"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
1.36K subscribers
8.32K photos
3.11K videos
430 links
Республикин газет

@daymohkrg_bot - тхоьца зӀе
Download Telegram
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана республикин законодательни а, кхочушдаран а Iедалан органийн векалшца а, правительствон декъашхошца а, кIоштийн куьйгалхошца а кхеташо дIайаьхьира. Цигахь дийцаре дира Россин Федерацин президентан харжамаш дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакх.

Шен докладехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа хаийтира, Нохчийн Республикехь регистраци йинчу харжамхойн терахь бархI бIе эзар сов стаг хилар а, оцу балхана йукъаозийна майданийн 20 а, куьпийн пхи бIе ткъа а комисси хилар а. Вовшахтохаран-технически коьртачу мероприятийн план тIе а чIагIийна, иштта доккхачу маьIнийн тIедахкарш а дина.

Нохчийн Республика тайп-тайпанчу тIегIанехь харжамаш дIабахьаран зеделларг долуш йу. 2018-чу шарахь Россин Федерацин Президентан харжамашкахь республикерчу дезткъа процент харжамхоша дакъалаьцна. Цо билгалдоккху Нохчийн Республикин бахархойн пачхьалкхан йукъараллин-политикин дахарехь жигара дакъалаца лаам хилар.
2023-чу шарахь Нохчийн Республикехь 1277 цIе йаьлла, цунах кIелхьарадаьккхинарг 139 адам дара. Иштта хаам бина Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллехь.

ЦIе йийларш дукха хьолахь нисделла ду хIусамаш чохь. Церан коьрта бахьанаш нислора тоькан гIирсашца лелон йеза кхерамазаллин бакъонаш талхор. Уггаре а дукха цIераш йийлина Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь а, ткъа уггаре а кIезиг – Шуьтан а, Итум-Кхаьллан а, Шаройн а, Веданан а кIошташкахь.

Ведомствехь хаам барехь, цIераш йийларан терахь лахдахаран Iалашонца республикехь дIахьош профилактикин боккха болх бу. Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин белхахоша боккха тидам тIебахийтина берашна оцу декъехь йолу кхерамазаллин бакъонаш дIахьехарна.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
Соьлжа-ГIалин Ахьмадан кIоштахь даздаран хьолехь пхи бIе гергга меттигна лерина керла маьждиг схьадиллина. Динан керла объектана йукъайогIу ши бIе дешархочунна лерина хьуьжар а.

Мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчас, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, иштта кхиболчу официальни наха а.

Билгалдаккха догIу, маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу йукъараллин фондан чоьтах хьаладина хилар.

Маьждиг дина ду Исламан ламасталлин архитектурин кепехь. Цу чохь йу божаршна а, зударшна а ламаз дарна лерина йолу коьрта залаш, Сийлахь Къуръан Iаморна лерина чоьнаш а.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Раджаб бутт болабаларца доьзна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчин, Нохчийчоьнан муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин кост.

Раджаб беттан 1-ра де кхолламан беттан 13-чохь нислуш ду.
ТӀеман лерринчу операцин дакъалацархойх лаьцначу тоьллачу социальни видеокийсакан къовсам хӀинца а дӀахьош бу.

Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца дӀакхайкхийна бу иза, 1 млн ₽ совгӀат а долуш.

Цул сов, 2-3-гӀий меттигаш йаьхна дакъалацархошна деза совгӀаташ дийр ду.

Видеокийсакаш WhatsApp йа Telegram чу схьатаса йезаш йу.

Лоьмар: 8(928)893-85-82.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
Бекарг беттан 15-чу дийнахь дуьйна 20.gorodsreda.ru сайта тIехь Нохчийн Республикин бахархойн таро хир йу Ерригроссин онлайн-кхажтасаран гурашкахь майданаш тойарна лерина кхаьжнаш таса.

Платформи тIехь хьовсархойн кхиэлехь хир йу Соьлжа-ГIалахь а, Аргунехь а, иштта, Гуьмсан а, Курчалойн а, Шелан а, ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а кIошташкахь йолу майданаш. 

Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман, гIишлойаран  министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаьккхира, майданаш карлайахаран болх «Соьлжа-ГIалин бегIийла хьелаш» цIе йолчу программин гурашкахь дIахьош хилар. Программа кхочушйаран ворхI шарахь тойина 640 майда.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
2024-чу шарна автотранспорт а, медицинин гIирсаш а эцаран план кхочушйина Нохчийн Республико. Цу хьокъехь хаам бина Россин Федерацин могашалла Iалашйаран министерствон Оперативни штабан селекторни кхеташонехь.

Дукха хьолахь, кхеташонехь дийцаре дина «Могашалла Iалашйаран йуьхьанцара дакъа кхиор» федеральни проект а, «Могашалла Iалашйар» къоман проектан гурашкахь билгалйаьккхина бюджет а кхочушйар.

Бовзийтинчу хаамашца, РФ-н Правительствон тIаьхьалонан фондан 2023-чу шарахь Нохчийн Республикина билгалдаьккхина ахча 100 процентана догIуче дIакхачийна.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тобольскера 7 шо долчу йоӀа Керлачу шарна шена совгӀат дарна баркалла аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна.

Тобольскерчу заьӀап йахархочо Шукурова Элайс Кадыров Рамзане кехат йаздинера. Цу тӀехь цо хаийтинера ша Соьлжа-ГӀала Керла шо дазда йан лууш хилар.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан хаамийн министерствос цуьнан лаам кхочушбаран Ӏалашонца Соьлжа-ГӀала кхайкхинера иза. Делахь а, ШукуровгӀеран доьзалан аьтто ца хилира даздаршка бахка.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан цӀарах совгӀаташ дахьийтинера Элайна. ЙоӀа а, цуьнан да-нанас а Кадыров Рамзанна баркалла олуш видеокийсак йаийтина
Россин зорбанан денна лерина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташна экскурси йира республикин зорбанан изданешкахула.

Студентийн аьтто хилира зорбанан хаамийн гӀирсийн болх бовза а, шайна лууш долу хаттарш дала а.

Экскурси дӀахьош уьш хилира "Даймохк", "Вести республики", "Исламан зӀаьнарш", "Наша школа" газетийн а, "Орга", "Вайнах", "СтелаӀад", "Нана" журналийн а редакцешкахь.

Россин зорбанан де хӀора а шарахь билгалдоккхуш ду кхолламан беттан 13-чу дийнахь.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
Лараме махкахой!

Зорбанан шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахь къа мел хьоьгучун дезде ларалуш ду тахана билгалдоккхуш долу Россин зорбанан де.

Нохчийн Республикин «Даймохк» газето Россин зорбанан денца даггара декъалво тахана нохчийн зорбанан хаамийн гIирсаш кхиаран новкъахь массо а накъосталла деш схьавогIуш волу Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гIоьнча, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, иштта нохчийн зорбанца гIуллакх мел долу вайн махкара хIора вахархо а.

Тахана Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана доккха гIо-накъосталла а деш, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон долахь а долуш, республикин тӀегӀанехь арахоьцуш 4 газет ду Нохчийчохь: "Даймохк", "Вести республики", "Наша школа. ЧР", "Исламан зӀаьнарш". Иштта зорбатухуш 4 журнал а ду: "Орга", "Нана", "СтелаӀад", "Вайнах".

(КхидӀа комментарешкахь)
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров #ВсеНаВыборы #ЗаПутина
Нохчийн меттан абатна лерина хӀоллам буй хаьий шуна Соьлжа-ГӀалахь?..

📍Соьлжа-ГӀала, Кишиева Субрин урам, 45 (Нохчийн меттан институт)