Дешар-серло
69 subscribers
258 photos
216 videos
6 files
126 links
Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Алийша ла илахla иллаллахl, декъала хира ду шу»

(Ибну Хьиббан: 6562)

https://t.me/dikadeerg
Download Telegram
Аллахlе хьайн доlанна жоп далийта хьо лууш велахь, цкъа хьалха ахь лолахь цу Аллахlана жоп - Цо бохучунна муьтlахь хиларца.
ДоIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца деш.
Муххале а, доIа хIаваъ санна леладе. Хьайн Деле массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а.
ЧІогӀа ирча кхаъ бу, ВаллахӀи букх. Амма цхьабакъ ду, цхьа а бала ма ца боху, йа цхьа а во ма ца доху, шена тӀехьа дика долуш бен, шена тӀехьа паргӀато йохьуш бен!
الحمد الله على كل حال
Муса пайхамар (IалайхIис-сала́м) дакхош жима бер долчу хенахь хи чу кхоьссича, хи буха ца вахана, шегахь чIогIа гIийла хьал доллушехь. Ткъа фирIавн шегахь чIогIа ницкъ боллушехь, хи буха вахана.

Хьайн болх массо хIума кхоьллина волчу АллахIе дIа а лой, сина паргIат хила хьо. Цо хьуна яздинарг бен хир дац хьуна!
✏️Имам Шафиlис (رحمه الله)аьлла:

«Имам Малика шеца къовсавала цхьаъ веачи цуьнга алара:"Со сайн динехь цхьанна а хlумангахь шеконехь вац, ткъа хьо шеконехь ву, цундела хьой санна шеконехь верг лахе, цуьнца къийсало."»

📚"Сияру аlлам ан-нубаляъ (8/99)"
Иманехь волуш, мискачу стага тlе захлу даийтича, цунна реза ца хуьлу вай, ткъа хьал долуш волуш lесачу стага захлу даийтича, «Дала нисвийра вар иза-м» оле, реза хуьлу вай цунна.

Хlунда ца олу вай оцу миска стага захлу даийтича "Дала рицкъ лур дар цуьна-м"?!

И lеса стаг нисвеш Верг, ницкъ кхочуш Вац, цу мискачу стагана рицкъ дала?!
Пайхамара (саллаллох|у |алайх|и васаллам) аьлла:

Аллах|а шена дика да луучунна, динах кхетар ло…


(Бухари:3116 Муслим:1037)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Аль Хасан Аль Басрийна тIе а веана цхьана стага аьлла: «Аллахlaн Iеса хуьлу со, къинош до ас, хIетте а, Аллахla дуьне делла суна. Со хеташ вац, АллахIа cо цхьанне хIуманах ваьккхина ву аьлла!»

Ал-Хьасана хаьттина цуьнга: «Буьйсанна ламазна гIоттуш вуй хьо?!»

Стага аьлла: «Вац».

Ал-Хьасан Ал-Басрийс аьлла цуьнга: «Тоьуш ду-кх Аллахlа хьо цунах ваккхар!»
Аллахlах кхоьручунна муьлххачу а халачу киртигера кlелхьараволийла ло Цо..

(Къуръан 65:2)


Ибну-ль-Жавзийса боху:

Цхьа хала хьал хlоьттанера соьга, даима гlайгlане, сингаттаме латтош вара цо со. Дукха ойла йинера аса, и гlайгlанаш сингаттамаш хlун дича дlа бевра бара техь бохуш, цхьа а некъ карош бацара суна. Эххарен а хlокху аятан тlе нисвелира со - «Аллахах кхоьручунна мулххачу
а халонах келхьараволийла ло Цо»
, - аьлла долу. Таккха суна хиира, Делах кхерар - иза мулхха а сингаттамах къелхьаравоккхуш бахьана дуй. Тlаккха и Делах кхерар кхочушдан сан lалашо кхолла ма еллана кхелхьарволийла (выход) карира суна.

(Сойдуль-Xlотыр, 204)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Iеламнаха боху: «Мультикашка хьежаро бер доккха хилча а шен бераллехь дуьсуьйту, хьекъал а, кхетам а и мультик санна дуьсу цуьнан. Къонах ца кхуьу цунах».

Мультикаш чуьра а, ловзарш чуьра а шайолу цIе хаьа берашна, амма вайн динах хIумма а ца хаьа! Бехк а бац церан ца хиъча а. Дийнахь а, буса а шайна гуш-хезаш дерг бен хаа йиш а ма яц царна. Цундела мультикашца а, ловзаршца а кхиънарг къонах кхуьур вац, мелхо, шен бераллехь вуьсур ву и.
Иманехь а, динехь а хир ву Элчанан а (Делера салам-маршалла хуьйла цунна), цуьнан асхьабийн а дийцаршца кхиънарг, иштта къонах а хир ву цу къонахийн дийцаршца кхиънарг. Элчано (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) ма-аллара, дас-нанас кхиа ма-дарра кхуьу бер
Хаттаршна жоьпаш
Ӏакъидатан Академин 2-гӀа курс
3:22 - Жоьжахати тlехула долу тlай тlехула дехьа вала хlун дан деза, когаш ца шершийта а, цигахь Аллахlа нур деллачарех хила а?


6:30 - Йоl маре йоьдуш нийса доцу духарш эцар


11:00 - Хьижама сихьран, бlаьрган ян меги?

13:25 - Пхьегlашна тlе хlума тоха аьлла хьадис бух болуш дуй?
ЦӀера хенац:

ФикъхӀ: 18:00

ГӀиллвкхаш: 19:00