Нохчийн маттахь
634 subscribers
37 photos
10 videos
1 file
54 links
Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац!
Download Telegram
Доьналла - стойкость, мужество, сила духа.

Яхь - дух соперничества в хороших делах, выдержка, воля, самообладание.

Майралла - храбрость, смелость.
Синан йоза

Шен вешина гlортор йоцчу вешех вай хlун до?
Тешаме тlетовжа йолчу белшан мах хlун бу?

Дуьненчуьра массо хlилла гулдеш йина оьла,
Бlаьрга ца ган, гена татта яккхий вай цхьа тоьла?..

Тешнабехке адамашца хаьдчохь йита уьйраш!..
Готта мача-м йолий бале, елахь ког и къуьйлуш!..

Гергарлонийн маша бузуш, шена яккха са,
Воллучун цlе ян а юй те тилла йогlуш цхьа?

Ахчий, бохчий адмаллица нисдан воьлларг цкъа,
Вада гlортарх, ваьлла ма вац шех ца хьаьрчаш къа!

Ямартлонца гlатта дагахь, юкъ йихкинарг вайх,
Виса хаьдда шен цlийнах а, ворхlе а шен дайх!

Гlиллакх, гlуллакх данне доцуш, коьртана цхьаъ эшнехь,
"Нийса вац хьо" ала цуьнга, ма виса де эшна!

Доьналлин мах лахабаккха ваьллехь ара цхьаъ,
Вуьтуш арахь мах лахарниг, ахь дlакъовла неl!

Хьан де тоьлча юххе волуш, ткъа де эшча херлуш,
Волу доттагl гена ваккха, делахь иза тарлуш!

Забарех хьан йийриг базар , вита ахь шен базарахь,
Коьртан лазар иза бахьнехь хьайна хила ца лаахь!

Дуьнено цкъа lехавеш хьо, дагна дахарх гилдигаш,
Дуьне ма ду кийчча lаш хьан къинойх дуза пlаьлдигаш!

Лууш яц-кха хьехарш дала, уьш оьшуш со-суо а ю,
Речlа хилла, сан дог лоьцург кехате ас кховдор ду!..

Синмехаллин мерзаш хедош, баха lеминчех...
Сан йозанаш ма ларалаш царех кхаьрдачех...

Исраилова Луиза, 2018 ш
https://tlgg.ru/nohchiyn_mattah
Тахана хилла къамел.

Черчийн духарш доьхна адамаш ду ала лууш..))

- Ши ча ю цаьрца.
- Шича?
- Хlаъ, ши ча. Черчий
- 😕
- Чохь са дац царна. Адамаш ду царна чохь.
- 😳😳😳
Сийна

Бецийн, диттийн, стоьмийн хьокъехь «сийна» вай аьлча, «зеленый» бохучу маьlнехь хуьлу иза. Масала, сийна хьач.

Ткъа кхечу хьолехь «синий» бохучу маьlнехь хуьлу. Масала, сийна стигал.

https://t.me/nohchiyn_mattah
РагIу

Дирзина мехашна агIор
Дерзина лаьтта цхьа рагIу
Суна мел безначу нехан
Аьзнаш шен тхов кIелахь дехаш...

ДIадовлий дIадоьлху мехаш,
Схьадовлий схьадогIу мехаш,
Яржаеш бIаьрлагIаш, нехаш,
Дагарадийцарехь дехаш

Дирзина заманна агIор,
Чекх са гуш, лаьтташ ду рагIу,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь йехаш

ДIайоьлий дIайоьду зама,
СхьайогIий схьайогIу зама,
Кегаеш уппаг1аш, амалш,
Кегадеш Iожаллин гIама...

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Мехашна, заманна агIор,
Суна мел безначу нехан
ДоIанаш тхов кIелахь дехаш.

Некъ а бац тIебогIуш цхьа а,
НеI а яц тIекъовлуш цхьа а,
ХIусам яц - хьаша ца кхойкху,
Маьждиг дац - молла ца кхойкху.

Ткъа рагIу-м лаьтташ ду, рагIу,
Чекх са гуш массо а агIор,
Суна мел безначу нехан
ЦIераш шен тхов кIелахь ехаш.

Ишта ю со вина петар,
Со ваьхна, со вайна четар,
Со суо а цуьнан цхьа аз ду,
Цхьа чов, цхьа гIайгIане арз ду.

Апти Бисултанов

https://t.me/nohchiyn_mattah
МашаАллахl, Аллахlа беркате бойла хlара болх!

https://youtu.be/4C-3hbhFLa8
Мужалт - обложка, переплёт

Мужалт Ю, мужалташ Ю.

Мужалт ян - переплести, сделать переплёт.
Кийтарло - хитрость, уловка; показание (на допросе в свое оправдание); попытка оправдаться.

Кийтарло Ю, кийтарлонаш Ю.

Кийтарло ян - дань показание.
«Моз» дукхаллин терахехь муха олу? 🍯
Anonymous Quiz
41%
Моз
24%
Мазарш
19%
Мезаш
16%
Нийса жоп ган лаьа
Пе̃къар - бедняга, несчастный человек.

Пекъарш БУ.
«Мõ» хlун бохург ду?
Anonymous Quiz
14%
Нора
77%
Шрам
5%
Кость
4%
Дрова
Нохчийн мотт телеграм чохь

https://t.me/setlanguage/chechen3