Forwarded from MotionSurt
1индаг1аш by Apti Bisultanov
1индаг1аш - царна а ма деза вовшийн,
бесачу, даима шийлачу царна,
амма шаьш кхоьллина цхьа малх д1абовш бен,
марзонан хама бан-м ца хаьа царна
цкъа цхьана дитта т1ехь дезначу вовшийн,
вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
дисинчу 1индаг1ийн мох меттахъхьовш бен,
вовшех ца хьакхало дог1маш я г1енаш
я Аллах1 ма марзо хила а еза-кх
цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
доьдучу хи т1е чуэгначу церан!
эсалчу экамчу марзонан шовкъехь
дегадар эгадар бу церан мотт а,
шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар
1индаг1аш - царна а ца лаьа х1инца
бузучу цу малхе х1умма а хетта -
эгадеш марзонан х1ора а цинцах
вай а вайн 1индаг1аш хиларх со кхетта
цу дакъаделлачу диттана т1ера
ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
меттаххьов, 1индаг1ийн санна, сан кхерам -
там бара со царел хьалха д1авала!
1индаг1аш - царна а ма деза вовшийн,
бесачу, даима шийлачу царна,
амма шаьш кхоьллина цхьа малх д1абовш бен,
марзонан хама бан-м ца хаьа царна
цкъа цхьана дитта т1ехь дезначу вовшийн,
вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
дисинчу 1индаг1ийн мох меттахъхьовш бен,
вовшех ца хьакхало дог1маш я г1енаш
я Аллах1 ма марзо хила а еза-кх
цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
доьдучу хи т1е чуэгначу церан!
эсалчу экамчу марзонан шовкъехь
дегадар эгадар бу церан мотт а,
шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар
1индаг1аш - царна а ца лаьа х1инца
бузучу цу малхе х1умма а хетта -
эгадеш марзонан х1ора а цинцах
вай а вайн 1индаг1аш хиларх со кхетта
цу дакъаделлачу диттана т1ера
ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
меттаххьов, 1индаг1ийн санна, сан кхерам -
там бара со царел хьалха д1авала!
Жизнь, это промежуток с перепрыгивающими дорогу на твоем пути оленями
Люди как кошки, иногда становится так скучно, что играют со своим хвостом
Forwarded from Astimar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Когда на работе попросили помочь подвинуть шкаф.
Для кого-то все твои заслуги и старания полные бессонных ночей всего лишь «хм»
Высший уровень личного счастья, это когда переживая о чьём-либо счастье ты пам-парам-пам-пау
У меня друзья из того поколения, что оставляют свою мобилу и уходят. Потом найди их.