"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
1.36K subscribers
8.32K photos
3.11K videos
430 links
Республикин газет

@daymohkrg_bot - тхоьца зӀе
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
НЕНАН МЕТТАН ХЬОКЪЕХЬ...

• Авторш: Эльдерханова Зайнап а, Тагаев Сайд-Хьасан а
Россерчу реабилитологийн рогӀера кхеташо Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур йу 2024-чу шеран йуьххьехь.

Кадырова Хутмата Москвахь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.

Россерчу реабилитологийн союзана куьйгалла а деш, РФ-н могашалла Ӏалашйаран министерствон медицинин реабилитацин коьрта говзанча йолчу Иванова Галиница дара НР-н Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовсан - могашалла Ӏалашйаран декъан кураторан цхьаьнакхетар.

Иштта, цигахь дакъалоцуш вара РФ-н Президент волчохь НР-н даима а волу векал Таймасханов Бекхан а, Н.Пироговн цӀарахчу Туьшан медицинин реабилитацин клиникин куьйгалхо Дамиров Вадим а.

Республикехь медицинин реабилитаци кхиоран гӀуллакхаш дийцаре дира цигахь.

СВО-н дакъалацархошна реабилитаци йаран болх Нохчийчохь лаккхарчу тӀегӀанехь дӀабахьар а айъира.

Иванова Галинас билгал ма-даккхара, медицинин реабилитацица доьзна Нохчийчоьнан зеделларг Россин регионашкахь а пайдаэца хьокъала доллуш ду.
2023-гӀа шо - НОХЧИЙН МЕТТАН ШО!
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
БЕР А, НОХЧИЙН МОТТ А

• Авторш: Эльдерханова Зайнап а, Тагаев Сайд-Хьасан а
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Россин Федерацин Президента Путин Владимира Сийлаллин орденца билгалйаьккхина Несин Аймани.

Йукъараллин гӀуллакхаш жигара дарна дина ду и совгӀат Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Несин Айманис куьйгалла дечу фондера гӀо-орца Нохчийчохь а, Россехь а, кхиболчу мехкашкахь а бехачу нахана кхочуш ду.

И гӀо кхачанан сурсатех а, хӀусамех а, ахчанах а, молханех а лаьтташ ду.

Иштта, динан а, социальни маьӀне а объекташ йарехь а жигаралла гойтуш йу и Фонд.

Тидамза ца йитина цо карарчу хенахь дӀахьош йолу тӀеман леррина операци а - бӀаьхошна гӀо-накъосталла дарал сов, меттигерчу бахархошна 23 эзар тонна кхачанан сурсаташ а дахьийтина, медицинин хьашташна гӀирсаш эцарехь 100 млн ₽ сов ахча а доьхкина Фондо.
М.Ломоносовн цӀарахчу Москван пачхьалкхан университетан Соьлжа-ГӀаларчу филиалехь дешарна мел оьшуш долу хьелаш ду кхоьллина.

Оцу Филиалан директорца Селимханов Мохьмадца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь иштта дӀахьедар дина Нохчийн Республикин вице-премьера Алханов Адама.

Цо тӀе тидам ма-бахийттара, оцу балхана терго йеш республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хиларо бина Ӏаткъам бу иза.

Иштта, филиале студенташ дӀаэцаран болх а бийцаре бина цхьаьнакхетарехь.

Иза кхиамца а, лаккхарчу тӀегӀанехь а чекхбаьккхина цигарчу куьйгалло.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина а болуш, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман "Даймохк" газето дӀахьош бу "Сан дуьне - Нохчийчоь" болам.
Керлачу бакъонашца йогӀучу киншкашца республикерчу ишколашна 100% кхачойаран болх карарчу 2023-чу шарахь дӀабоьрзур бу.

Оцу хьокъехь хаам бина Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.

Цо билгалдаккхарехь, керла киншкаш нохчийн маттана а, литературина а лерина хир йолуш йу.

Уьш арахецаран болх а толлуш, "Грозненский рабочий" типографехь хилла министр.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ресторанан а, хьешацӀийнан "Башня" комплексехь хьешашна лерина ду тоьлла хьелаш.

ХӀума кхаьллина а, садаьӀна а ца Ӏаш, муьлхха а цхьаьнакхетар дӀадахьа йиш йу цу чохь.

Доьзалшна парггӀат а, кхачам боллуш а садаӀарна оьшуш долу хьелаш ду "Башня" чохь.

➡️8(965)962-68-68;
➡️@bashnya_21;
➡️Тевзана (Веданан кӀошт).
2023-гӀа шо - НОХЧИЙН МЕТТАН ШО!
Къоман "Даймохк" газетан сайта тӀехь рогӀера викторина йу.

"Несин Айманина а, Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Фондана а лерина" аьлла йолу иза 10 хаттарх лаьтта.

Дакъалаца викторинехь! Талла шайн хаарш!

➡️Дакъалаца викторинехь
Каждый видит образ своей родины по-своему, каждый наделяет это слово особым смыслом и ассоциирует с чем-то самобытным, родным и близким.

В наших силах придать России уникальное, неповторимое звучание. Сделаем это вместе!

Перейдите на наш сайт и составьте свой вариант слова «Россия» из букв разных эпох.

Самые популярные сочетания мы опубликуем.

🇷🇺 Подпишись на официальный канал Выставки «Россия» 🌐
Мехкан хӀусамийн-коммунальни бахаман гӀишлошйаран дáкъа кхиоран стратегина йукъахь дакъалацарца а догӀуш, Кадыров Рамзан Баркаллин кехатца билгалваьккхина Путин Владимира.

Белхан гӀуллакхца республикехь волчу Чайка Юрийс схьаделла и Кехат.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Цо билгал ма-даккхара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь долу Ӏедал Нохчийчоь кхиоран декъехь къахьоьгуш ду.

Делахь а, таханлера кхиамаш боьзна бу Россин Федерацин Президента а, федерацин Ӏедало а жигара гӀо-накъосталла деш хиларца.
Туризман а, спортан а "Къоьзан-Ӏам" комплексехь деш ду 150 лоьмарна лерина керла хьешацӀа.

7 блоках лаьтташ хир ду иза: 1 блок - 8 гӀатт долуш, 2 блок - 7 гӀатт долуш, 1 блок - 2 гӀатт долуш, 3 блок - 1 гӀатт долуш.

Йукъарчу лехамашца йогӀуш 124 лоьмар а, 38,5 м² йолу 18 апартамент а, 80 м² йолу 6 апартамент а, заьӀапхошна лерина 2 лоьмар а, 2 терхи а хир йу цу чохь.

Цул сов, 2 бассейн, сауна, хамам, маникюран а, педикюран а чоьнаш, зударийн а, божарийн а спортан залаш, бераш ловзаран чоь, и.д.кх.а хьелаш хир долуш ду.

88 а, 174 а меттигна лерина 2 ресторан а, 108 меттигна лерина аьхкенан кафе а хир йу.

ХьешацӀа даран белхаш 2024-чу шеран чаккхенехь - 2025-чу шеран йуьххьехь дӀаберзо лерина.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
БЕТТАНИЙН ЦӀЕРАШ:
▪️Кхолламан - январь;
▪️Чиллин - февраль;
▪️Бекарг - март;
▪️Оханан - апрель;
▪️ХIутосург - май;
▪️Асаран - июнь;
▪️Мангалан - июль;
▪️Хьаьттан - август;
▪️Товбецан - сентябрь;
▪️Эсаран - октябрь;
▪️Лахьанан - ноябрь;
▪️ГIуран - декабрь.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина а болуш, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман "Даймохк" газето дӀахьош бу "Сан дуьне - Нохчийчоь" болам.
2023-гӀа шо - НОХЧИЙН МЕТТАН ШО!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.