Сиنтеме Са
47 subscribers
29 photos
12 videos
50 links
Хьо бахьанехь кху чу ваьллачо мел оьцу пайдах цунна хуьллуш йолу ял - хьуна а хир ю хьуна!

Сихо е диканиг дарехь!
Download Telegram
Аллахlа боху: «[ХIай, нах!] Лаьтта тIаьхь куьйгалла а делла Оха шуна [я аьтто а бина Оха шун]. Iар-дахаран рицкъа а къастийна Оха шуна. Ма кIезиг ду-кха шун баркалла [я шукар]!».

[Къуръан, 7:10]
https://t.me/sintemeeSa
Дика доьзалхо мил ву?

ХӀора ламазехь, суджудехь шен дений-наний доӀа дерг ву.

© Абдуррахьман Абу Мухьаммад
https://t.me/sintemeeSa
Нахана хьо везаш велахь, хьуна хаалахь, Аллахlа царна хьан дика агlо гуча а йаькххина, боьха агlо къайла йаьккхини.
lеха ма лолахь, Аллахlана хастам бе..!
https://t.me/sintemeeSa
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Инна лиллахӀи ва инна илайхӀи ражиӀун, аллахӀуммаъжурний фи мусибатий вахлуфли хайран минхӀа.


Муьлха бала тӀебеъча хӀара доӀа дича - Дала тӀаккха цулла гӀоле дерг лур долуш ду.
Forwarded from Дикаден бусалба
ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«шен даганна синтем а, ийманан марзо а, нийсонан нур а хаълуш воцучо - АллахIе тоба дойла, "астагIфируЛлохI" дукха а бохийла»

маджмуlуль фатава 5/62
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Да бохург ма кӀеззиг хӀума дац-кх, шен и воцург бен кхетар а воцуш.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилма дезаш верг, къиношна гена волийла!
https://t.me/sintemeeSa
ХӀай къонаха зуда! Хьайн тӀаьхьенах Ӏеламнах хилийтар тӀехь къахьоьгийла ахь. Цу тӀехь ледарло а ма йойла ахь.

https://t.me/sintemeeSa
Ассаламу Ӏалайкум.
Вайн цхьана вешина гӀо оьшуш хьал хӀоьттинера, авари йина цхьаьннан машен йохийна декхаре вахана иза, и машен а нахера юхалург декхар даьккхина эцна яра цара, шайна Ӏилма Ӏамоче дӀайсадаха эшарна, вайна ял хир яра, ткъа царна гӀо-накъосталла хир дара вайх хӀораммо а сом даларца дина а гӀо дича... ХӀокху лоьмар тӀе даийта шайна дакъа лаца луучо сом, 50 туьма 100 туьма бен дацахь а.

Б. Зубайраевна
2202206817827186

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла:

Лай шен бусалба вешина гӏо деш мел ву, Аллахӏ гӏо деш ву цунна...».

[Муслим: 2699]
-жуьгтиш бу уьш Марям ?

-со циге г1ура ма ю ас бокъал бах, цигар берша схьадохар ду ас.

Марямин къамел. 😔

жуьгтишна ша яьтта бохуш ловза иза, царна бокъаллаъ яьтташ санна )
Ас цхьа хаза кхаъ боккху шуга!

Дукх хӀе ца луш, цхьа хаза дарсаш ю йола йир йолуш. Вайн самукъа дер долуш. Вайн чӀогӀа оьшуш йолуш. Вай дукх сатийсин йолу. ЧӀогӀа чӀогӀа пайде хир йолуш.

Хьоьжуш Ӏе.☺️
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йа АЛЛАХ|, орцаха вала Хьо Рафахьера бусулба нахана. Х1окху сохьта онда геноцид ю цигахь д1а йоьдуш, шайн до1нашкахь хьеха белаш уьш шортта. К1иллойн т1ом бу жуьгтиш беш берг, юхьа дуьхьал лата буьйла белча, шаьш охьа отун дера, х1инца адамаш дагош, даккхий герзанаш генара т1е детташ бу бусалба нахан.
https://t.me/sintemeeSa
#Хаттар: Ассаламу Iалайкум. Зударша шайн суьрташ инстаграм чу а, иштта кху вконтакте чу, кхечанхьа а - нахана гуче хlитторах лаьцна алахьара ахь.

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла-кх: «Дуьненах кхералаш, зударех а кхералаш, Исра́илан тIаьхьенна дуьххьара хилла долу питана зударех дара шуна». [Муслим: 2742]
Оцу питанах вай лардархьама АллахIа хийрачу зудчуьнца ша виса а хьарам дина вайна! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа цу зударшка дIахьажа а хьарам дина вайна! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа цу зудчунна а хьарам дина уллехь шен чуьра стаг воцуш араяьлла, гена некъ бан! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа цу зудчунна хьарам дина ша арайолуш хаза хьожа йогIу хIума тохар! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа цу зудчунна тIедиллина шен хIусамера цаяьлла бен ара ца йийлар! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа тIедиллина цу зудчунна ша йист хуьлуш шен аз а хаз ца дар, нагахь хийрачу стагана ша хезаш елахь! Оцу питанах вай лардархьама АллахIа фарз дина тIедиллина цу зудчунна шен дерриге дегI дIакъовлар хийрачу стегарех!
ТIаккха Iеламнехан къовсам боьжна-кх, ши куьг а, юьхь а дIакъовла езаш ю зудчо я яц аьлла, амма и ши куьг а, юьхь а дIакъовлар зудчунна тIехь дац аьллачу Iеламнехан а барт хилла, питане заманахь и шиъ а дIакъовлар фарз хиларна тIехь. Ткъа хIара санна питане зама цахиларна тIехь вайн массеран а бу барт!
Ахь ойла йича, мел доккха питана хила деза стагана цу зудчуьнгара долуш дерг, АллахIа оцу кепара массо а агIо йоьхкуш цу зудчуьнан хьокъехь, чIагIйина хилча!
Зудчо шен чухIоттош долчу суьрте мел хьожу хийрачу стеган цIарах къа ду цу зудчунна дIакхочуш, иза еллачул тIаьхьа а, и сурт нахана гуш лаьтташ мел ду!
Ойла ехьа, шен агIо тIехь суьрташ долуш цхьаьннан ялар нисделча, и суьрташ дIа а ца дахалуш дуьсу, ткъа кхуьнан къинош совцуш дац, нахана уьш мел го. Цул боккха бохам муьлхург хир бу?!
Иштта мегаш дац хьижаб лелочара шайн суьрташ хIитто а!
Изза ду, пайде дерг даржо гIерташ, динна гIо дан лууш болчара зударий тIехь болуш суьрташ я видео кечъяр а я яржор а! Шайн дагахь дика дерг деш болуш, нахана пайда бан лууш болуш, шаьш-шайна къинош летош, зен до цара! Зудчуьнан ши куьг а, юьхь а дIакъовлар фарз дац бохучу Iеламанахана гергахь а цу шина куьйге а, юьхье а хьежа йиш ма яц!
Ткъа зударийн суьрташ ши куьг, юьхь гуш дацахь а ца оьшу цхьанхьа хӀитто, вай лакхахь ма-дийццара, зуда - питана ду, ахь мел чӀогӀа и дӀакъевлча а!
Имам Гlазалис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Бера жима долуш дуьйна хьуьжаре дlадала деза, цуьнга цигахь Къуръан а, хьадисаш а, АллахIах кхоьруш болчу нехан дийцарш а lамдайтархьама. Хьалххе иза цига дlа мел ло а цуьнан дагчохь дика нах безар кхуьур ду. Бера лардан деза безам а, безам кхеттачу нехан дийцарш а lаморах!

[Симтlул-lикъйа́н, агIо: 115]

https://t.me/Allahvezaranmarzo
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) боху: «Муьлхха а лено шега бала кхаьчча алахь: «инна‌ лилла‌хӀи ва инна‌ илайхӀи ра‌жиӀу‌н, алла‌хӀуммаъжурни‌ фи‌ муси‌бати‌, ва ахлифли‌ хайран минхӀа‌», -
цунна ял хир ю, и бала диканца хуьйцур а бу. (АллахӀера ду, Цуьнга юхадоьрзур долуш а ду. Я АллахӀ соьга бала кхачарна ял ло Ахь суна, иза диканца хийца а хийца ахь)».

[Муслим: 918]
https://t.me/Ramzan_Gendargno