чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Луьра- опасный.
Саб1арзадала- расстроиться, огорчиться; отчаяться.

#гочдар
👍4
Х1етал-метал хаийла хьуна: леташ а йац, йусалой а лела?
Жоп: Москал-н1аьна

#х1еталметалш
👍31🔥1
Цахилларг къовсар

Цахилларг хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да-хьалдолу стаг. Цахилларг хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжкIаш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжкIаш ахьа веана цхьа миска стаг.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
– Цхьацца гирда хьаьжкIаш а йахкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
– Къовса дера, – резахилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла бохуш, бакъдина:
– Башха дика кхобуш цхьа котам йара сан. Цхьана дийнахь котам цIа чу а йоьллина, ваьлла цхьана гIуллакхе вахара со. ШолгIачу дийнахь, цIа ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу цIа чу хьаьжира со. Тамашийна хIума гира сан бIаьргашна: чоь йуьззина xloaш а дина, кIур хьалаболучу туьнкалгана тIе а хиъна, Iaш йара сан котам. ХIун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьанашца хьаьккхина ара а дахийтина, х1оаш эрира. Оцу хIоэх керт йуьззина котамаш а, боргIалш а йоьвлира суна. ТIаккха оьгIазваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула дIа-схьа лелхийра уьш. Цул тIаьхьа и ерриге а котамаш а, боргIалш а, цхьа котаммий, цхьа боргIаллий хилла, дIахIиттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
– Иза ду-кх сан цахилларг.
– Делахь, дика ду, – аьлла къечу стага, – хIинца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладогIалахь.
Йоккха мазлагIа йара сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхармозашна йукъахь йерриге а мазлагIана ха деш, иза ларъеш, цхьа боккха эла накхармоза бара сан. Мича баха а ца хууш, тIапъаьлла бахана байра и эла накхармоза.
Иза кароза Iийр ма вац со аьлла, цIераваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама йаьлча, суна хезира, сайн накхармозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу аьлла. Цига вахара со. Лела-а-ш, вахана оцу метте дIакхаьчча, йалх стуца готанна дIа а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а йаийна, латта охуш лелош, карийра суна сайн накхармозийн эла.
Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхармоза паргIат а баьккхина, иза а балош цIа а веана, нахе хаьттира аса:
– XIoкxy накхармозийн элан йаийна ворта муха талур йара-техьа? – аьлла. Хьекъалдолчу наха суна жоп делира:
– БIаран тIамарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул тIаьхьа лазийначу вортан тIе дилла – уггаре а дика дарба ду хьуна и.
TIe хьакхар а тоьхна, лерина хьийна бIарийн тIамарш а кечйина, уьш накхармозийн элан йаийначу вортана тIе йехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана дIавижира со. Iуйранна, хIун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна хIума: накхармозийн элан вортанна тIе даьлла лаьтташ доккха бIаран дитт дара, тIехь бIараш а долуш. Цхьажимма бIараш эго дагахь, дитта тIе гIорза кхоьссира аса, иза, хьалакхоьссинчохь, дитта тIехь йисира, охьа а ца йогIуш. Лаьттан гIорзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.
Йалх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. ТIаккха цу тIе хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, хIун хьал ду-техьа цаьргахь аьлла, хьаьжира со. Сайн кха тIехь дика хьийкъина хорбазаш а, Iаламат йоккха цхьа паста а карийра суна. ХIуъу а дича а, паста цIа а ца йаелла, тур детташ, йуккъехула ши ах йира аса цунах.
Пастанан ши ах дIайеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна тIаьххье дуккха а таллархой а. ТIаккха дIа чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу тIе хьаьжначу суна йоза гира: «ХьаьжкIийн гирда мискачу стагана йогIу», – аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна. Мискачу стага ши гирда хьаьжкIаш йаьхна.

#туьйранаш
3👍1
хьер- мельница.
гирда- старинная чеченская мера сыпучих тел, равная приблизительно 12 кг.
борг1ал- петух.
хьолахо- богач.
мазлаг1а- пасека, пчельник.
накхарш мн. ч. - ульи. в ед.ч. -никх- улей.
дархо- раненый.
г1орз- ком (напр. Ком глины- поппаран г1орза).
Хьакхар- мазь, сало или животный жир.
Хьен- месить, перемешивать.

#гочдар
👍51
Ваалайку ассалам. Видимо, вам понравилась эта викторина. Очень этому рада.
Дала мукълахь, буду чаще проводить викторину такого типа, используя преимущественно слова, что встречаются мне при подготовке материала для этого канала, поскольку в фольклоре встречается множество слово и понятий, что редко используются или и вовсе не используются в нашей речи.
👍31
Цомгашчунна чуьрк а экха ду.

#кицанаш
👍4🤔1
Кхоо дезачохь д1а ма кхийса, д1акхийса дезачохь кхоа ма де.

#кицанаш
👍41🤔1
" дукъ" дешан маь1на
Anonymous Quiz
50%
Ярмо
25%
Повод ( поводья)
25%
Сено
Безаман шовда

XIapa бакъ ду-дац, хьанна хаьа, амма наха дуьйцу, Шаройн лаьмнашкахь хьалхалерачу заман чохь вехаш-1аш хилла, боху, цхьа воккха стаг. Б1аьрса дайна хилла цуьнан. Цу стеган дукхе-дукха хаза йо1 хилла цуьнга хьоьжуш, чохь-арахь дан дезарг а деш. Дукха к1ентий хилла цу йо1ана т1ехьийзаш а, и йига лууш а, амма цо къастийна, цунна везаш цхьаъ вара, цундела цо захалонаш т1е ца дуьтура. Дукха хьалдолчу нехан к1ант т1аьхьаваьлла хилла цу йо1ана, и йига дагахь, амма йо1 цунна а реза ца хилла. Шен захало йо1а т1е ца лаьцча, и к1ант ч1ог1а оьг1аз а вахана, х1уъу а дина а, и ялор ма ю ша, аьлла, араваьлла. Леккха лаьмнашкахь 1аш йолчу г1ам-зудчуьнца барт хилла цуьнан и йо1 ядо. Хийла нехан барт бохийна хилла цу г1ам-зудчо, эладитанаш лелош. Шайн барт хиллачул т1аьхьа, г1ам-зудчо дийнахь а, буса а йо1 тергалъеш, цунна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш хилла.
Цхьана дийнахь шовдана йисте хи дан а, шена везачу к1антаца вовшахкхета а йоьдуш хилла йо1. Къайллах и тергал а йина, катоьхна схьа а лаьцна, ядийна г1ам-зудчо. Шовдана йисте йо1 ган цунна везаш волу к1ант а хилла говрахь вог1уш. К1антана геннара гина г1ам-зудчо ядийна хьош йолу йо1. Пори-г1оддах шед тоьхна, говр д1аэккхийтина, к1ант царна т1аьхьа ваьлла. Юхахьаьжначу г1ам-зудчунна шена т1аьхьакхуьуш воллу к1ант гина. Шен берриге а ницкъ гулбина, дукха сиха хьалаедда, Шаройн лома буьххье а яьлла, сада1а охьахиъна г1ам-зуда. Эццахь т1аьхьакхиинчу к1анта, динара кхоссавелла, схьалаьцна г1ам-зуда. Цо ша схьалоццушехь, теттина 1инах чукхоьссина зудчо йо1.
Чов хилла дарделлачу лоьман санна мохь-ц1ог1а делира к1ентан кийрара. Шаьлта тоьхна, г1ам-зуда кхоьссина д1а а дахийтина, йо1ана т1аьхьа 1ин чу иккхина к1ант.
Хилларг ла ца делла, 1алам тохаделира, 1аьржа мархаш вовшахтасаелира. Кхоьвссина дог1а доладелира. Лаьмнаш т1ера хин 1овраш охьахьаьлхира.
Т1аккха, дукха хан ялале, мархаш д1асаяьржира, дог1а сецира, малх хьаьжира, дуьне серладелира.
Цхьана боккхачу чхар к1елахь тата делира, латта дуса а делла, цу чуьра араиккхира шовда. Д1асакхоссаделла, ницкъах дуьзина, шен го к1арг а бина, шор а бина, эшаран г1овг1анца охьахьаьдира хи.
Йо1 ц1а йан хьеелча, даго вуониг хьоьхуш, кхин 1а а ца велла, б1аьрзе да шен йо1 лаха араваьлла. Хьалха Iaca луьйзуш, йо1е кхойкхуш воьдура воккха стаг. Цунна жоп луш санна, г1овг1а алсамъяьккхира шов дано. И г1овг1а хезачу aг1op вахара да. Шовдана т1е ша кхаьчча, к1ад а велла, сада1а охьалахвелира и.
— Ва, дела, сан йо1 мичахь йу-те, х1ун хилла-те цунна? — бохуш, синош дохура холчух1оттинчу йоь1ан дас.
Цу дешнашна дуьхьал шовданан г1овг1анца схьахезара йоь1ан узарш.
Хи мала, шовданан хи мала, — шега бохуш санна хийтира дена. Охьа а таь1на, канаш чохь хи а эцна, д1амелира цо. Цеххьана шен дег1е ницкъ бог1уш хааделира цунна. Ша къонвелча санна хийтира воккхачу стагана.
Юха, цхьаммо шега гlo доьхуш санна, хийтира цунна. Ша б1аьрзе хилар диц а делла, мила ву-те иза, аьлла, д1авирзира йоь1ан да, аз хезачу аг1орхьа. Б1аьргаш т1ера пардо д1адоккхуш санна, т1еда ши куьг хьаькхира цо б1аьргех — са гира цунна.
Шовдан чу хьаьжира воккха стаг: шовда схьадолучу меттахь, хи бухахь, вовшах а хьаьрчина, 1уьллуш шен йо1 а, цунна везаш хилла к1ант а гира цунна. Цу шинна гена йоццуш, г1ам-зуда а 1уьллура. Кхузахь хиллачух кхийтира йоь1ан да. Шен йоь1ан а, цу к1ентан а декъий схьа а даьхна, цхьана каш чу д1адоьллира цо. Ткъа г1ам-зудчуьнан дакъа, гена лам чу д1а а даьхьина, цхьанна а ца гучу д1адоьллира воккхачу стага.
Цу хенахь дуьйна цу шовданах безаман шовда, аьлла, ц1е тиллира шовданан йисте бог1учу кегийчу наха.
Наха дуьйцу, Шара-Органан г1овг1ане эшарехь ши аз ду хезаш, бохуш: йоь1ан хаза, ц1ена, зоьвне аз а, доьналлех дуьзина, гlopгla к1ентан аз а.
Суна а хезна и аьзнаш, хьо ца тешахь, ваха а г1ой, ахьа а ладог1а.

#туьйранаш
4👍2
Г1ам-зуда- колдунья
Пори г1оддах- изо всех сил
Динара кхоссавелла- с коня соскочил
Кхоьвсина дог1а- проливной дождь
1овраш- горный поток (от ливня или таяния снега).
Чхар- бут. бут- обломки горных пород неправильной формы
Канаш мн.ч. Кана в ед.ч. (Горсть - (взятое рукой))
Пардо- занавеска
Г1орг1а аз- мужественный/грубый голос

#гочдар
👍5🔥1
Один из самых сложных текстов для меня)
👍21
Х1етал-метал хаийла хьуна: когаш а бац, т1емаш ду, хьоза санна бодуш бац?
Жоп: Ч1ара

#х1еталметалш
👍32
Чеченский национальный костюм
👍5
Воьлучуьнга ма хетта, воьлхучуьнга хатта.

#кицанаш
👍5
Х1усамдена барзо баьхьна уьстаг1 кхоам хета, барзана х1усамдена биснарг кхоам хета.

#кицанаш
👍4
Со шершанчхула ча чу ца шерша,
ча чу шершанчухула со чу ца шерша.

#чехкааларш
6🔥2👍1
Х1етал-метал хаийла хьуна: Экха а дац, хьоза а дац,
ТIемашца гIотту, ю а Iутту?

#х1еталметалш
5
Х1окха Х1етал-метална жоп йаздийра дац аса. Комментареш чохь шайна хетарг йаз де. Жим 1ийна жоп дустара ду аша.
4
Воьдург ма сецаве, вог1ург ма къехкаве.

#кицанаш
👍32