Палестинерчу 20 эзар доьзална гӀо-накъосталла дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Цо билгал ма-даккхара, иштта сацам бина оцу Фондан президента Несин Айманис а, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а.

This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, махкарчу йерриге а муниципалитеташкахь дӀахьош бу гуьйренан белхеш.
Кхеташ ма-хиллара, оцу декъехь жигаралла гойтуш Соьлжа-ГӀала а йу.
Белхеш дӀаболийна масех де бен дацахь а, хӀинцале а цигахь дакъалаьцна 10 эзар сов стага.
Цул сов, царна гӀоьнна лерина а йолуш, белхешкахь дакъалоцуш 150 гергга техника а йу.

Израиль палестинхошна тӀелатарна дуьхьал бу цхьаболу жуьгтий.
• меттиг: Тель-Авив
• меттиг: Тель-Авив
Нохчийн халкъ Палестинерчу шайн вежаршна а, йижаршна а чӀогӀа саготта хилар хаийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден дӀадолорца а догӀуш, кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь махкахой тховсалерчу буса а цхьаьнакхетарг хилар дагадоуьйту.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден дӀадолорца а догӀуш, кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь махкахой тховсалерчу буса а цхьаьнакхетарг хилар дагадоуьйту.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
Шуьнехь гуш хуьлу оьзда стаг... Кхечунна хьалха йиллинчунна тIе ца кхийда иза, нахал къаста гIерташ а, шена тIе тидам бахийта гIерташ а ца хуьлу. Иштта, букар а вахана, йуучунна а, молучунна а чувоьлла а ца хуьлу.
Цул сов, хаалур вац иза хабарна нахал тIехволуш а, нехан хабарна йукъагIерташ а, дешнаш кегдеш а.
© С-Хь.Дадаев / Нохчийн гӀиллакхаш - вайн синмехаллаш

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, тховсалерчу буса а цхьаьнакхетар бу махкахой кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина а болуш, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман "Даймохк" газето дӀахьочу "Сан дуьне - Нохчийчоь" боламехь дакъалоцу Соьлжа-ГӀаларчу №12 йолчу гимназин дешархочо Абдулаева Ӏаишас.
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь "АХМАТ" спецназехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу "Северный" аэропортехула.
Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.
Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Нохчийн Республикин вице-премьера А.Висмурадовс, Парламентан спикера М.Даудовс а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдечу А.Ирасхановс а, Къоман гвардин НР-ла йолчу Урхаллин хьаькама Ш.Делимхановс а, кхечара а дакъалаьцна лаамхой новкъабахарехь.
"АХМАТ" спецназехь а болуш, тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ:
1️⃣+7(925)661-77-77;
2️⃣+7(925)319-77-77;
3️⃣+7(925)328-77-77.

Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу батальонийн бӀаьхой Россин спецназан университетехь кечбаран болх теллина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тӀеман леррина операци дӀайахьаран зеделларг тидаме а оьцуш кечйина йу РУС-ра программаш.
3 баттахь оцу программашца Ӏамор болуш бу керлачу батальонийн бӀаьхой.
Иштта, церан хьашташна герз а, техника а кечйаран гӀуллакх чаккхене доьрзуш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Цо билгал ма-даккхара, тӀеман леррина операци дӀайахьаран зеделларг тидаме а оьцуш кечйина йу РУС-ра программаш.
3 баттахь оцу программашца Ӏамор болуш бу керлачу батальонийн бӀаьхой.
Иштта, церан хьашташна герз а, техника а кечйаран гӀуллакх чаккхене доьрзуш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, тховсалерчу буса а цхьаьнакхетар бу махкахой кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а, иштта, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхур бу цара.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн Республикин Мехк-Да КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.
Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу батальонийн хьашташна машенаш эцна.
Уьш дӀайаларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Россехь а, кхечу мехкашкахь а йина машенаш йу уьш.
Царах цхьайерш бӀаьхой дӀасабига лерина йу, ткъа кхийерш - тӀеман Ӏалашонаш кхочушйан.
Республикин Мехк-Дас ма-хаийттара, и машенаш, керла хиларал сов, кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш а йу.