Нийса ламаз
1.72K subscribers
158 photos
69 videos
2 files
248 links
☀️Маршалла хьуна!

Ламазах дерг хаа лаахь - хьо нийса кхаьчна.
Download Telegram
Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ламаз жамаIатца маьждигехь дар дуьтуш волчо ша Iазапе а, мунепакъ нахах тарваларе а кховдош ву».

(Мажа́лису шахIри рамада́на, агIо: 36)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Хlора Къуръан юккъехь Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) чо бу, и чу а кхоьссина, хи мелча лазар ца кхета бохуш, вайна юккъехь даржош долчу эладитан хьокъехь.
https://t.me/hehamtv1/4690
Ламаз оьцуш меженаш юьлуш хlун деша деза?
Anonymous Quiz
21%
Ашхlад деша деза
13%
Бисмал деша деза
66%
Хlумма а деша ца деза
Куз тlехь нажас хилча

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Куз тIехь стага ламаз деш хилча, цу тIехь (цунах хьакхалуш йоцуш) нажас а йолуш, ша сужуде вахча шен шина куьйгана а, шина когана а юккъехь юьтуш (и нажас, цунах хьакха ца луш, иштта цо дина) цуьнан ламаз нийса хир ду, хIунда аьлча, иза цу нажасах хьакхавелла вац».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 2/227)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Хlара дин туьйранаш дуьйцу дин дац, иштта хиллехь цхьа 1400 шаре даьлла а хир дацара! Мелхо, хlара дин шен цlена бух а болуш, цlена бух болу хlумий бен къобал ца деш долу дин ду!

@adlan_haracho
Ца хуучо а харжа цхьаъ, хlунда аьлча нийса жоп ду гойтуш цу тlехь!
Нийса ламаз pinned «Ниятан меттиг - дог ду Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьуна хоийла ниятан меттиг дог хилар, ният багахь деш дац хьуна цкъа а...АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), я цуьнан асхьабаша (АллахI реза хуьйла царна) ният багахь…»
Ламаз дерзош луш долу салам хьаьнга луш ду?

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хаттар: (Ламаз дерзош луш долу) салам хьаьнга луш ду?
Жоп: ЖамаIатехь иза велахь, салам цаьрга луш лоруш ду, нагахь ша велахь, тIаккха шена аьтто а, аьрро а агIора долчу маликашка луш лоруш ду».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/208)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
«Салам Iалайкум»

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьамма хаттахь: «(Ламаз дерзош) «салам Iалайкум» аьлча кхачам хир буй, «ассаламу Iалайкум» ца олуш?».
Жоп: Хир бу, делахь а, суннат дерг «ассаламу Iалайкум» алар ду».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/209)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Муьлхург нийса ДАЦ хоьтту шуна.
Ламаз оьцуш багара кхема дIабаккхар

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Багара кхема дIабаккхар тIехь дуй (ламаз оьцуш бага хи кхорзучу хенахь), цу буха хи кхочуш ца хилча аьлча, схьагуш дерг иза (дIабаккхар) тIехь цахилар ду, иза (пIелгахь) мухIар дитар санна хIума ду, ткъа мухIар дIадаккхар тIехь дац (ламаз оьцуш), гIоли дерг иза меттаххьадар ду, амма важиб дац и меттаххьадар а, хIунда аьлча Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мухIар лелош хилла, амма цо ламаз оьцуш иза меттаххьадора аьлла деъна хIумма а дац».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 1/209)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Сужудехь ворхI меже охьайиллина латтор

Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Сужуд дича, и ворхI меже сужудера хьалавалалц охьайиллина латтор важиб ду, и бохург - сужудера хьалавалалц куьг, я ког, я мара, я хьаж, я цхьа а меже цу ворхI меженах хьалаайян мегар дац бохург ду. Амма хьалаайяхь, сужудера хьалавалалц айъина а латтаяхь, шеко йоцуш, цуьнан сужуд нийса лорур дац... Амма сужудехь волуш цхьана ханна цо цхьа меже хьала айяхь, масала: ког кIамбелла, вукху когаца иза кIамбеш ког хьалаайби цо (сужудехь волуш), ткъа иштта дерг хьажа везаш хьал ду, цуьнан ламаз нийса хир дац ала а тарло, хIунда аьлча, сужудехь цхьана ханна и рукна кхочуш ца йина цо, ламаз нийса хир ду ала а тарло (иштта хьолехь), хIунда аьлча, хIума дукха долчуьнца дустуш ду, нагахь ша сужудехь волуш дукхах йолу хан и ворхI меже охьайиллина йолуш яьккхинехь кхачам хир бу. Ткъа кху тIе доьгIча-м ца кхоьрруш дерг, цхьа а меже хьала ца ойъуш собаре хилар ду, шен куьг масала, я носта, я ког кIамбеллехь а собаре хилар сужудера ша хьалавалалц».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/116)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«(РукуIера хьалавеъча олуш долчун) диъ куц ду:
Хьалхара куц: «Раббана ва лакал-хьамду» алар.
ШолгIа куц: «Раббана лакал-хьамду» алар.
КхозлагIа куц: «АллахIумма раббана лакал-хьамду» алар.
ДоьалгIа куц: «АллахIумма раббана ва лакал-хьамду» алар.
Царах муьлхха дерг аьлча а (мегар ду) кхачам хир бу, амма гIоли дерг - наггахь хIара олуш, наггахь важа олуш (хуьйцуш) хилар ду».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/98)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «(РукуIехь) наггахь «Субхьана раббиял-Iазым» эр ду, наггахь цу тIе «Ва бихьамдихIи» аьлла тIе а тухуш эр ду, и шиэ а хьадисехь деъна долан дела»».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/94)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
نرحب بك شيخنا ووالدنا، نتشرف بوجودكم معنا


Вайн Шайх Вахьид ву хӀинца кху канал чохь вайца, маьрша вогlийла хьо, тхан лараме, хьоме Шайх!
Шайх Iусайми́на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«(РукуIе вахча) шен ши пхьарс дIасабохуьйтур бу шен шина агIонна тIелатийначера, нагахь (жамаIатехь волуш) уллерачунна новкъарло еш яцахь, амма уллерачунна цунах новкъарло хуьлуш елахь, тIаккха-м, уллерачунна новкъарло а еш, суннат кхочушдан гIертар вац».

(Шархь ал-МумтиI, агIо: 3/90)
https://tlgg.ru/niysa_lamaz
Коронавирус.pdf
797.3 KB
Коронавирусах ларвала бусалба динера лело мегар долу бахьанаш