Странник
3.87K subscribers
294 photos
111 videos
6 files
18 links
Баккъал а, сатуьйсу ас, тlаьххьарчу
сахьте кхаччалц, сайн дин лардеш
лаьтташ а волуш суо кхалхаре
Download Telegram
Лайлатул-къодр буьйсанна а, мархийн беттан тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре йеза, дика йолу Ӏамалш:

- Ламазаш дар,
- Къуръан дешар,
- ДоIанаш дар ю.

ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна йар ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, суджудехь дехха доIанаш а деш.
Лайлатул-Къадр.

Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт буьйсенан муьлхха а буса наб ярах, я суннат ламазаш ца деш, я Дела ца хьехош, я Къуръан ца доьшуш, я хlумма а ца деш, телпо кегош хlар итт буьйса эрна дlаяхийтарах ларлолах!, аьлча а, хьайн дахар тlера 83 - шо, дина хlумма а доцуш, эрна дайтарах ларлолахь!
АПРЕЛЬ
«Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду».

ал-АвзаIий - Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.
Хено ӏамийра со адамийн бакъйолу ӏалашонаш ган, церан сайца йолу йукъметтиг ган, церан ойланаш, шалхенаш йовза а . Амма ас цкъа а ца йайъина сайн адамаллин йуьхь, сайн дешнийн чӏагӏалла, сайга кховдийна тешам а. Со кхетара, кху дуьненан цхьа а бахам, цхьа а хазалла адамийн син цӏаналлийца, деган цӏаналлийца, адамийн адмаллийца хийцалур йоций, и хилла суна даима а сийлахь дерг. Со иштта ӏамийна сан ларамечу, бусулбачу шина адмо Дас-Нанас.
Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Марха кхабар - деккъа юучух-молучух дIахадар хилла ца Iа хьуна. Иштта пуьчашах а, харцонах а, даьсса къамелех а, дуйнаш даарах а дIахадар ду хьуна».
Ибн Аби Шайба, 2/422.
Цхьана хьекъалан дас аьллера акха lарбочунга: Нахана хьо везар волуш кхо хlума дийци хьуна ас? Акха lарбочо элира: Хlан-хlа
...
Ахь муха лоьху сингаттаман дарба нахехь, иза хьан Делан калам дешарца, Цуьнга хьо верзарца хуьлуш хилча?!
Хьой хIокху некъ тӏехь латта луш вацахь, дӏатовжа, далахь дӏа ма вала.
Мох хьаькхча деш долу доIа.

"АллóхIумма иннии‌ асъалука
хойрохIá, ва аIýзу бика мин шаррихIá".

اللّهُـمَّ إِنَّـي أَسْـأَلُـكَ خَيْـرَها، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ
شَـرِّها
«Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху цуьнан дика, со Хьоьца лар а ло цуьнан вонах».
“Йа АллахI! ХIокху сийлахьчу баттахь Айхьа жоьжахатах хьалхабитиначарех де Ахь тхо. Йа АллахI! Хьалхайита Ахь - тхан вортанаш а, тхан дайн вортанаш а, тхан нанойн вортанаш а, тхан бусалба вежарийн, йижарийн вортанаш а Хьайн къинхетмаца, ХIай къинхетаме верг”.
Iожаллин гlaйгlа йолчунна а ца хаьа,
ша оцу гlайгlанах хьалхаваккха loжалла бен йоцийла.
Тахана шавег беркате веан моьтту суна,чӏогӏа пробка ю кху рядш юккъахь
Зен хилла, зен хилла, эшам хилла, цхьа масех сахьтан дуьхьала, дезткъе кхо шо ца эцначунна!
Forwarded from 33
Открыт частичный сбор на мечеть имени мучеников Газы!
В этот Священный месяц вы можете пожертвовать средства на постройку мечети, в которой регулярно будут совершаться намазы, а награду за этот вклад вы будете получать даже после вашей смерти.
Три деяния, которые приносят пользу после смерти:
Непрерывная милостыня (садака джария).
Знания, которыми пользуются люди.
Праведные дети, обращающиеся с мольбой за умершего.
Бухари, Муслим.

• СберБанк 5228 6005 8991 5034
Фарида Мусаевна
• РСХЗБанк 4353 0300 8488 8959
Али Ахмедович
Хьан хьашташ дукха хила тарло, хlора а ша-ша дагардан воьлча царех цхьадерг дицлуш, делахь ахьа хlара доӏ дича хьуна дагадаьхкина хилла а доцу хьан дерриге хьашташ чулоцу цо.
رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ

Роббанá áтинá фид-дунйá хьасанахl, ва филь-áхироти хьасанахl, ва къинá lазáбан-нáр

ХӀай тхан Дела! Луо‌хьа тхуна дуьненахь дика, эхартахь дика. Лардехьа тхо жоьжахатин цӏеран ӏазапах
Тахана деригге а дитий а, дика lамалаш йарехь, дехха ламазаш дарехь, сагlанаш даларехь, доlанаш дарехь, Сийлахь волу АллахI хьехаварехь, Къуръан дешарехь къахьоьгуш йакххалаш таханалера хlара буьйса!

«27 буьйса герго ю «лайлатуль-къодр» буьйса хила»- аьлла lеламнаха.

Буьйса маьркlажа хан хиларца, lуьйра ламазан хан хиллалца лаьтташ ю.

Сийлахь волчу АллахIе доьху вай жоьжахатенах хьалха доьвлачарах дар вай а, вайн дай-наной а, массо а бусулба нах!

Иштта шортта хӀара доӀа дар а:

АллóхӀумма иннака Ӏафуввун тухьиббуль-Ӏафва фаӀфу Ӏаннù

Йа АллахӀ! Гечдеш, гечдар дукха дезаш ву-кх Хьо! Гечдехьа суна!