Вай довзале дуьйна хьалха,
Вайн довзар кечдиначу б1аьстене
Заза дожо сих ма ло алий вайша?
Денош дехачу цу аьхкене
Суьйре герга ехий вайша?
Дог1а доцу де хаьржина,
Некъаш цхьана дахкий вайша?
Цхьаьна доцург дайна ларий,
Вай довзар а деза ларий,
Гуьйре г1ийла ца хилийта,
Цхьаьна даха хьажий вайша?…
Вайн довзар кечдиначу б1аьстене
Заза дожо сих ма ло алий вайша?
Денош дехачу цу аьхкене
Суьйре герга ехий вайша?
Дог1а доцу де хаьржина,
Некъаш цхьана дахкий вайша?
Цхьаьна доцург дайна ларий,
Вай довзар а деза ларий,
Гуьйре г1ийла ца хилийта,
Цхьаьна даха хьажий вайша?…