чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Марханаш Дала къобал дойла массера! Лайна хало меле йазйойла!
7
Н1аьна кхайкхаре ца хьожу 1уьйре.

#кицанаш
👍2
Х1етал-метал хаийла хьуна: Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?

Жоп:
ЧIерана

#х1еталметалш
Мискачу стеган к1ант

Цхьана мискачу стеган цхьа к1ант хилла. Ша валале дас весет дина к1анте:
— Варий, варий, аса ца аьлла олийла дац хьуна, куьйсачу стагана балха ма х1отталахь, куьйса стаг сутара а, тешам боцуш а хуьлу хьуна, — аьлла.
Да веллачул т1аьхьа, кхин дан х1ума а ца хилла, чух1отта цхьана юьрта вахана к1ант.
Дуьхьалаваьлла кхунна цхьа куьйса стаг.
— Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? — аьлла, хаьттина цо.
— Со-м цхьанна чух1отта бохуш веънера, — аьлла к1анта.
— Со ву-кх балха х1отта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Х1ан-х1а, куьйсачу стагана балха ма х1отта аьлла весет дина соьга сан дас,¬¬¬¬ — аьлла к1ант.
T1e кхин бедар а йуьйхина, дехьахула хьаьвзина веанчу тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина кхуьнга:
— Ахьа х1ун леладо, жима к1ант? Хьо ма лела? — аьлла.
— Со-м болх лоьхуш ма лелара, — аьлла жоп делла, х1умма а шек воцуш к1анта.
— Со ву-кха балха xloттa стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Х1ан-х1а, куьйсачу стагана балха ма х1отта аьлла, весет дина соьга сан дас, — аьлла к1анта.
Дехьо ваьлла xlapa воьдуш, кхин духар а дуьйхина, веана дуьхьал а ваьлла, йуха а тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина:
— Ахьа х1ун леладо, к1ант? — аьлла.
— Болх лоьхуш лелара со-м, — аьлла к1анта.
— Со ву-кх балха х1отта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Ванах, шу дерриге а куьйса-м дац х1окху юьртахь мел дерш а? — аьлла, цецваьллачу к1анта.
— Ду дера, — аьлла куьйсачу стага.
— Делахь, со хьуна балха х1оттаза вер вац-кх. Бинчу балхана ял мел лур ю ахьа? — аьлла к1анта.
— Вайшиннах хьалхе дохковаьллачо лур ю ял: атйокх еккалц даош-малош кхобур ву ас хьо. Реза вуй хьо? — аьлла куьйсачу стага.
Оцу т1ехь барт а хилла, к1ант кхунна балха х1оьттина. Ц1а ма-кхеччи, къуйсачу стага аьлла к1анте:
— XIapa ворда а йожий, хьайца xlapa эр а эций, дечиге гlуo вайна. Эр оьккха-оьккхучу оьккхур ву хьо хьайн ворданца.
— Дика ду, — аьлла, вахана, дечиг а дахьаш, эр лелх-лелхачу а лелхаш, ц1а вог1уш хилла к1ант. Шайн кет1а ма кхеччи, дахана, эр, кет1арчу утармин 1уьргах чекхъиккхина.
— Х1ей, дела диса хьо хьайн да велла! — аьлла, вахана, шен ворда д1а а хецна, хьаьккхина и вовшах а йоккхуш, утармин 1уьргах чекхъяьккхина к1анта.
Т1аккха т1евоьллачу к1анта, тоьхна цхьа сту а бийна, цунах кегийра дакъош а дина, и дакъош утармин 1уьргах чекхдохуш xlapa воллуш, веана ц1а кхаьчначу дас, куьйсачу стага, хаьттина:
— Хьо х1ун деш ву? Хьера-х ца ваьллий хьо? — аьлла.
— Со-м xlapa не1алт хилла йовсар чекхдаьллачухула, чекхвала г1ерташ ма воллура. Ворда а, цхьа сту а чекхбаьккхина волуш воллу со. Х1инца цхьа сту бен бисна а бац, — аьлла, жоп делла к1анта.
— Д1авала, хьаштдоцург ма леладе! — аьлла, воьхна хьаьвзина куьйса стаг.
— Дохковолий хьо? — аьлла, хаьттина к1анта.
— Дохковала а, ца вала а, х1ума дацара и-м. Х1ан, валал, дитал и, — олуш, куьйсачу стеган керта бахана xlopш.
— Хьадал, оцу вайн бешана керт ел! — аьлла, вахийтина куьйсачу стага xlapa к1ант.
Кхано, керт йина ваьллий-те xlapa, аьлла, вахана куьйса стаг. Бешана гобаьккхина кегаш а йоьхкина, Iaш карийна кхунна к1ант.
— Xlapa х1ун ду ахь динарг? Иштта йо керт? Аса даьхний чекх ца доьвриг керт йе ца аьллера хьоьга? — аьлла, карзахваьлла куьйса стаг.
— Дера дац х1окхунах чекх-м, цхьа а бежана а йа стаг а! Хьажал, хьо валалой, хьо ца тешахь, — аьлла к1анта.
— Хьажахь, цо дуьйцучуьнга! — аьлла, кегаш т1оьхула ког дехьабоккхуш xlapa воллуш, дика лачбоккхуш хьокха тоьхна, ност а йош, куьйса стаг охьа а виллина, хаьттина к1анта:
— Валалур вуй? — аьлла.
Цул т1аьхьа, цхьана буьйсанна шен нене аьлла куьйсачу стага:
— И к1ант вай аттачу балхах дита ца воллу. Д1авахийтаза вер вац иза. Тховса оцу вайн 1ожа т1е а ялий, атйокхах йека хьо. Шен ял а елла, д1авохуьйтур ву вай и к1ант, — аьлла.
Т1еяьлла, «ат-йокх», «ат-йокх», аьлла, атйокхах екна нана.
— Не1алт хуьлда хьуна! Стенна ека хьо, хьайн хан йоцуш? — аьлла, арахь вижина 1уьллучу к1анта топ тоьхна, охьаяхийтина куьйсачу стеган нана, атйокх йу моьттуш.
Т1аккха ойлаян хоьвшина xlopш: мар а, цуьнан зуда а:
— Вай х1инца довда деза, ца довдахь, г1уллакх хир дац, цо дерриге дойур ду вай, цхьацца х1илланашца, — бохуш.

#туьйранаш
2
Дика барт а бина, кечам бан боьлла xlopш, зудчо шайна некъана даа х1ума кечдина, майрачо чу х1умнаш а йухкуш, т1орказ кечдина.
Куьйса стаг ара а валийтина, xlapa к1ант х1умнашна буха, т1орказ чу д1алечкъина. Майра а, зуда а, шайн т1орказ вир т1е а диллина, д1абуьйлабелла. Д1аоьхуш садайна. Т1аккха цхьана берда йистехь, г1ел а, мац а белла, буьйса яккха севцна xlopш. Шайна юург схьаэца, аьлла, т1орказан нег1ар хьалаайина кхара.
— Дукха гена доьвллий-те вай? — аьлла, чуьра схьаваьлла xlapa к1ант.
— Ой, хьо тамашийна 1аламат! — аьлла, цецбоьвлла, вовшашка хьоьвсина xlopш. Т1аккха, кхин дан х1ума а ца хилла, цхьана охьахоьвшина шайна х1ума а йиъна, берда йисте, и к1ант а т1ехь, д1абийшина.
К1антана наб кхетта хир ю аьлла хеттачу хенахь, майрачо зудчуьнга аьлла:
— Ас кхано, х1окхуьнан наб ч1аг1ъеллачу хенахь, суо х1окху берда йистера д1а а ваьлла, xlapa ша вуьтур ву хьуна берда йистехь. Аса хьайна м1ара къовзийна муьшка йича, мийраш тохий, чукхоссалахь иза.
Цара дуьйцург хезначу к1анта, кхарна наб а кхетийтина, ша берда йистера вукху aгlop а ваьлла, м1ара къовзийна муьшка йина зудчунна. Зудчо мийраш тоьхна бердах чувахийтина шен майра — куьйса стаг.
Куьйса стаг а къарвина, шена йог1у къинхьегаман ял а эцна, ц1а вахана мискачу стеган к1ант.

#туьйранаш
3
куьйса-голый, лишенный растительности, листьев; безволосый; куьйса кол-голый куст; куьйса стаг -человек лишенный растительности.
ял- налог/процент,балхана мах.
алапа- заработная плата.
атйокх- кукушка
эр-борзая
утарма- опорный столб /ворот, навеса/.
кегаш- Остатки колосьев, стеблей и другие отходы при молотьбе

#гочдар
👍51
Х1ара туьйранаш доьший аша?
Anonymous Poll
89%
Доьша
11%
Цадоьша
1
Кхетий шу церах т1аккха?
Anonymous Poll
96%
Кхета
4%
Цакхета
1
https://t.me/chechfolk

" Г1арбаш" дешан маь1на хаьий хьуна? Т1аккха г1арбашо йо1ана тешнабехк муха бина?
Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу аьлла хетий хьуна?
Вуониг лоьхург вуочух вера ву аьлла?
Хьалхалерачу заманахь нохчийн зударий стенах бахьана а дой гуттаре а тийжара?
Хьуна х1окху хаттаршна жоп хаа лаахь, йа хьай жоп дуста лаахь, йа кхин а пайде х1ума хаа лаахь, телеграмм чохь лелош йолчу «Чеченский фольклор» аьлла ц1е йолу хьоста йукъавола/йола, т1аккха вай массо а кепара толлура йу нохчийн барта кхолларалла.
1
Было бы хорошо, поделись вы этой ссылкой
2
чеченский фольклор pinned «https://t.me/chechfolk " Г1арбаш" дешан маь1на хаьий хьуна? Т1аккха г1арбашо йо1ана тешнабехк муха бина? Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу аьлла хетий хьуна? Вуониг лоьхург вуочух вера ву аьлла? Хьалхалерачу заманахь нохчийн зударий…»
Шен лазар лечкъочунна дарба карор дац.

#кицанаш
🔥51👍1
Audio
Шира илли " Зураъ"

#иллеш
👍42
Истанги идеально вписались бы в интерьер саманного дома.
Эти фото сделаны в галерее по пр.Исаева, выставка «Маьлха-1аьзни».

Фото: https://t.me/chechfolk
👍41
Чеченские тайпы
🔥94
Урс ловзориг цкъа мацца хадаво

#кицанаш
3
Знаете, кто здесь изображён?
3
Знаете, кто изображён выше?
Anonymous Poll
17%
Да
83%
Нет
1
Дагавала гонах цхьа вацахь, куй охьабиллий, цунах дагавала.

#кицанаш
👍51