ТЕШАМЕ НАКЪОСТ ЙОЛУШ ЧЕКХЪЙЕЛИРА ИЗА
(Лоьмас яьккхина "рентген")
(Хьалхара дакъа)
#дагалецамаш
Сан 10-11 шо долуш дар иза, дериг самукъа буьрках ловзар дар сан а, вешин а бериг тхан накъостийн, цхьа а вацар тхуна юкъахь дийнахь буьрках ца ловзуш, буьйсанна гойтуш нисделча телевизор чохь футбол ца хьожуш, деана ло хилча а ловзар, догӏуш догӏа хилча а ловзура, дериг даша дой. Тхан майда оха хаьржинчу хенахь ериг тӏехь баьӏаш долуш яр, цунна тоха мангал, метиг яцар тхоьгахь, цундела оха тӏоьхула идана къар дир ах майдана тӏера баьӏаш, ткъа важа ах, уьш андий дар, тхан голел дар уьш, цара тхо къардира))
Тхан майданна уллехь охьа доьдуш кхин башха кӏорга доцуш хи а дар, наггахь буьрка цу чу южий дӏахьора, арахь шийла яр аьлла ца ӏаш цхьаъ сиха хечин когаш хьала дина хи чу ваьлла тӏаьхьа вада везаш вар))
Иштта цхьана дийнахь буьрканна тӏаьхьа ведда воьдуш и хи чу йожали аьлла сихвелла дӏа кхоссавелла кӏажа цунна дуьхьала биллина кура сацор ю аса и аьлла сай дагахь кхоссавели со, амма сан кӏажа цунна дуьхьала ца нисбелира, нисса цунна тӏе нисбелира, тӏаккха ойла йе ахьа тӏехӏотта безаш болу ког сих керчаш йолу буьрканна тӏехь нисбелча хӏун хир ду! Нийса бах ахьа, изза хилира суна а, секунда ялале сан ши ког стиглахь бар цхьа 1,5 метр гергга лакхахь, ткъа корта лахахь, сай ма-хуьллу дуьхьала ши куьг дилла гӏиртира со охьа кхеташ лаза ца вайта, амма йа лекха ирах кхоьссина хиллехь, йа куьг нис охьадиллина ца хиллехь а охьа кхетча аьрро куьг чӏогӏа лаздира сан, тоха са доцуш лазделира...
Арахь садовш дара, ӏаш долчу меттигана генахь хиларна сиха цӏа даха деза вай аьлла, дӏа дуьйла делла, сайн свитерах сайн куьг коча олла гӏайгӏа бина и коча оьллана вар со, ткъа соьца берш мацбелла бетош охкина бар, со а вар уьш санна батт уллура волуш, амма куьйго дериг дицдинера))
И буьйса чӏогӏа и куьг лозуша дагар хьала даьлла яьккхира аса, ӏуьйранна сама ваьлча и жимма сенделла, дистана кардира, тӏаккха тхан нанас (Аллахӏа декъала йойла иза) лулар Лоьмина гайта деза, Лоьма дика кхеташ ву бах аьлла, цунна тӏе вигира со. Делахь а, Лоьма и куьг гича кхачам бийра болуш ца хиллера...Лоьмина сан куьг шен куьг долуш санна хаадала дезаш хиллера)))))
Хӏинца иштта яздеш беламе ду хӏара, амма цо сан куьйганна тӏехь динарг цхьанна бусулба стагна ма гойла! Ша хьекъала долуш гайта лааро, шена "ца хаьа" ала ца лааро адаме дукха гӏурт кега бойту...
Атта таӏзар дацар Лоьмас суна динарг, аса дагаро воттуш, куьг лозуш яьккхина буьйсанах моз тардира суна Лоьмас. Тхан нана (Аллахӏа къинхетам бойла цунах) со Лоьми кар дӏа а велла, цуьнан зудчуьнга йиста хила дехьа яьллера. Кхин дӏа йолу 10-15 минотехь со Лоьми карахь вар, хиланза велира!... Лоьма ша онда стаг вар. Цо шен пӏелгашца рентген яьккхира сана куьйгана, амма ца яьккхира цхьа тӏоьхула яьккхина ӏад а ӏаш, мелхо шен андий куьйгашца гӏарчӏ аьлла куьг тӏетта ӏуьйдуш, нисса оцу иккхина йолчу даьӏахканна чу пӏелг теӏош, шегахь ницкъ мел бу чӏогӏа, цо дукха лазавеш валлахӏи велха ца вилхинехь а, бӏаьргара шаьш хиш дар охьа оьхуш, цергаш яр вовшаха етталуш кӏац-кӏац деш))
И таӏзар дина ваьлча Лоьмас сацам бира, "кӏентан куьг кагделла!"
Сан дахарехь дуьххьара кагъйелла меже яр иза, иза цхьа сингаттам хеташ хилла волу Лоьми рентген дӏа йирзинчул тӏаьхьа цхьа а сингаттам хала бацар лан... Шолгӏа дийнахь нанас Шела вигира со, лоьранна гайта вуьгу аьлла, цига ваха новкъа ваьлчахьана, нене дехарш деш, гипс ма тохийтахьара ахьа суна бохуш, лор волче чу кхечира тхо, цигахь цара хила ма езза рентген яьккхира суна, делахь а, бакъдерг бакъ хила деза Лоьмас аьлчул сов хӏумам ца элира цара. Лоьма ши куьг жимма буьрса делахь а, говза хиллера. Цара кхин ловза ца веш, гола тӏе кхаччалц хьала гипс тоьхна, и гипс дика йакъа йаллалц дӏаса ма сеттаде куьг аьлла, цара и тохарна оьгӏаза вахана цу чура ара волушшехь сай ма хуьллу сетто вола велира со и гипс йохо, амма куьг гӏийла дар, ткъв гипс сиха йакъалуш хиллера... Цӏа даха новкъа делира Нана а, со а, цӏа кхаччалц хӏара хӏунда тохийти ахьа суна, со иштта толура ма вар бохуш векачара ца соцуш цӏа кхечира.
...

(Шолгӏа дакъа)
#дагалецамаш
...
Лоьраша куьг даима кочахь кхазийта, дӏа вуьжуш улле лекхо гӏайба билли цу тӏе дилли йе аьллера наб, амма цунах гӏуллакх хир доций массарна хаар) цу дийннахь эрча йаккха йолийра сан гипс, 3-4 де а далале ченах керчийча санна ӏаьржа яр, суна диц деллера тӏе цӏена хӏума а йоьхна цхьанхьа воьдуш гипс хийца йиш йоций, сай и боьха гипс а эцна ваха дезий))) тӏе цӏена хӏума йоьхча къасттина хаза хила а хуьлура иза цхьана хенахь кӏайн хилла йолуш, хӏинца модех юьзна, ӏаржъйелла... Кӏира а далале тхойша доккха ши доттагӏ хилира, и гипс кочахь лела ца йо 5 де а дар, и сайн меже йолуш санна тӏе эцнера аса, вуьштта могуш долу куьйгаца дийриг дора цуьнца, буьрках ловза а вола велира кӏира далале, охьа а кхийтира, амма куьг ца лазош ког хадош дӏа дирзира... Иштта ши кӏира дӏа делира, гипс схьа йоккху де тӏе кхечира, амма суна ца лаар и схьа яккхийта, соьца дика, тешаме накъост хилла чекхъйаьлла йар иза))) ткъа шеца тешаме хилларг ларо ма деза хӏораммо, хӏунда аьлча чӏогӏа дегаза хӏума ю и ямартло...
Схьа яьккхира гипс...хӏинца а дага доху суна иза, пхьаьрса кӏелара агӏор тукарца хедош иза дӏа яьккхина... Тӏаккха нанас эли соьга:
- вало дӏа кхосса иза нехаш юккъе!
Амма суна ца лаар иза дӏакхосса, делахь а, нанас аьлла хиларна дог сингаттамах дуьзна долуш, дӏа кхосса вахар со и сайн дукха везавелла волу дика накъост, са куьг тодаллалц суна дика накъост хилла, оццул тешаме накъост хилла соьца чекхйаьлла йолу и сан гипс. Шена дукха везаш волу стаг дӏа а воьллина кешнашкара цӏа воьдуш верг санна цуьнга юха а хьоьжуш, чу вахар со... Нехаш чохь йолу и аьчкан яьшка юьзна яр, цундела сан гипс яьшки чохь къайла яьлла яцара, мелхо а, керт тӏоьхула схьахьоьжуш долу адам санна суна гуш яр иза, цхьа гӏийла суна тӏаьхьа хьоьжуш... Делахь а, со чу вахара кхин вуха ца воьрзуш... Амма чу кхаьчча, валлахӏи кхин а сингаттам сов баьлла, ведда вахан хьа ма еара аса и со могуш воцуш хилча, куьг кагдина, суна со ах адам ду моьттинчу хенахь суна шега далуччул накъосталла деш, со то валлалц, сайца тешаме хилла чекхъйаьлла йолу и дика накъост. Цул тӏаьхьа цхьа ӏаьржа кулек чу а йиллина пена тӏехь лакха тоьхна хьостам тӏе дӏа оьллира аса иза баьрчче. Ехха кхезира иза цигахь))) нана а кхетчух тера дар аса лелочух, кхин дӏа кхосса ца элира цо))) Аллахӏа къинхетам бойла цунах! Алсам хьекъал долуш яр нана... Цул тӏаьхьа сан гипсах хӏун хилира ца хаьа суна, хила там бар суна иза йиц елла аьлла хеттачу хенахь нанас дӏа кхоьссина хила...
Шеца тешаме хилларг вицван ца веза, вай виц вахь ши капек мах бац вайн! Шеца тешаме хиллачуьнца тешаме ца хилар цунна ямартло яр ду, ахьа цунах хӏуъ алахь а...

Цомгуш волу стаг волче баьхкинарш дӏа баха хьебелча цомгашчо аьлла хиллера: "Цомгашунна тӏе хӏуттуш ма хуьлура, ткъа могашчуьнца вахьа хуий ӏаш а ма хуьлура."
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ رَاحَةَ جِسْمٍ رَاجِعَةً إِلَى رَوْحِ بَالٍ
وَسُكُونَ نَفْسٍ مَوْصُولاً بِثَبَاتِ يَقِينٍ
وَأَسْأَلُكَ أَنْ تَجْعَلَ صَدْرِي خِزَانَةَ تَوْحِيدِكَ
وَلِسَانِي مِفْتَاحَ تَمْجِيدِكَ
وَجَوَارِحِي خَدَمَ طَاعَتِكَ
~ أبو حيّان التوحيدي

MOMSAR
«Йа АллахӀ! Аса йоьху Хьоьга синпаргӀатоне йоьрзуш йолу дегӀан паргӀато! Йа АллахӀ аса боьху Хьоьга даггара Хьох тешарца хӀоттабелла болу синтем! Аса доьху Хьоьга Ахьа сан дагах Хьо цхьаъвар шена чу лаьцна йолу хазна яр! Аса доьху Хьоьга сан мотт Ахьа Хьо…
Хӏара доӏа сих-сиха ӏарбо маттахь муха ду хотту вайга...
оц видео кӏелахь дерг ду шуна иза...
...шунна а хуьйла Аллахӏ реза!))
оц видео кӏелахь дерг ду шуна иза...
...шунна а хуьйла Аллахӏ реза!))
Эххар а дериш Аллахӏана хьалха дӏа хӏиттича, Цо соьга хаттахь:
- Сан цхьа гӏийла лайш холчахь болчу хенахь, уьш мел долчух дог дилла герга хиллачу хенахь, хӏун дира ахьа церан доьхна дегнаш эца? Уьш иракарахӏитто хӏун лелийра ахьа?
Хӏумма ала сайн юьхь яцахь а, Къинхетаме, Комаьрша волчу Элано Шен сийсазачу лайна пурба лахь, аса эра ду:
- Хӏай сан Къинхетаме Эла! Хӏуъ хиларх гӏарчӏ аьлла, дӏагӏерташ болчу Хьан тоьллачу лайшаха со ца хиллехь а, хийлаза хӏумма дан ницкъ а, гӏора а доцуш, ши куьг охьа хецнехь а, амма цу холчахь болчаьрца охьа хиъна велха-м ца вилхира со, сай ма-хуьллу цаьрга а ма делха ала гӏиртира, сай цунах гӏуллакх ца хиллехь а... Къинхетам бе Ахьа, йа Робб, йа Рохьийм!...

Вай гӏуллакх гена долуш ду шуна. Уже кхи уровень ю хӏара... Олуш дар: "хьайн махкахь хилча ахьа хьайн леларца гойтург хьайн керт, хьайн дай бу, амма махкара ара ваьлча ахьа гойтург хьайн мохк бу." Хӏинца дуьйна кху чохь вист хилале кастом, сиз долу хеча, рубашка йоьхна, галстук оьллана, коьрта пес тиллина, йовхарш тоьхна аз тодина вист хила веза. Юьхьӏаьржа хитта йиш яц вай, уже кхи тема ю хӏара...
Хӏара Мисрера ӏарбо йиша ю вай канал чу йаьлла масех де хьалха. Бот чу яззина цо... шега "хӏун пайда хуьлу, вайн маттах кхети?" аьлла хаьттича ша гугл-переводчик лела йо бах, пайда хуьлу шена бах. "похожие каналы" чохь гина чу яьлла ша бах, кхин болу бусулба наха хӏун дуьйцу хаа лууш.
___
"Оьрсийн маттахь яз йе, йеха ма йаз йе" бохучарна доккха масал хила деза хӏара... Да-м шайна луург де.

فظيعٌ جهلُ ما يجري
وأفظعُ منه أن تـدري
«Кхераме ду хьуна хӏун хуьлуш ду ца хаар
Ткъа цул кхераме хьуна хӏун хуьлуш ду хаар ду»
Аль-Бараддýний
#адабиййаат

اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ لَذَّةَ مُنَاجَاتِكَ
Аллóхӏумма иннú асъалука лаззата мунáджáтик
Йа Аллахӏ аса доьху Хьоьга Ахьа (ламазехь) Хьайца къамел дайтаран марзо суна йалар
Аллóхӏумма иннú асъалука лаззата мунáджáтик
Йа Аллахӏ аса доьху Хьоьга Ахьа (ламазехь) Хьайца къамел дайтаран марзо суна йалар
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вай лулара Юсуфа яийтина суна хӏара видео, Юсуф хьанал къинхьегамхо ву, цо садаӏа мегар ду.
Хӏара цо яийтича чӏогӏа велар доьссина "дакъаз ма яларг наханна санна жимма йеха и йоза дӏа ца довш ерг яийта ца магар те?" аьлла дага деара суна. Амма жимма ойла йича тӏаьхьа кхиира Юсуф хӏун ала воллу. Юсуф хабарна тӏера вац, суна вовзарехь цхьанна хӏуманехь мало яц Юсуфан къамел дарехь бен. Хӏара видео яийтина кхин дош ца аьлла цо... Амма кхузахь дешнаш оьшуш дац, Юсуф, со хьох кхетта хьуна.
ӏарбоша, африканцаш канал чу боьвлла, кхи уровень ю бохуш кура ма вала бах ахьа, хӏиц дерг жимма ӏийна доцуш ду хӏара дуьне бах-кх ахьа, тахан дерг кхана доцуш.
Дела реза хуьйла, Юсуф, хаза насыхьат ду.

Ма дика накъост ву-кх мацалла ойла тӏе кхиарна а, хьекъална а, хӏума дагахь ӏамарна, ӏамийнарг дага даийтарна а. Цул совнаха мотт тис ца баларна а.
Кхана а, кхана ӏийча а марха кхаба диц ма лолаш, Аллахӏа шайн дахар а, кхалхар а ийманехь хилийтарш!