Нохчийн байт
849 subscribers
82 photos
2 videos
12 files
8 links
Хьан архив ✉️
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нана, со г1елвелла ч1ог1а,
Д1авижа воллу со кханналц
Цхьангге ма яйталахь г1овг1а,
Виталахь со наб ян 1аббалц.
 
Со ч1ога г1елвалла хьуна,
Х1оьттина, оханехь санна!
Тамаше наб оьху суна, -
Со хье ма вайталахь,нана!
 
Со хоьттуш милла а варах,
Ца оьшу со самавакхха.
Амма… соь орцана кхайкхахь,
Со самаваккхалахь т1аккха.

Сулаев Мохьмад.

@nohchiyn_bayt
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хууш ду, массо а к1антана
Оьшуш буй хьомсара Даймохк,
Массо а яхь йолчу к1антана
Оьшуш дуй хьекъале дайн дош.

Делахь а да воцчу к1антана
Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо, Даймохк.
Даймахках ваьллачу к1антана
Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо,дайн дош.


Апти Бисултанов.

@nohchiyn_bayt
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу.. 

Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу, 
Кошанна упха ян ножан дитт оьшу, 
Доллучу дуьненна дашо малх оьшу, 
Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу.. 

К1орга ду боху ахь Нохчийчохь 1аьмнаш, 
Лекха ду боху ахь Нохчийчохь лаьмнаш, 
Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш, 
Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш. 

Б1аьргашца са к1амдар дац хьуна хьастар, 
Амалшца садаар дац хьуна хьастар,
Делахь а бу хьуна илланчин хастам, 
Ца хилча ца далахь хилийта къастар..

Да воцчу к1ентан а дог лозу хьуна, 
Стаг воцчу стеган а дог лозу хьуна,
Амма кху дахарехь ца нисло хьуна 
Т1екхаьчча адамо ловр доцуш х1ума.. 

Стогалла амалшна ца хуьлу говза, 
Мел ч1ог1а хьаьгнехь а деза дог довза, 
Цундела воьду со, 1одика йойла,
Декъала хуьлда-кха къастаран ойла.. 

Цхьаъ бен дац стиглахь Ча Такхийна Тача, 
Цхьа а вац ницкъ кхаьчнарг цунна т1е кхача, 
Даггара боху ас, сатийсам кхачош: 
Декъаза хуьлда-кх со, хьо бен ирс дацахь


Апти Бисултанов
@nohchiyn_bayt
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ма шаа Аллах1,Дела пурбанца Нохчийн мотт Телеграм чохь а бу х1инца.
Ссылкица дехьадовла, нисдарш( настройки) чу, мотт хийца.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Беттан серло г1орийна,
Лепа ломан бохь.
Сан лазамна г1оли ян
Санна,яйна дохк.

Ловзаран дой тирсина,
Аре йижна д1а.
Сан г1айг1анаш тхьийсина
Илли ду-кх хьо, 1а.

Бисултанов Апти.


@nohchiyn_bayt
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Орфографические правила чеч яз.pdf
977 KB
Орфографические правила чеч яз.pdf
Нохчийн орфографин бакъонаш.
Габаев Мурат "1одика йойла хьан ,Нохчийчоь,1одика йойла".
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мохкбегор

ЦIеххьана кхерийна,
Лаьттан дегI дегий.
ЭхI, Латта, дийцахьа
хиллариг хьайна,
Алахьа,
ХIун цатам хилла, хьо дегий?
Йа дог хьан лазий-те,
Харцо ца лайна?
Йа атом иккхина, мархаш гин гIенах?
Йа жима бер гин-те къаьстина ненах,
Дестечун маьхьаро дина ша хьере,
ЦIеначу бIаьргаш чу
гIоьртина кхерам?
Алахьа, хIай Латта,
ХIун гира хьуна:
ДоттагIчо тешнабехк
Бин доттагIчунна?
Йа меттахь дIатесна
Шайн нана къена,
СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?
Йа къона безам гин осалчо Iехош?
Йа поэт воллура харц дешнаш лехьош?
Бендоцуш лелачийн гин аьрта яххьаш?
Йа гин-те тIехьашха тоха урс айдеш?
ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили-техьа?
Со орцах вер ву-кх,
хьо дега ма дехьа…


Арсанукаев Шайхи.

@nohchiyn_bayt
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM