Ибн аль-Каййим сказал:
Ад-Да́у, стр. 143
«Лишь здоровое сердце в действительности живет. Здоровое сердце это то, которое свободно от многобожия, обиды, ревности, скупости, гордости, любви к этой жизни и лидерства».
Ад-Да́у, стр. 143
сказал ибн-‘Усеймин:
Сл. «Нурун ‘аля-ддарб» 209
«Верующий обязан спешить с покаянием, так как он не знает когда его постигнет смерть».
Сл. «Нурун ‘аля-ддарб» 209
Дукха хан яра со хӀара текст вайн маттахь язъян луъш йолла.
Тахана вайн нохчийн мехкарийн юкъахь — шаьш динехь а, эсала а гойтуш мел хиларх — цхьа тамашийна хӀума даржана ду: соц.сеть чохь вежаршка "подкат" ян гӀертар. И гӀуллакх дукха хьолахь иштта дӀадолало:
1. Тидам тӀебахийтар: Лайкаш яхкар, комменташ язъяр.
2. «Динан» хаттарш: Директе яздо динах лаьцна хаттарш луш санна, амма хан мел йолу и къамел кхечу агӀор доккху.
3. ДӀасаяздар: ТӀеххьара и дерриге а динан къамел чуьра а долуш, маьӀна доцуш, вовшашка яздаре дерзадо.
ХӀай сан йиша, хьан эхь — хьан хазна ю!
Ткъа уггар чӀогӀа тамашийна дерг хӀун ду хаьий шуна? Иштта лелачу мехкарийн профилаш йиллина хьаьжча, цигахь вайна го: Делан дешнаш, хьадисаш, бусалба динан суьрташ…
Цхьа инзаре иман долуш, дин хьалха а даьккхина, «эсала» йижарий санна го шаьш.
Амма и хаза суьрташ а, дешнаш а — иза арахьара чкъор бен дац, нагахь санна хьан «Директ» кхечу кӀенташка яздинчу кехатех юьззина елахь.
Ойла ехьа, йиша:
Иман — иза суьрташ дац: Иза хьан даг чохь хила дезаш ду. Соц.сеть чохь «ийман» гайтар а, амма къайлах кӀенташца ойхьаза къамелаш дар а — иза мунафикъаллин хьесап ду.
Вежарийн тидам: Лайкашца а, «динан хаттаршца» а ахьа кӀентан тидам тӀебахийтар — иза эхь-бехк цахилар ду. Къонахчунна хазахеташ дерг ахьа динах лаьцна луш долу хаттар дац, ахьа хьайн сий лардар ду.
Гураш: Ша динехь ю бохучу йоьӀан а, кӀентан а юкъахь долу къамел — иза доттагӀаллин кепе дерза йиш йолуш дац.
«Эхь — иманх дакъа ду» — аьлла вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Хьан профилехь мел дукха хьадисаш хиларх, нагахь хьан леларехь эхь дацахь, цу дикачу дешнийн хьуна пайда хир бац.

Йижарий, вай бусулб хилар а, вай нохчий хилар а диц ма дайш. Ма де шуьш кӀентий шайх кхарда мегар долуш, ма де дин хьалха а тетташ, шайн лаамаш кхочушбар. Хьан сий а, хьан эхь а — иза хьан уггар йоккха хазна ю. Иза ма дохка маьӀна доцучу лайкашка а, соц.сец тидаме а!