hazayoza🕊
1.2K subscribers
145 photos
264 videos
21 files
42 links
Download Telegram
Йоьlан сий

И дIадолош суна дало лаьа нохчийн йоьlaн сийлаллех дуьйцучохь Гелдаганахь ваьхначу илланчас Галаев Бутас хlоразза а шен цхьана илли тlера далош хилла шина доттагIчун къамел:
«Мехкарий баьрчче ховшийна, шаьш дуьхехь тардалар шун къоман гӀиллакх ду, йа хӀусаман гатто йу? — хаьттина боху бенойн Аьстамаре шена диначу ловзаргахь Гуьржехара веанчу цуьнан деган доттагlчо».
«Сан ваша, — аьлла, бах, хIусамдас шен хьеше, — Йистйоцуш лекха ду
Нохчийчохь йоьlан сий. Ойлайеш, ладогlа ас далочу дешнашка, хьо атта кхетар ву цу нохчийн Iедалах :

Къонахчун эхь ма ду ва нохчийн йоьlан эхь,
Къонахчун бехк ма бу ва нохчийн йоьlан бехк,
Къонахчун сий деца ва нохчийн йоьlан сий.
Къонах ша ирсе веш, ирс луш йерг и йеца,
Къонах ша декъалво бахам а и беца,
Къонах ша вохуьйту мерза са цуьнгахь ду.
Тхан йохьан, тхан йуьхьан, доьналлин да и йу,

— тIаккха догӀуш хетий хьуна къонахаша цуьнца баьрче къийсар?»
«Делора ца хета, — олуш, мекхаш хьовзийна, доттагIчун дешнашна тӀетайначу хьешо».

Иштта, чохь, арахь, диканехь, вонехь цхьаьна нисбеллачохь йоI (кхиъна, кхиаза башхалла ца хилла), зуда ирахь а лаьтташ охьаховшуш ца хилла нохчийн къонахий, нагахь иза царна кхача кечбеш йа йуург охьайуьллуш йацахь. Вайн дайн хенахь иштта ирахь лаьтташ йоl (зуда) ган амал ца хилла нохчийн ловзаргахь а, синкъерамехь а. Кхин царна охьахаа меттиг бацахь, уггаре боккха лерам болчо масал а гойтуш, къонахаша царна дӀалуш хилла хӀусамдас шайна хӀиттийна гӀенташ.


«Нохчийн йоl»
(мехкарийн сийлаллех)
Уциев Абу.
Йоьlан сий

Зудчунна, йоlана, нана вай йуьйцур а йац, дехар ца делча, эхь хилла нохчийн къонахчунна.
Цундела, ша цунна муьлхха а дехар ца делча, ца волий хууш, боху Мадин Жаьммарзас, къонахчуьнгахь товш доцург алий, ша йуьхьаьржа ца хlоттор доьхуш : «КӀенташлахь осал
дош дийца ма ала, буоберашна къола дай, къу хила ма ала, маьрша стаг вийна, юьртах вала ма ала...»

Зудчун сий-ларамах дерг тӀедузуш ма ду вайн къоман геннара схьадогӀу йоlа, зудчо йукъа йовлакх кхоьссича,
дов а, чIир а йуьту гӀиллакх. Аьлча а, йоlе корта lopa баккхийтина, тӀаьхьарчу тlаьхьенна а тlехь дуьсу долу эхь ца деш, валар гӀоле хилла къонахчунна.

Уциев Абу
Хьехархо.

Хьехархо-лехархо
Дегнаш тlе некъаш,
Iамаван дешархо
Виллина вецаш,
Кегийчу синошна
Хьайх хилла ага,
Ваьгна дlавалахь а,
Серло луш вага.
Олу а, йазден а
Хlора дош оьзна,
Чохь, арахь леларехь
Боккху ког оьзда,
Болх безаш хи санна,
Хьагвелча молу,
Нисвелла, пха санна,
Озийна болу,
Амалехь боцуш хьайн
Цхьа а зил гома,
Иманехь кхиадеш
Бераш вайн къоман,
Кан хьекъаш гlатта
Кханенна хирриг,
Хьан гlуллакх — дlатасар
Хаарийн буьртиг.

Цуцаев l
«ЗАХАЛО»
☆йа нохчийн доьзал кхолларан гӀиллакхаш☆

«Малх хьаьжначу дийнахь а, стогар латабай бен, ма де захало», — аьлла кица ду вайн халкъан. Ши бӀаьрг баьллий, хьекъалца, кхетамца харжа кIантана дало нускал а, шайн
йоl маре йала кӀант а бохург ду и.
Йа шаьш гергарло тосучу нехан орамаш довза — хаа уьш хӀун нах бу йа нах буй...
Вайн дайн заманахь хьаьнг-хьаьнга а маре йохуьйтуш ца хилла наха шайн йоӀ. КӀант хьал долчу йа мелла а таро
йолчу нехан хила веза бохург дац и. Нуц хила араваьлларг уггаре хьалха шен бийца орам а, диканца хьахо дай а болуш хила везна. Тlаккха — адамашна гайта шен йуьхь йолуш: собарца, бакъонца, нийса, тешаме, хьанал, дош цхьаъ долуш хиларца.
«Йуьгург стаг велахь, тӀулга тӀехь а кхоллалур ду къоначаьрга шайн ирс, — боху цунах лаьцна кицано, — йуьгург стаг вацахь, дуьне цуьнан долахь делахь а, бартаца, безамца ирсе дахар кхиъна, хайра долуш охьа а ховшур бац уьш».
Шен бийца орам а болуш, схьайаьллачу цӀийнан сийлалла
а йевзаш хилла кӀанта йоло къастайо йоl. Дикачу къонахчунна санна, чохь, арахь, шайн йуьртахь, кӀоштахь адамашлахь ларамца йаккха цӀе эшна цунна а. «Орам ледара болчу синтаран гон тlе баьлла стом а хуьлу ледара», — олура захало хьахаделлачохь махкахь а шен йаккха цlе хиллачу Ӏеламстага
Мадин Махьмуда.
Иштта, и орамаш ледара долчу йа диканца йаккха цlе йоцчу дех-ненах схьабаьлла доьзал а хиндерг доцуш хилар зеделла халкъана.

Цундела деза а, доккхачу жоьпаллин а гӀуллакх лаьрра шаьш йукъадоккху захало. Йа сих ца луш, кӀентан, йоьlан
доьналла, гӀиллакх-оьздангалла, сий-ларам, цlенна пайденна хилар девзина ца lаш, хиндолчу марден, марненан амалш а толлуш хилла. Аьлча а, ларбелла шайна ледара тlаьхье лун йолу доьзалш кхоллабаларх.

Уциев Абу🌙
хийла сатийсинарг суьйренга вели...
Iуьйрене хьоьжучохь са дегlах дели.
хьоьга ладоьгlначохь къарвелла вели со,
хьан амат лоьхучохь бlарзвелла вели со.

хьоьга сатийсинарг са кхаьчна виси-те,
хьоьга ладийгlинарг гlорасиз хили-те?
хьоьга сан дехар дар, къемата къа хили.
хьан йист ца хиларо а lожалле вилли...

хьан дешнех ца тешшал со къера вацара.
хьоьха сан догдахар осала дацара.
хьан хlора дош а лардеш со хьоьца вахар,
ма декъаза хилла со, дацахь кхин дахар.

25.09.2023 шо
Папаев Хьамзат
АХЬ МУЬЛХАЧУ ГlАТ (ЭТАЖ) ТІЕРА КХОЬССИНА?

Лаьцна нах чубоьхкина лагерехь нохчий, оьрсий вовшахкхетта хилла.
Ткъа лагерехь гергарло дӀатосуш вовшашка хаттар ма дойца: ахь хIун дина, хьо стенна хан тоьхна ву? — олий.
Массо а ша-ша дина зулам лакхар дийца а, ала а гIерташ хилла. Зулам доккха мел ди а, лакхар хуьлу церан.
Цхьаьна кхеттачу оьрсийчо а, нохчочо а дина вовшашка иштта
хаттарш.
Нохчочо хаьттира, боху: Иван, ахь хIун дина, хьуна мел хан тоьхна?
Ивана жоп делира, боху:
— Жену бросил и дали 10 лет.
— Вай, как это так, я тири раз брасал мне ничего?!
Тlаккха цецваьллачу Ивана хаьттира, боху:
— Ахмет, а с какого этажа ты бросил их?
— Не-е-ет! Я так борсал, вигоняль и шариатский развод давал и домой отпоравлял. 😂

— А-а-а, Ахмет, ты не понял! Это я свою жену бросил с третьего
этажа, поэтому мне дали десять лет.

«ИСБАЬХЬА ШОВДА 2»
БАСНАКЪИН ВАХЬИДАН МАХЬМА
🔸️ЗАХАЛО🔸️
•йа нохчийн доьзал кхолларан гӀиллакх•

КӀеззиг хан хьалха хилла хӀума ду и. Ламанца йолчу йуьртара охьайеана, базарахь йохк-эцар лелош йолу цхьа йоl (нехан зуда) хазйелла Соьлжа-ГӀалахь вехачу жимчу стагана. Йоlа мах бечу меттигана йуххехь туька хиллачух тера ду цуьнан. Генара гар бен, йовза ца кхиъначу кӀантана и
нехан зуда йуй ца хиъна. Кхуьнца а, йа нахаца а бала боцуш, зуда шен декъаза мах беш хилла.
Иштта, цхьа хан йаьлча, маларх кхетта веанчу кӀанта нах боцчохь тӀехйаьккхина забар йина оцу зудчуьнца.

ОьгIазйаханчу вукхо, «лерган йух йохйина», ша нехан зуда хилар а, шега забарш йойтург цахилар а дlахаийтина
цуьнга. Ша йолчу агlор ког баккхахь мегар дац а аьлла.
Ца тешна кӀант оццул хаза а, жима а йолу иза нехан зуда хиларх. Накъостаца кӀело йина, балха йогӀуш лаьцна, боккха ницкъ беш, йадийна.

Йукъахьаьвзина къаной машар бан кхиале, йишин марзошка ца хьоьжуш, аралилхинчу вежарша, вижинчуьра
гӀаттийна, оцу буссехь вийна куьг бехкениг а, цуьнца хилла
зуламан накъост а.

Чlир хьейар доцуш: «Шуьга ала дош дац тхан, аша лардинарг шайн сий ду», — аьлла, битина, бах, уьш шина
кӀентан верасаша.

«Хьекъал доцуш динарг, зулам хуьлий доьрзу», — баьхна вайн дайша.

Уциев Абу
Ассаламу lалайкум!
Йеша а, ладогlа а шун таро хир йу къона йаздархо волчу
[Шахабов СС] ойланашка,
кху чохь

👇🏻

https://t.me/shakhabovSS

Озе(озвучка) йохург со ву.
Мехкарша летайо цӀераш,
Дуьххьарий, тӀаьххьарий де ган.
Хьо ма йац цхьаннах а тера,
Хьо ма йац цхьаьнца а мегаш.

Зарзаро йекайо эшарш,
Делхадеш бешара зезаг...
Хьо ма йац цхьаннах а йешаш,
Хьан ма бац цхьаьнга а безам...

Оспанов Къосум
Сан бешахь самукъне дийкира чlоб,
Де-буьйса ца къаьсташ, хенан раж йоьхна...
Доцучу хаттарна карадац жоп,
Долучу хаттарна-м вай а букъ тоьхна.

Цу маьлхан зӀаьнарийн и дашо цӀов,
Хьан коча ас олларх, кхачам хир боцуш,
Йара хьо цецвийллал хазйелла сов,
БӀаьрзечу безаман доза а доцуш.

Кхоьлина ойланаш, хӀоьттина дохк,
Со лелла хIумма а ца гуш кхин гонах.
Ас эрна, мах боцуш, дагийна дог,
Ас эрна текхийна и Татин гота.

Сан бешахь цхьа гIийла декаш ду чlоб,
Хlора хан, хlора сахьт билгал а доккхуш...
Доцучу хаттарна ца эшарх жоп,
Долучу хаттаро паргIат ца воккху.

Цуруев Шарип
Массо а Делан де санначу дийнахь,
Сан ткъе массийтта шо кхочучу дийнахь,
Гlайгlане хуьлу со, дийца йиш йоцуш,
Дийцарах, дийна дегl тешар а доцуш.

Мухlажар-олхазарш, тloмaчу церан,
Хетарехь, ойла а тlома йу церан...
Гуьйре, хьо хьалха йу, аьлла а доцуш,
Даим сатуьйсу ас хьоьга, хьо йоцуш.

Гlалара — йуьрта, йа йуьртара гlала
Вай а идийна вайн харц-синош, ала.
Къинхетам, хьоьца хьайн цхьа хьаса боцуш,
Цхьаьллиг-цхьаъ вац кхузахь валар тlехь доцуш.

Паччахьийн бакъонаш чlагlйина гlирсаш,
Куц-хьарам мехкарий, оьланаш ирсан...
Цlе йаьлла хlордашка, йайалур йоцуш,
Бала а балане айалур боцуш.

Ас айса бойна сайн тешаман огlа¹,
И бахьна холчохь а хилла со чlогlа.
Йа синтем, йа кхин тем хила хан йоцуш,
Сан лорах лар йан сан lожалла йоцуш.

Дозаллийн дозанаш чу-ара ийзош,
Цкъеллиг-цкъа ца хиндерг нахана — нийсо.
И гома дегl-маша сурт бен кхин доцуш,
Вайн дов а, машар а жоьпан да воцуш.

Оспанов Къосум

¹Огlа — агlо (диал)