Нохчийн байт
853 subscribers
82 photos
2 videos
12 files
8 links
Хьан архив ✉️
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Суна ч1ог1а безам хета
Д1о ширбелла къена кхор. 
Замано мел луьра аьгна
Цуьнан г1адан гlopгla чкъор.

Хьаша веъча, хазахета, 
Хьалха дуьллу тоьлларг пхьор. 
Дайх дисинарг тодан деза, 
Г1иллакх ду-кха цуьнан лор.

Г1иллакх долчохь марзо еха
Малхбалехьа доьллий кор. 
Ткъа и доцург осал веха
Шен т1аьхьенна доккхуш ор.

Суна ч1ог1а безам хета
Д1о ширбелла къена кхор.
Дедайх масал эца деза, 
Кхиош делахь къона чкъор.

Минкаилов Хьаяби
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Буьйса хаза, буьйса тийна,
Седа боду стиглахь раз,
Хьо со воцуш муха Iийна,
Ши бIаьрг Iаьржа,сан Кавказ?

Бексултанов Муса
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Куьзганийн пардонех пенойх чекхбуьйлучу
Бодано йахьайо хьох йолу ойланаш.
Ас хьоьга хьежарехь хенах шеквуьйлучу
Йицйина валаран висаран гIовланаш.

Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран
Букъ тоьхна велахь а, боданан тарханах.
Цкъачунна йийсарехь ву со хьан къежаран
НеIаран дозанехь сирлачу марханах.

Со хIинца тера ву дозанан бIогIамах
Бодана серлонан йукъ йоькъуш боьгIначу.
Со хIинца тера ву борзанан догIанах
Дуьненан эхартан неI къовлуш тоьхначу.

Чуоьхурш, дIаоьхурш хьеший бу генара,
Ткъа со ву кху шина неIаран йийсархо.
Хан а йу хьан къайлаяларан хенара,
Ирс а ду хьан гучуйаларан нийсархо.

Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран,
БукъIаьржа велахь а боданах, товжарна.
Цкъачунна йийсарехь ву со хьо эшаран,
Йуьхь Iаьржа велахь а, хьан цIе ца йовзарна.

ЧувогIург чувогIу бодано Iаржвина.
ДIавоьдург дIавоьду серлонах воьттина.
Хьан неI а ца йолу хьох долу арз дина.
Сан неI а некъашка ладегIа хIоьттина.

Апти Бисултанов
1993
Г1овла- изголовье;
•Тарх- скала;
•Йийсар- пленник
( йийсарехь хилар- быть в плену);
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кlадбаллалц къахьегна дургалш лахьийна,
Уьш lенча, тlегулйеш, куьйгаш дахьийна,
Ц1а богlуш, догlано цхьа тамашийна
Дегl даздеш, меттаххьен берриг башийна,
Динберган lиндагlехь дlатебна lийна,
И догlа саццалц са ца хуьлуш тийна,
Цул тlаьхьа, ирс оьцуш, малхе а баьлла :
«Нохчийчоь, ас доккху моз ду хьо» — аьлла,
Цу накхармозано хьо хастош хезча,
Бехк буй сан, Нохчийчоь, хьо сица йезча?!
Бехк буй сан, Нохчийчоь, хьох дог ца лезча?!

Ас накхармозанал хьо хастош хаза
Дош аьлча, сайн маттах lенадеш заза,
Хьо йоцчу махка а вахна кхин бахам
Ас лехахь, каглойла сан ирсан маха!

Минцаев lальви
•дургал — нектар
•динберг — подорожник
•накхармоза — пчела
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дег1аста

Йуха а йарташ т1ехь сенлуш ду к1арраш
Йуха а ц1инлуш ду ламанийн карраш
Дег1аста, Дег1аста, хьох дагайолуш,
Хетарехь, йуха а б1аьсте йу йолуш.

Далла хьо йезарна билгало йу-й те?
Делан мас-маликийн орца и ду-й те
Цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш,
Сел серлайуьйлу хьан маршонан херцарш.

Сан цхьа ког кошахь бу, важа хьан лаьттахь.
Шахидийн ц1ийх заза доккхучу лаьттахь
Дег1аста, Дег1аста, со а ву дийна,
Дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь.

Дагна т1е дог дуьллий, хьоьга ладоьг1уш
Дашна т1е дош дуьллий, хьо Деле йоьхуш.
Хьох дина до1а ду сан некъийн хазна,
Къеначу сан ненан хьох йолу назма.

Сан кхиндерг дацара лардан йа дайа.
Весете дилла йа байракхах айа.
Дуьненчу волуш, цкъа гина хьан бос бен
Мотт 1емаш, дуьххьара хьох аьлла дош бен.

Хьох ведда д1авоьдуш, ведда ц1а вог1уш
Дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш
Сайн эрна кхерстар а хетара хьанал,
Маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана.

Тийналлин к1оргенехь, аьрцанийн к1ожехь
Маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь
Къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас
Некъе ладоьг1уш, цхьа йуьрт хилчахьана.

Ткъа тахна леташ верг, летта д1аволуш.
Ида мел луучун, идда садолуш.
Хьан Са1ди-к1отарахь, хьан х1ора эвлахь
Йогуш йу Дади-юрт, Девкара-эвла.

Дийначун х1усам йац, веллачун каш а.
К1езга ду къанойн дош, хьан къонойн даш а.
Ког ловза меттиг бац, букъ тоха берд а
Мостаг1а хьан оьзда х1у дайа г1ерта.

Хьан латта даьккхина, кхерсташ йу алу.
Хьан стигал яьккхина, 1ожаллин талу
Амма хьо хазлуш йу, 1ийданехь санна,
Хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна.

Ткъа х1инца х1ун ала ас хьох а,сайх а?
Хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а?
Дег1аста, Дег1аста, 1аьмаран Заза.
Со цкъа а гина вац хьо ишта хаза...

Бисултанов Апти
К1ур, к1арраш- дым
•Ц1индала- обновляться;
•Хазна- клад;
•Талу- яд, отрава
;
Арц- проросшая лесом местность.
Ассаламу 1алайкум. Хьоме йешархо, вайн канал т1ехь алсам х1ун ган лаьара хьуна?
Anonymous Poll
84%
Байташ
16%
Суьрташ
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ненан мотт

Хьох лаьцна йаздина,
Дийца а дийцина.
“Хьайна безахь”,бохуш,
Хьеха а хьо бина.
Хьехорах пайда буй,
Хьо хууш ца хилча?
Хьо бийца хуур дуй,
Хьо безаш ца хилча?
Хьо бийца Iемар вац
Дагна хьо ца безарг.
ЙуьхькIайн а лелар вац
Хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.
Хьо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.
Хьо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс йу хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Хьайн хазнех кхиъначун
Вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун
ДIатесна некъ бу хьо.
Ойла хьайца йечун
Бух боцу хIорд бу хьо,
Кхин толош волчунна
Совбаьлла гIирс бу хьо.
Сан чIогIа дог лозу
Хьо ца хууш волчух,
Амма эхь ца хета
Iамо ца гIертачух.
Суна сайн ца хета
Ненан мотт бицбинарг,
БIаьрга ван ца веза
Кхечух и хийцинарг.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий ца дечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт ца хаар-
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар-
Маьттаза вахар ду.
Дагах чекх ов доккхуш,
Iовжамен бийцало,
И дог малхах тардеш,
Хьо сирла бийцало.
Харцонан некъ хадош
Буьрса аз ду хьоьца,
Бакъонна некъ боккхуш
Хьехамен хьо буьйцу.
Суна хьох къахета,
Бийца ца хуучо,
Хьайн куьцах бохийна,
Мерза чам талхийча.
Чов хуьлу сан дагна,
Доггах ца безачо,
Шен гIалат дицдина,
Сийсазбеш,бийцича.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох.
ДоттагIа, варийлахь,
Цунах ма херлолахь;
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй,хаалахь!


Саидов Билал