Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Чиллин беттан 23-гӀа де нохчийн халкъан историн уггаре а бохамечу денойх цхьаъ ду.
Вайн халкъ, шен махках а, пачхьалкхаллах а доккхуш, Йуккъерчу Азин а, Сибрехан а аренашка хьажийна 80 шо кхаьчна тахана.
Некъан йохалла, мацалла, шело, лазарш, цамгарш бахьанаш долуш кхелхина тӀехдукха вайн нах, шайн бехк шаьш нохчий хилар бен боцуш.
Цул тӀаьхьа, шайн цхьа а бакъо а йоцуш, хийрачу мехкийн аренашкахь дехха 13 шо а даьккхина нохчаша.
И шераш, цхьа де йукъара ца долуш, шен Даймахке сатийсарца даьккхина вайн халкъо.
Сталин Иосифан а, цуьнан хьадалчийн а къизалло шина декъе декъна вайн халкъан дахар.
Делахь а, тахана, Делан къинхетамца, куьйгаллехь Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а волуш, вайн халкъ шен Даймахкахь а, шен махкана олалла деш а ду.
1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахьлера бохаме хиламаш кхин цкъа а ма Ӏовшийла вайн халкъо! Шен къинхетамах ма дохийла вай АллахӀа!

Палестинера Нохчийн Республике схьабаьхкинчу мухӀажаршна лерина Соьлжа-ГӀалахь коттеджаш йаран болх жигара дӀахьош бу. Иштта хаам бина Соьлжа-ГӀалин Мэрис.
Поселок Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀоштахь хир йу. Цу йукъадогӀур ду дукхапетарийн 5 цӀа. Уьш лерина хир ду 35 петарна. Цо дӀалоцур йу 4200 квадратан метр. Карарчу хенахь объектехь котлованаш йаран болх берзийна.
Ведомствос хаам барехь, объект йаран болх чекхбаккха лерина ду асаран баттахь йан мангалан беттан йуьххьехь.
Дагадоуьйту, таханлерчу дийнахь республикехь Палестинера схьавеана 206 мухӀажар вехаш хилар. Царна лерина хӀусамаш йаран болх кхолламан баттахь дӀаболорехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Царна леринчу поселкана уллехь школа а, берийн беш а йу.

Къизачу Сталина халкъаш махкахдохуш кхелхинчеран гергарчаьрга кадам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
"Тахана вайн исторехь уггаре а лазамечу дийнех цхьаъ ду. 80 шо хьалха неӀалтхиларо Иосиф Сталина шен омрица нохчийн а, гӀалгӀайн а халкъаш Йуккъерчу Азин а, Сибрехан а аренашка хьовсийна хилла", - йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.
"Чечевица" цӀе йолу и къиза операци дӀайахьарна тӀехь куьйгалла деш Берия Лаврентий хилла. Республикин Мехк-Дас билгалдаьккхина, цара и къиза зулам дар бахьана долуш дуккха а адам кхелхина хилар.

Шен махках а, пачхьалкхаллах а доккхуш, нохчийн халкъ Йуккъерчу Азин а, Сибрехан а аренашка хьажийнчу бохаман 80 шо кхачар билгалдаьккхира тахана Соьлжа-ГӀалин йуккъехь.
Гуламан коьртехь хиллачу Парламентан спикера Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан кост дӀадийшира гулбеллачарна.
Ткъа уьш алссам бара, шайн могӀарехь, Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан а декъашхой а, бакъонаш ларйаран органийн буьйранчаш а, Ӏилманчаш а, Ӏеламнах а болуш.
"Тахана нохчийн хӀора а доьзал махках баьхна нах дагалоцуш бу. Вай цкъа а диц дийр дац Даймехкан Сийлахь Боккхачу тӀамехь дакъалоцуш вайн къоман майра кӀентий а болуш, оцу къизачу Ӏедало вайн къомана тӀехь динарг" - билгалдаьккхина Мехк-Дас шен коста тӀехь
Ӏилманийн академин президента Умаров Джамбулата оцу бохамца йоьзначу историн а, хиламийн а агӀонаш йовзийтира.
Шайн Даймахке са а туьйсуш, хийрачу мехкийн аренашкахь бакъдуьнена бирзина нохчий дага а лоцуш, динчу доӀанца дӀабирзира гулам.

Кадыров Рамзана хаам ма-барра, Пачхьалкхан Куьйгалхочунна довза лиира Нохчийн Республикера социальни-экономикин хьал а, регион кхиорехула 2024-чу шарна лерина гӀуллакхаш а.
«Ас цунна дийцира республика кхиорехь Федеральни центран къаьсттина коьрта тидам тIебахийта безачу ладамечу агlонех а, инвестицийн проектех а лаьцна. Гуттар ма-хиллара, цхьа гIуллакх а дац Владимир Владимировича тидаме ца оьцуш дитина. Нохчийн Республикин чоьхьарчу хиламашна вайн Президента кхоччуш тидам тlе ца бохуьйтуш чекхдолуш дац и санна долу цхьа а цхьаьнакхетар. Хlоразза а, кхоччуш бlегlийлаш йолу сацамаш тlе а оьцу чаккхенехь», - билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Кремлехь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь Путин Владимира Кадыров Рамзане хаьттира ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойн гӀуллакхийн хьокъехь. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Пачхьалкхан Куьйгалхочунна дийцира тӀеман подразделенийн хьолах лаьцна.
"Муьллхачу хенахь ТӀеман лерринчу операце дӀахьоче дӀайахийта кийчча лаьтташ подразделенеш хилар а хаийтира ас. Путин Владимира лаккхара мах хадийра нохчийн бӀаьхойн, баркалла элира тӀеман лерринчу операцехь кхиамаш бахарна. Ткъа иштта, цо уьш декъалбира Даймехкан гӀаролхочун денца" - йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад США-н санкцешна йукъавахийтина. Ӏамаркан минфино зорбане йаьккхина санкцийн список.
Санкцийн список йукъавахийтаро США-хь йолу активаш дӀакъовлу, Ӏамаркан гражданашна а, компанешна а доьхку спискаш йукъахь болучаьрца бизнес лелор.
Дагадоуьйту, США-с а, Евросоюзо а цу тайпа санкцеш Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан командин декъашхошна а сих-сиха йеш хилар.

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Москвахь цхьаьнакхетта Россин Федерацин Президентан Администрацин Куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца. Иштта хаам бина Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Нохчийн Республикин социальни-экономика кхиоран гӀуллакхаш.
"Тхойшиннан къамел хилира Федеральни центран накъосталла оьшуш долчу гӀуллакхийн хьокъехь. Гуттар а санна социальни-экономика кхиорехь накъосталла дан ша кийча хилар хаийтира Вайно Антона" - йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билдаьккхира тӀаьххьарчу шерашкахь Вайно Антона гӀо-накъосталла дар бахьана долуш дуккха а халонаш а, хаттарш а къастийна хилар.

Белхан гӀуллакхца Москва вахана волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Правительствон Председательца Мишустин Михаилца. Цунах лаьцна Кадыров Рамзана йаздина телеграмерчу шен агӀонехь.
"Лерина дийцира республика социальни-экономикин декъехь кхиоран гӀуллакхаш. Билгалйехира къаьсттина тӀе тидам бахийта беза агӀонаш" - йаздина Кадыров Рамзана.
Билгалдаьккхинчу декъехь Нохчийчоьно баьхна кхиамаш бовзийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
"Мишустин Михаила лаккхара мах хадийна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхоша бинчу белхан. Правительствон Председатела хаийтира муьлхха а гӀуллакх кхочушдарехь Нохчийчоьнна ша гӀо дан кийча хилар" - билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Дагадоуьйту, Кадыров Рамзан Россин Президентаца Путин Владимирца а, Россин Президентан Администрацин Куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца а цхьаьнакхетта хилар.

БараӀат буьйса тӀекхачарца доьзна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчин, Нохчийчоьнан муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин кост.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо рогӀера доккха сагӀа даьккхина.
БараӀат йеза буьйса тӀекхачарна а, нохчийн халкъ махкахдаьккхина 80 шо кхачарна а лерина а, ткъа иштта Украинехь дӀахьочу ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцучу нохчийн бӀаьхошна тӀера а даьхна дара и сагӀанаш.
Республикин гӀийла бохкучу 60 225 доьзале дӀакхачийра кхачанан сурсаташ. Царна йукъахь котамийн жижиг а, бепиг а, лимонад а дара.

Бекарг беттан 2-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур болчу Нохчийн Республикин халкъан гуламехь дакъалоцур ду тайп-тайпанчу мехкашкарчу векалша: Казахстанера, Германера, Гlиргlизойчуьра, Урдунера, Шемара, Францера.
РогӀера гулам Россин Федерацин Президентан харжамашна лерина хир бу.
Иштта оцу гуламехь дакъалоцур ду Россин Федерацин регионашкарчу нохчийн диаспорша, республикехь дехачу къаьмнийн а, конфессийн а векалша.
Дагадоуьйту, 2023-чу шарахь дӀабаьхьначу гуламехь дуьненан 23 пачхьалкхера 4 000 сов стага дакъалаьцна хилар.

Исакова Бирлант, Соьлжа-ГӀалин
№ 5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, Россин Федерацин серлонан а, кхетош-кхиоран а сийлахь белхахо, НР-н хьакъйолу хьехархо:
"Ненан маттал деза хIума хила йиш йац къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт дӀабаьлча, къам дIадолу. Тахана нохчийн меттан хьехархой лоруш, церан сий деш, ненан меттан сий ойбуш Республикин Мехк-Дас Кадыров кхайкхинйна совгӀаташ мехала ду Нохчийн Республикехь болх бечу хьехархошна.
Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна даггара баркалла ала лаьа суна хьехархойн цӀарах тхан ларам барна. Дала тӀаьхье беркате йойла!"
Дагадоуьйту, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместителан Кадырова Ӏайшатан а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместителан Кадырова Хадижатан а дӀадолорца Кадыровн цӀарахчу йукъараллин фондера республикин 1644 хьехархочунна 100 000 сом ахчанаш а, пачхьалкхан совгӀаташ а лур долуш хилар.

Белхан гӀуллакхца Москва вахана волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Кхерамзаллин Советан секретарьца Патрушев Николайца. Иштта хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.
Цаьршимма дийцире дина регионан нуьцкъаллийн ведомствийн а, бакъонаш ларйаран органийн а болх а, йукъараллин кхерамзалла латторан гӀуллакхаш а.
"Патрушев Николайс Нохчийн Республика халчу хьолехь йолчу хенахь дуккха а хала гӀуллакхаш къасторехь гӀо дина. Россин Федерацин Президентаца Путин Владимирца вайн республика кхиорехь доккха дакъалаьцна ву иза. Цул сов, цо делла суна хьалхара пачхьалкхан совгӀат а", - йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Кадыров Рамзана гуттар а гӀо-накъосталла дарна баркалла аьлла Патрушев Николайна.