Нохчийн маттахь
614 subscribers
37 photos
10 videos
1 file
54 links
Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац!
Download Telegram
Нийса жоп
https://t.me/nohchiyn_mattah/45

Рог - маlа;
Сыпь - хьара;
Азарт - хьасарт, шовкъ.
Тlехь, тlехьа, тlаьхьа

Хlара дештlаьхьенаш гlалатца язъяр нисло дукха хьолахь.

Тlехь - тхов тlехь, гай тlехь. (мегар дац «тlяхь» яздан, орамна юкъахь «я» нохчийн дешнашкахь ца хуьлу, юьххьехь хуьлу, масала: Ялта, дlаЯхна)

Тlехьа - дитта тlехьа дlалечкъинера кlант.

Тlаьхьа - цул тlаьхьа дукха хан ца елира.
https://tlgg.ru/nohchiyn_mattah
Цхьадолчу кlадийн цlерш:

Ситец - басма;

Шелк - дари, чилла;

Шелковая ткань - ездари;

Фланель - бумзи;

Вельвет - хут;

Полотно - киса;

Бязь - боз;

Канва - бойнах дина кlади;

Кашемир - тlергlан кlади.


ДАГАХЬ lАМО! Хоттур ду шуьга!
https://tlgg.ru/nohchiyn_mattah
Нийса жоп: «Яздина»

Хlунда? https://t.me/nohchiyn_mattah/60
Цхьадолчу дешнийн чаккхенга «й» диллар.

1. Дукхаллин терахьан цlердешнашкахь чаккхенгахь «и» хазахь, яздан деза «ий».

Масала: зударий, нохчий, серий, полларчий.

2. Хаттаран хандешнашкахь.

Масала: веанерий? Гинерий? Йисирий? Хьаьжирий?

3. Цхьанатайпанарчу меженашкахь.

Масала: Хьамзаттий, lумаррий.
Шекаррий, lайггий.
https://tlgg.ru/nohchiyn_mattah
Хьовса ма хьовсалаш лакха
Хьомсара сан Даймохк,
Суо ирсе хета,
Хьо мел бу вехаш ву
Дуьненчохь со.

Хьуна мел кхоьссинарг
Сан дагна кхета,
Сан дог а лазадо
Лазийча хьо…
Нийса жоп: 3-гlа
https://t.me/nohchiyn_mattah/64
Нийса жоп:

Массанхьа «й» дилла деза, амма «нохчи» дош и ца диллича а нийса ду.

Вай хьалхо дийцира, дуккхаллин терахехь долу цlердешнийн чаккхенгахь хезаш «и» хилча, «ий» яздо аьлла.
https://t.me/nohchiyn_mattah/68

Цундела «пхерчиЙ, зудариЙ, хьозарчиЙ» яздан деза.

Иштта циггахь вай дийцира, хаттаран хандешнашкахь а чаккхенга «й» дуьллу аьлла.

Цундела «аьллериЙ» хир ду.

Кхин а, цхьанатайпанарчу меженашкахь а хуьлу чаккхенгахь «й».

«СуниЙ, цунниЙ». (Хаттар деш «цунний» тlе ца яздина хилла ас🙈)

Ткъа «нохчи» дош хьалхарчу бакъонна кlела доьдуш делахь а, цхьаллин терахехь «нохчи» хир ду.

- Со нохчи ву!
- Тхо нохчий ду!
ТIаьххьара нохчий…

Iодика йойла шун, тIаьххьара нохчий,
Шу дIагIуш, шун лорах леррина хьоьжу со,
Шуьца ван ирс доцуш висарна вогу со,
Iодика йойла шун, тIаьххьара нохчий.

Iодика йойла шун, Iодика йойла,
Нохчаллин аматаш тIаьххьара лелийнарш,
Яхь-гIилкхан амалаш сих-цIийрах иэйинарш –
Кхин хир дац дуьненчохь суна шу гойла.
И хIунда лечкъадо: шу эшнадевли,
Шу оьзда мел хили – кIиллойн каели.
ТIаьххьара нохчий, шун иэшамехь хилла а,
Со шуьца хилийтар доьху ас Деле.

Iодика йойла шун, Iодика йойла!
ШайтIано хIитточу суьртех а Iехалуш,
Аш кху харц дуьнен чохь нийсо ма лехалаш –
Эхартахь хир ю шун и нийсо гойла.

«Дезачарна»дуьсийла хIара къена дуьне,
И «дуурш» кхочур бац хиллачун дуьхе…
Шу-м дарий шек доцуш, и тайча я доьхча,–
Дуьненах ца даьшна тIаьххьара нохчий.
Iодика йойла шун, Iодика йойла…
Йо Дела! Ма цIармат сурт хуьлу гонаха,
ДIабоьлхуш тIаьххьара яхь йолу къонахий…
Доьхначу кху дийнахь йоьхна сан ойла.

Цуруев Шарип, 1993 шо


Хlетал-метал хаийла шуна: шун тlе а биллина баа а йиш яц, церг тесна кхалла а йиш яц, амма и баанза цхьа а вац.

Жоьпаш дала👇🏻
@icharkho_bot
Хьадалча - посыльный

Нехан кост* эцна хьаьддий, веддий лелачух олу иза.

Дукхаллин терахьехь: хьадалчаш.

*кост - поручение
Ма язде «дуьйцА», «вогlА»

Язде - У.

1. У яздо карарчу хенан чаккхене, цул хьалхарчу дешдекъехь о, оь, у, уь, ю, юь, ой, ов делахь.

(В конце глагола настоящего времени пишется У, если в предыдущем слоге имеется о, оь, у, уь, ю, юь, ой, ов)

Масала, вогlу, доьшу, узу, юсу, дуьйцу, гойту, совцу.

2. А яздо карарчу хенан чаккхене, цул хьалхарчу дешдекъехь аь, е, и, ий, ев, аьв делахь.

(В конце глагола настоящего времени пишется А, если в предыдущем слоге имеется аь, е, и, ий, ев, аьв)

Масала, хаьа, lема, вижа, цlийза, вевза, хьаьвза.
https://tlgg.ru/nohchiyn_mattah
Юханехьа чухlоттий вай хlара бакъо, юккъехь гlалат а хилла.

(Гочдиначехь шинхьа «пишется У» яздинера)