Forwarded from 🏡Саманный дом: все о строительстве. От постройки до дизайна. (Khald_YT)
Истанги идеально вписались бы в интерьер саманного дома.
Эти фото сделаны в галерее по пр.Исаева, выставка «Маьлха-1аьзни».
Фото: https://t.me/chechfolk

👍4❤1
👍5❤1
👍2❤1
Дехкий-доттаг1ий
Дукха хенахь дуьйна схьа гергарло лелош хилла шина дахкано, царах цхьаъ б1ов чохь 1аш хилла, ткъа важа лам т1ехь. Цкъа а вовшийн хьошалг1ахь ца хилла и шиъ.
Лам т1ехь Iaш болчу дахкан дама а, жижиг а, дум а, к1а а хилла, ткъа б1ов чохь 1ачуьнан бахам вуно ледара хилла.
Цхьана дийнахь, са а гаттаделла, лам т1ехь 1аш болчу дахкано ша болчу хьошалг1а кхайкхина хилла б1ов чохь 1ачу дахкане. Ч1ог1а хьошалла дина, яийна, малийна, совг1ат а дина, ц1а баха новкъа а баьккхина, д1абахийтина цо б1ов чуьра дахка. Ц1а а беана, ч1ог1а ойлане бахана и.
Цхьа хан-зама яьлча, б1ов чохь 1ачу дахкано ша йолчу хьошалг1а кхайкхина лам т1ехь Iaш болу дахка. Шен уьйт1ахь доттаг1 гича, х1усамнана-дахкано, могаш-парг1ат а хаьттина, цуьнан дахарх лаьцна хетта йолаелла. Цу хенахь уьйт1ахула цициг хилла д1адоьдуш. Эццахь х1усамненан даг чу ямартло тесна. Хьошалг1а беанчу дахкано хаттина:
— И х1ун экха ду? Цуьнан б1аьргаш сел ч1ог1а х1унда къега? — аьлла.
— И сан марнана йу, яло мараэккха цунна, — аьлла, хьехар дина х1усамнана-дахкано.
И боккъалла а цуьнан марнана ю моьттуш, бахана мараиккхина хьошалг1а беана дахка. Б1аьрган нег1ар тохале, цициго и, хап-аьлла, д1акхаьллина.
Бедда бахана дахка лаьмнашка, цигахь карийна цунна шен доттаг1 хиллачу дехкан х1усам. Цуьнан бисина берриге а бахам цу дахкана кхаьчна. Цу чохь т1ек1ал а баьлла, laш хилла дахка.
Цхьана дийнахь, мацалла дар а делла, хьийзаш хилла цициг. Лелла-лелла уьйт1ахула, кхин кхалла х1ума а ца карийна, лома дахана и. Мерзачу дуьман хьожа а еъна, цициг цу aгlop, тебаш, т1едахара. 1уьрга чу дахча, цунна берстина батт1а боллуш дахка гина 1уьллуш. Т1екхетта схьа а лаьцна, д1акххаьллина цициго шен доттаг1чунна ямартло йина дахка.
Эрна аьлла ма дац: «Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха».
#туьйранаш

❤3👍1
👍2❤1
Борз
Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заман чохь, дуьнен тIехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.
Дуьнен тIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш.
Цхьа борз яра паргIат, и ца кхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг. ОьгIазе цIогIа детташ, тIера цIока дIасаийзош, цIийш дIатуьссуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана. Амма борз меттах ца елира: курра корта хьалаайина, когаш ондца лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дегIаца дIахудуш, дуьхьало йора цо махана.
Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а хIумма а ца хилча санна, мох дIатийра, малх гучубелира, дуьнен тIехь юха а паргIато дIахIоьттира.
Са мел долу хIума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана тIе яхана. Акхароша барзе аьлла:
— Дела дуьхьа, борз, xIapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш, аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаш аталуш охьаоьхуш,массо а садолу хIума са дадийна дIалачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах ца елира, и хIун ду?
TIepa цIока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чоьвнашкара цIийш охьаоьхуш йолу борз курра хиина Iaш яра, генна хьалха а хьоьжуш. Цо, хьала а гIаьттина, иштта жоп делира акхарошна:
— Со тIехь лаьтташ йолу латта — сан даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало тIееъча а, аса цкъа а д1атосур бац и, — аьлла.
Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой дIасаяхара. Чоьвнаш хилла, цIока этIийна, цIийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, дIайоьлхучу акхарошна тIаьхьа а хьоьжуш. Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен бац.

❤4👍1
👍4
👍3❤1🔥1
Цахилларг къовсар
Цахилларг хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да-хьалдолу стаг. Цахилларг хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжкIаш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжкIаш ахьа веана цхьа миска стаг.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
– Цхьацца гирда хьаьжкIаш а йахкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
– Къовса дера, – резахилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла бохуш, бакъдина:
– Башха дика кхобуш цхьа котам йара сан. Цхьана дийнахь котам цIа чу а йоьллина, ваьлла цхьана гIуллакхе вахара со. ШолгIачу дийнахь, цIа ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу цIа чу хьаьжира со. Тамашийна хIума гира сан бIаьргашна: чоь йуьззина xloaш а дина, кIур хьалаболучу туьнкалгана тIе а хиъна, Iaш йара сан котам. ХIун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьанашца хьаьккхина ара а дахийтина, х1оаш эрира. Оцу хIоэх керт йуьззина котамаш а, боргIалш а йоьвлира суна. ТIаккха оьгIазваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула дIа-схьа лелхийра уьш. Цул тIаьхьа и ерриге а котамаш а, боргIалш а, цхьа котаммий, цхьа боргIаллий хилла, дIахIиттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
– Иза ду-кх сан цахилларг.
– Делахь, дика ду, – аьлла къечу стага, – хIинца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладогIалахь.
Йоккха мазлагIа йара сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхармозашна йукъахь йерриге а мазлагIана ха деш, иза ларъеш, цхьа боккха эла накхармоза бара сан. Мича баха а ца хууш, тIапъаьлла бахана байра и эла накхармоза.
Иза кароза Iийр ма вац со аьлла, цIераваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама йаьлча, суна хезира, сайн накхармозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу аьлла. Цига вахара со. Лела-а-ш, вахана оцу метте дIакхаьчча, йалх стуца готанна дIа а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а йаийна, латта охуш лелош, карийра суна сайн накхармозийн эла.
Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхармоза паргIат а баьккхина, иза а балош цIа а веана, нахе хаьттира аса:
– XIoкxy накхармозийн элан йаийна ворта муха талур йара-техьа? – аьлла. Хьекъалдолчу наха суна жоп делира:
– БIаран тIамарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул тIаьхьа лазийначу вортан тIе дилла – уггаре а дика дарба ду хьуна и.
TIe хьакхар а тоьхна, лерина хьийна бIарийн тIамарш а кечйина, уьш накхармозийн элан йаийначу вортана тIе йехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана дIавижира со. Iуйранна, хIун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна хIума: накхармозийн элан вортанна тIе даьлла лаьтташ доккха бIаран дитт дара, тIехь бIараш а долуш. Цхьажимма бIараш эго дагахь, дитта тIе гIорза кхоьссира аса, иза, хьалакхоьссинчохь, дитта тIехь йисира, охьа а ца йогIуш. Лаьттан гIорзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.
Йалх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. ТIаккха цу тIе хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, хIун хьал ду-техьа цаьргахь аьлла, хьаьжира со. Сайн кха тIехь дика хьийкъина хорбазаш а, Iаламат йоккха цхьа паста а карийра суна. ХIуъу а дича а, паста цIа а ца йаелла, тур детташ, йуккъехула ши ах йира аса цунах.
Пастанан ши ах дIайеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна тIаьххье дуккха а таллархой а. ТIаккха дIа чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу тIе хьаьжначу суна йоза гира: «ХьаьжкIийн гирда мискачу стагана йогIу», – аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна. Мискачу стага ши гирда хьаьжкIаш йаьхна.

хьер- мельница.
гирда- старинная чеченская мера сыпучих тел, равная приблизительно 12 кг.
борг1ал- петух.
хьолахо- богач.
мазлаг1а- пасека, пчельник.
накхарш мн. ч. - ульи. в ед.ч. -никх- улей.
дархо- раненый.
г1орз- ком (напр. Ком глины- поппаран г1орза).
Хьакхар- мазь, сало или животный жир.
Хьен- месить, перемешивать.
#гочдар

Ваалайку ассалам. Видимо, вам понравилась эта викторина. Очень этому рада.
Дала мукълахь, буду чаще проводить викторину такого типа, используя преимущественно слова, что встречаются мне при подготовке материала для этого канала, поскольку в фольклоре встречается множество слово и понятий, что редко используются или и вовсе не используются в нашей речи.

👍3❤1