This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

Дешархошлахь шахматийн чемпионат дӀахьур йу Нохчийн Республикехь.
3 муьрехь хир йу иза:
1️⃣ишколийн мур (товбецан 20-чохь дӀаболор бу);
2️⃣муниципалитетийн мур (эсаран 18-чохь дӀаболор бу);
3️⃣республикин мур (лахьанан 26-27-чуй деношкахь дӀахьур бу).
Дакъалацархой 2 декъе бекъалуш хир бу:
1️⃣1-6-чу классашкара дешархой;
2️⃣7-11-чу классашкара дешархой.
Дешаран а, Ӏилманан а, Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоша гӀо а деш, и Чемпионат вовшахтухуш Нохчийн Республикин Шахматийн федераци йу.
Толаман а, совгӀаталлин а меттигаш йаьхначу дакъалацархошна кубкаш а, мехала совгӀаташ а лур ду.

НОХЧИЙН МЕТТАН АБАТ:
•А а, •Аь аь, •Б б, •В в, •Г г, •ГӀ гӀ, •Д д, •Е е, •Ё ё, •Ж ж, •З з, •И и, •Й й, •К к, •Кх кх, •Къ къ, •КӀ кӀ, •Л л, •М м, •Н н, •О о, •Оь оь, •П п, •ПӀ пӀ, •Р р, •С с, •Т т, •ТӀ тӀ, •У у, •Уь уь, •Ф ф, •Х х, •Хь хь, •ХӀ хӀ, •Ц ц, •ЦӀ цӀ, •Ч ч, •ЧӀ чӀ, •Ш ш, •Щ щ, •Ъ ъ, •Ы ы, •Ь ь, •Э э, •Ю ю, •Юь юь, •Я я, •Яь яь, •Ӏ.

Россин Кубкан гурашкахь сихачу шахматийн а, блицан а рогӀера ловзарш дӀадаьхьна хӀокху деношкахь.
ГӀирмерчу Евпаторехь долчу оцу ловзаршкахь дакъалоцуш вайн мехкан 3 векал вара: 1️⃣Бимиев Ахьмад, 2️⃣Яндарбиев Руслан, 3️⃣Саидов Билухьаьж.
Сихачу шахматийн турнирехь 55 дакъалацархо вара.
Цигахь Саидов Билухьаьжа 7-гӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бимиев Ахьмада - 3-гӀа меттиг.
Ветеранашлахь ловзачу Яндарбиев Руслана толаман меттиг ГӀирмин векалца йийкъира.
Цул сов, 64 дакъалацархо волчу блиц-турнирехь а дакъалоцуш хиллачу Саидов Билухьаьжа 5-гӀа меттиг йаьккхира.
ГӀирмерчу Евпаторехь долчу оцу ловзаршкахь дакъалоцуш вайн мехкан 3 векал вара: 1️⃣Бимиев Ахьмад, 2️⃣Яндарбиев Руслан, 3️⃣Саидов Билухьаьж.
Сихачу шахматийн турнирехь 55 дакъалацархо вара.
Цигахь Саидов Билухьаьжа 7-гӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бимиев Ахьмада - 3-гӀа меттиг.
Ветеранашлахь ловзачу Яндарбиев Руслана толаман меттиг ГӀирмин векалца йийкъира.
Цул сов, 64 дакъалацархо волчу блиц-турнирехь а дакъалоцуш хиллачу Саидов Билухьаьжа 5-гӀа меттиг йаьккхира.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан автоинспекцин урхалло даханчу кӀиранан статистика йовзийтина - некъан-транспортан 1️⃣ бохам хилла республикехь.
Хьал иштта ду:
▪️Кхелхинарг - 0️⃣ адам;
▪️Лазийнарг - 1️⃣ адам.
Лараме махкахой! Ларйе некъан боламан бакъонаш! Ларде шаьш а, некъан боламан кхиболу дакъалацархой а!

2004-чу шарахь тӀеэцначу Нохчийн Республикин пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолу байракх 6:1:4 барамерчу анасизан кхаа басца билгалйаьккхина йу: баьццара (6), кӀайн (1), цӀен (4).
Байракхан шоралла а, йохалла а билгалйаьккхина 2:3 барамца.
Иштта, байракхан 1/8 барам а лоцуш, ирхдирзина кӀайн сиз а ду цунна тӀехь - аьрру йистехь. Цу тӀехь, дашочу басахь а йолуш, деа дакъалгах лаьтташ нохчийн къоман орнамент йу.
Ша байракх а, цунах пайдаэцаран лехамаш а бовзийтаран декъехь Ӏуналла деш "Нохчийн Республикин пачхьалкхан байракхан хьокъехь" закон делахь а, оцу законан лехамаш кхочушбарна тӀехь Ӏуналла деш Нохчийн Республикин геральдикин комисси йу.

Кадырова Ӏайшат билгалйаьккхина "Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар" орденан II-чу тӀегӀанан мидалца.
Иштта сацам бина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Оцу хьокъехь долу Указ зорбатоьхна Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru порталехь.
Даймехкан культура а, искусство а кхиорехь хьуьнарш гайтарна а, дуккха а шерашкахь кхоллараллин декъехь къахьегарна а дина совгӀат ду иза.
2021-чу шарахь дуьйна Кадырова Ӏайшата Нохчийн Республикин культурин министерствона куьйгалла деш хиларна тӀе тидам бахийта богӀу.

Соьлжа-ГӀалин урамашкахь керла-керла гучуйуьйлуш йолу камерш (транспортан детекторш) некъан боламан бакъонийн къепе ларйеш йац.
Хаамийн "Грозный-Информ" агентствона оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министерствос.
Ма-дарра аьлча, транспортан хьекъалечу системина (ИТС) йукъайогӀуш хир йу уьш.
Карарчу шарахь и система дӀахӀотторан гурашкахь боккха болх беш бу Соьлжа-ГӀалахь:
➡️55 светофор тойар;
➡️транспортан 50 детектор хӀоттор.
Транспортан хьекъалечу системах пайдаоьцуш Некъан боламна урхалдаран туш хир йу.
Цуьнан Ӏалашонаш дуккха а йу:
▪️некъашкара хьал таллар;
▪️некъан бохамашна сихонца тергойар;
▪️йукъараллин транспортан болх тидамехь латтор.
Хаамийн "Грозный-Информ" агентствона оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министерствос.
Ма-дарра аьлча, транспортан хьекъалечу системина (ИТС) йукъайогӀуш хир йу уьш.
Карарчу шарахь и система дӀахӀотторан гурашкахь боккха болх беш бу Соьлжа-ГӀалахь:
➡️55 светофор тойар;
➡️транспортан 50 детектор хӀоттор.
Транспортан хьекъалечу системах пайдаоьцуш Некъан боламна урхалдаран туш хир йу.
Цуьнан Ӏалашонаш дуккха а йу:
▪️некъашкара хьал таллар;
▪️некъан бохамашна сихонца тергойар;
▪️йукъараллин транспортан болх тидамехь латтор.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
ТIома кIел куьйгаш дехкина дIахIоттар нохчийн божаршкахь товш доцучух лерина вайн дайша.
Воккханиг, да, деваша, иштта дIа кхиберш болчохь хаьнтIе ши куьг хIоттийна дIахIоттар а гIиллакхе дац.
Къонанаш цунах ларбала беза болх бечунна тIехIоьттича а, тезетахь а, алссам адамаш вовшахкхеттачу меттигашкахь а.
© С-Хь.Дадаев / Нохчийн гӀиллакхаш - вайн синмехаллаш

Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ЦХЬА МЕРЗА-ГӀАЙГӀАНЕ МУКЪАМ
• Автор: Цуруев Шарип;
• Аз: Тагаев Сайд-Хьасан.
• Автор: Цуруев Шарип;
• Аз: Тагаев Сайд-Хьасан.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас пачхьалкхан совгӀатца билгалваьккхина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Билггал аьлча, цунна йелла "Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаран" IV-чу тӀегӀанан орден.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, пачхьалкхан маьӀне гӀуллакхаш кхочушдарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а дина совгӀат ду иза Таймасханов ГӀаласна.
Билггал аьлча, цунна йелла "Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаран" IV-чу тӀегӀанан орден.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, пачхьалкхан маьӀне гӀуллакхаш кхочушдарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а дина совгӀат ду иза Таймасханов ГӀаласна.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
НОХЧИЙЧОЬ, САН НОХЧИЙЧОЬ!
• Автор: Абдулаев Леча;
• Аз: Тагаев Сайд-Хьасан.
• Автор: Абдулаев Леча;
• Аз: Тагаев Сайд-Хьасан.