чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Х1ара туьйранаш доьший аша?
Anonymous Poll
89%
Доьша
11%
Цадоьша
1
Кхетий шу церах т1аккха?
Anonymous Poll
96%
Кхета
4%
Цакхета
1
https://t.me/chechfolk

" Г1арбаш" дешан маь1на хаьий хьуна? Т1аккха г1арбашо йо1ана тешнабехк муха бина?
Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу аьлла хетий хьуна?
Вуониг лоьхург вуочух вера ву аьлла?
Хьалхалерачу заманахь нохчийн зударий стенах бахьана а дой гуттаре а тийжара?
Хьуна х1окху хаттаршна жоп хаа лаахь, йа хьай жоп дуста лаахь, йа кхин а пайде х1ума хаа лаахь, телеграмм чохь лелош йолчу «Чеченский фольклор» аьлла ц1е йолу хьоста йукъавола/йола, т1аккха вай массо а кепара толлура йу нохчийн барта кхолларалла.
1
Было бы хорошо, поделись вы этой ссылкой
2
чеченский фольклор pinned «https://t.me/chechfolk " Г1арбаш" дешан маь1на хаьий хьуна? Т1аккха г1арбашо йо1ана тешнабехк муха бина? Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу аьлла хетий хьуна? Вуониг лоьхург вуочух вера ву аьлла? Хьалхалерачу заманахь нохчийн зударий…»
Шен лазар лечкъочунна дарба карор дац.

#кицанаш
🔥51👍1
Audio
Шира илли " Зураъ"

#иллеш
👍42
Истанги идеально вписались бы в интерьер саманного дома.
Эти фото сделаны в галерее по пр.Исаева, выставка «Маьлха-1аьзни».

Фото: https://t.me/chechfolk
👍41
Чеченские тайпы
🔥94
Урс ловзориг цкъа мацца хадаво

#кицанаш
3
Знаете, кто здесь изображён?
3
Знаете, кто изображён выше?
Anonymous Poll
17%
Да
83%
Нет
1
Дагавала гонах цхьа вацахь, куй охьабиллий, цунах дагавала.

#кицанаш
👍51
Х1етал-метал хаийла хьуна: шозза дуьненчу яьлларг?

Жоп: котам

#х1еталметалш
👍21
Мотт беттачунна а туху мотт.

#кицанаш
👍2
Дехкий-доттаг1ий

Дукха хенахь дуьйна схьа гергарло лелош хилла шина дахкано, царах цхьаъ б1ов чохь 1аш хилла, ткъа важа лам т1ехь. Цкъа а вовшийн хьошалг1ахь ца хилла и шиъ.
Лам т1ехь Iaш болчу дахкан дама а, жижиг а, дум а, к1а а хилла, ткъа б1ов чохь 1ачуьнан бахам вуно ледара хилла.
Цхьана дийнахь, са а гаттаделла, лам т1ехь 1аш болчу дахкано ша болчу хьошалг1а кхайкхина хилла б1ов чохь 1ачу дахкане. Ч1ог1а хьошалла дина, яийна, малийна, совг1ат а дина, ц1а баха новкъа а баьккхина, д1абахийтина цо б1ов чуьра дахка. Ц1а а беана, ч1ог1а ойлане бахана и.
Цхьа хан-зама яьлча, б1ов чохь 1ачу дахкано ша йолчу хьошалг1а кхайкхина лам т1ехь Iaш болу дахка. Шен уьйт1ахь доттаг1 гича, х1усамнана-дахкано, могаш-парг1ат а хаьттина, цуьнан дахарх лаьцна хетта йолаелла. Цу хенахь уьйт1ахула цициг хилла д1адоьдуш. Эццахь х1усамненан даг чу ямартло тесна. Хьошалг1а беанчу дахкано хаттина:
— И х1ун экха ду? Цуьнан б1аьргаш сел ч1ог1а х1унда къега? — аьлла.
— И сан марнана йу, яло мараэккха цунна, — аьлла, хьехар дина х1усамнана-дахкано.
И боккъалла а цуьнан марнана ю моьттуш, бахана мараиккхина хьошалг1а беана дахка. Б1аьрган нег1ар тохале, цициго и, хап-аьлла, д1акхаьллина.
Бедда бахана дахка лаьмнашка, цигахь карийна цунна шен доттаг1 хиллачу дехкан х1усам. Цуьнан бисина берриге а бахам цу дахкана кхаьчна. Цу чохь т1ек1ал а баьлла, laш хилла дахка.
Цхьана дийнахь, мацалла дар а делла, хьийзаш хилла цициг. Лелла-лелла уьйт1ахула, кхин кхалла х1ума а ца карийна, лома дахана и. Мерзачу дуьман хьожа а еъна, цициг цу aгlop, тебаш, т1едахара. 1уьрга чу дахча, цунна берстина батт1а боллуш дахка гина 1уьллуш. Т1екхетта схьа а лаьцна, д1акххаьллина цициго шен доттаг1чунна ямартло йина дахка.
Эрна аьлла ма дац: «Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха».

#туьйранаш
👍21
Г1арбаш дешан маь1на-
Anonymous Quiz
18%
Колдунья
54%
Невольница
28%
Накидка
3👍1
"Лар" дешан маь1на
Anonymous Quiz
87%
След
3%
Поиск
10%
Почтение
👍21
Хохана а моьтта ша стом бу.

#кицанаш
🤔2👍1