн гӀиллакх
850 subscribers
224 photos
117 videos
2 files
536 links
Вайн ютуб: youtube.com/@vayn_glillakh
Вконтакте: vk.com/vayn_glillakh
Download Telegram
«Сокол» муха олу вайн маттахь?
Anonymous Quiz
10%
Къиг
8%
Хенакӏур
10%
Чӏоб
73%
Леча
Вайн гӀиллакх
«Сокол» муха олу вайн маттахь?
Нийса жоп: Леча (ду) - сокол
Лечарчий (ду)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца кIордош...
https://t.me/vayn_glillakh
Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьйла шуна.

Хьоме тобанан декъашхой, шуьга цхьа дехар ду, вайн цӏахь цхьа а нохчийн маттахь киншка йоцуш хуьлийла а дац, хила йиш а яц! Аша йоьшуш, шуна царна юккъера пайде хетта йолу кийсак яийтийша.

@Vayn_glillakh_bot
Масала: цхьа адам хуьлу вайна чӀогӀа ца дезаш, цо цхьа вайна ца дезаш дина долу хӀума бахьанехь безам болу-кх вайн цунах, тӀаккха цуьнан цӀе а хаза лууш ца хуьлу вай, цу кеппара вайна и керста нах (гӀаскхий) безаш бацахьара вай церан мотт а буьйцур бацара!
Нохчийн фразеологизмаш:

Аьшпийн кIур – аьшпаш, пуьташ буттург

#Нохчийн_фразеологизмаш

https://t.me/vayn_glillakh
Вайн гӀиллакх
Нохчийн фразеологизмаш: Аьшпийн кIур – аьшпаш, пуьташ буттург #Нохчийн_фразеологизмаш https://t.me/vayn_glillakh
Нохчийн фразеологизмаш:

Ву боху цIе – ву аьлла цIе хилар бен, кхин цу цIарна хьакъ воцуш, керахь кхин хIума доцуш

#Нохчийн_фразеологизмаш

https://t.me/vayn_glillakh
Со Ӏадийнера-кх, нохчийн мотт Ӏамор болуш буй аьлла, хьехархоша берашка шайн цӀахь хатта боху аьлла сайна хезча, шайн болу мотт Ӏамор буй, Ӏамо оьший бохучу тӀедаьлла-кх вайн хьал! Ма доккха хӀума ду хӀара. Ӏамор буй-баций дан а дац, Ӏамор тӀедуьллуш ду, Ӏама ца бахь ишколера дӀа а бохур бу, бохуш долу низам хӀунда ца хӀоттадо, мелхо а?! Мичахь ду шен къомана а, шен маттана а сагатдар?! Хаьа суна вайна юккъехь сагатдеш берш буй, амма цу сагатдечара хӀара къам дӀадаккха гӀертачарна дуьхьала болх ца бахь дӀадолуш-м доллу дерриг!
Йистхила Дегlаста

Къонахий лоьгучохь, къонах хила бохий ахь?
Харцо бакъ хетачохь, нийса лен бохий ахь?
Дешан сий дайначохь, дош ала бохий ахь?
Дегнаш а деллачохь, дийна хила бохий ахь?
Наной а белхочохь, велало бохий ахь?
Зама а йоьхначохь, ирсе хила бохий ахь?
Некъаш а дихкинчохь, некъ баккха бохий ахь?
Мостагl а гlаьттинчохь, вижна хила бохий ахь?
Массо а да волчохь, хехо хила бохий ахь?
Хьаннаш а къорачохь, талла гlо бохий ахь?
Буьйсанаш ехачохь, малх леха бохий ахь?
Йистхилахь Дегlаста, ойланаш ору ахь!

08.11.2014 шо
Иса Махмудов

#байташ

https://t.me/vayn_glillakh
Тергам бе🌟

Тайп-тайпана - разновидный, разнотипный

Бес-бесара - разноцветный
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
«Очередь» муха олу вайн маттахь?
Anonymous Quiz
2%
Чаккхе
1%
Хан
93%
Рагӏ
4%
Тӏаьхье
Сан пачхьалкх ю — нана еха хIусам.
Дай баьхначу юьртахь жима цlа.
Дуьненах со къастахь къаьста цунах,
Дегlах къастахь цунах къаьста са…
Сан пачхьалкхан малх бу ненан хьажар,
Бlаьра хьаьжна сирла елакъажар.
Сан пачхьалкхе боьдуш цхьа некъ бу,
Цунах кхеташ — бlе эзара кхин,
Цаьрца хlоранца со лелла ву,
Хlоранца а бу сан ирсан цинц.
Сан пачхьалкхе ю — нана еха хlусам.
Ирсе боьду некъ а цу тlе бу…
 
Яндарбиев Зеламха.

#байташ

https://t.me/vayn_glillakh
«Польза» муха олу вайн маттахь?
Anonymous Quiz
2%
Гӏо
96%
Пайда
1%
Гӏуллакх
1%
Мела
​​Ас хастадо, йитаза а ца ваьлла, ша йитина Нохчийчоь гlенах гина, хийрачу махкахь набарх ваьллачуьнан бlаьргаш чохь къегина хиш.

https://t.me/vayn_glillakh
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Доьзална хьехар дар

Youtube чуьра ссылка