А мы все знаем, как на Кавказе развиты не только родственные связи, но и связи с соседями( особенно с соседями) да и со всем их аулом тоже. Поэтому, общее переживание радости и горя( особенно горя) имели и имеют большое значение в нашем обществе.
#тийжамаш
#тийжамаш
👏4❤1👍1
Сейчас, пожалуй, я отправлю сюда старый рассказ, где говорится о том, как вообще возникла такая традиция.
( скажу заранее, что началось все с лягушки и буйволов😂)

👏5❤1
Пхьиде кадамбар
Гота охуш бохкуш хилла ахархой, барх1 сту а тоьхна. Стерчий бута а йоьлла, девдда уьшал чу лилхина.
Пхьидан уьшал чохь дехьий, сехьий 1аш цуьнан ши къорни хилла.
Чулилхинчу стерчаша и пхьидан ши къорни хьашна йийна. Пхьидан к1орнийн нене кадаме пхьидаш хьаьлхина.
- Ва, х1ун хили? Ва, х1ун хили? - аьлла цара нана-пхьиде.
- Къохка дукъо кач буучо, б1оран серо букъ буучо, муьшан къежо кур буучо, ц1ога лестош буц йуучо, дашо, дато ши хьоза дий сан, г1урна-г1урт1ар йохий сан.
Т1аккха тийжа х1иттийна пхьидаш.
- Вай, хьуна хилларг!
- Вай, хьуна хилларг! - олуш екна цхьаерш.
-Х1ете-Х1ете! Х1ете-Х1ете! - бохуш, вуьш т1аьххьара екна. Цунах даьлла бах вайн нехан белхарехь зударийн тийжаш белхар.
#туьйранаш

🔥5❤1👏1
Кстати, эта традиция в жива все ещё, хоть и не в такой яркой форме.
Вы, наверное, заметили, что женщины, которым за 40-50 лет, ведут себя довольно-таки громко и порой наигранно на похоронах.
Обычно из их уст можно услышать " тхо муха 1ийра ду!? Тхо хьан дитана ахь!? Ма дика йиша/нана/накъост/ваша/лулахо йара/вара хьо!" " как нам теперь жить!? На кого ты нас оставил !? Какой же хорошей сестрой/матерью/соседкой ты была! И т.п."
Ранее я не понимала, что они творят. Не понимала, зачем это делают. Во-первых это неприемлемо в нашей религии. Во-вторых все эти действия и выглядят странно)
Но теперь картина чуть прояснилась.

👍7❤1👏1
чеченский фольклор pinned «Для лучшего понимания чеченского фольклора, его жанров и их особенностей, я буду разбирать, а после выставлять сюда, объяснения и пояснения к ним, исходя из научных работ.»
Продолжим разбирать тийжамаш.
Как я уже отмечала выше, тийжамаш исполняли женщины. Если на начальном этапе ,преимущественно, исполнительницами были взрослые женщины, то со временем прерогатива перешла к молодым девушкам.

👏3❤1
Среди большого количества записанных и опубликованных в печати причитаний на первом месте стоят " посвящения" сестры брату.
#тийжамаш
#тийжамаш
👏3❤1
Да пусть умрет вместо тебя мать
Твоего болевшего тела,
Как грустно покинул ты нас,
Да умри у тебя
Та, которую родила твоя мать!
(Хьайн нана лойла
Хьан лезначу дегIан,
Ма гIийла дIатеси ахьа тхо,
Хьайн нанас йинар ялариг!).
#тийжамаш
Твоего болевшего тела,
Как грустно покинул ты нас,
Да умри у тебя
Та, которую родила твоя мать!
(Хьайн нана лойла
Хьан лезначу дегIан,
Ма гIийла дIатеси ахьа тхо,
Хьайн нанас йинар ялариг!).
#тийжамаш
👏3🔥1
В другом лирическом причитании лирическая героиня с грустью вопрошает:
Оставшийся после тебя белый свет,
Как будет топтать твоей матерью рождённая?
(Дуьне дезаш хьоьх дисча,
Нанас йинчо муха хьоьшур ду?) -
и сама же отвечает:
В потёмки превратившегося белого света
Бродить будет та, которую родила твоя мать!
Сирлачу дуьненах Iаьржа бода хилла
Лелар ю хьан нанас йинарг!

Лирически причитания бытуют, в основном, в монологической форме - от имени сестры, матери или другой родственницы, скорбящих по поводу кончины брата, сына, родственника. Иногда, в редких случаях, встречается форма диалога: сестры с усопшим братом, матери с покойным сыном:
Вечером не плачь, меня родившая мать,
Утром не плачь, меня родившая мать!
Свои богатырские плечи о косяк (веранды) уперев,
По поводу, оставленного мною, любя, белого света, плачь...
Вечером будет плакать тебя родившая мать,
Утром будет плакать тебя родившая мать!

По поводу оставленного тобою, любя, белого света, будет плакать твоя мать...
(Суьйранна ма елха, со вина сан нана,
Iуьйранна ма елха, со вина сан нана!
Сайн турпала ши белаш бIогIамах товжийна,
Ас, дезаш, дитинчу дуьненна елхалахь...
Суьйранна йоьлхур ю хьо вина хьан нана,
Iуьйранна йоьлхур ю хьо вина хьан нана!
Хьайн турпала ши белаш бIогIамах товжийна
Ахь, дезаш, дитинчу дуьненна йоьлхур ю хьан нана...).

ЙО1 НАННА ТИЙЖАР
ВА, АХЬА йинарг яла хьан, везни Дела,
Дуьненан б1аьра г1ийла хьежа, аьлла,
Йити-кха ахьа со, ахьа йинарг хьан яларг!
Ахьа г1ийла яьккхина хан
Аса муха йицйийр ю, ахьа йинар яларг!
Вай Дела яла хьан ахь йинар, везин Дела!
Дуьненан марзонах яьккхи-кх
Ахь со, ахь йинарг яларг.
Эрна арадехи-кха ахь тхо,
Ахьа йинарг яларг!
Нана-а олуш кхайкхина
Ели-кха со хьоьга.
Ахьа йинарг яларг,
Везин Дела, воккха Дела,
Сан г1ийла нана йог1у хьуна,
Гечделахь цунна, везин Дела!

САТИЙСАР
Цхьана юьртахь ехаш йолчу цхьана йо1ана т1ехьийзаш цу юьртара бехачу нехан цхьа к1ант хилла. Ткъа х1ара йо1 г1ийлачу ден-ненан хилла. Ша вехаш хиларе терра, йо1ана даккхий хабарш дуьйцуш хилла к1анта.
Цхьана дийнахь юртахь доккха ловзар хилла, цу ловзаргахь йоь1ан т1ехьийзаш волчу к1анта кхунна уллехь 1ачу йо1е сакъера аьлла хабар даитина. Ша лаьттахь йу, стиглахь йу ца хууш 1аш хилла йо1, шен нийсархошна хьалха юьхь1аьржа а х1оьттина.
Иштта х1ара холчахь 1ача хенахь, дихьа сонехь 1аш волчу цхьана къонахчо т1е хабар даийтина кхунна. Иза хилла цхьа беркъа х1ума т1ейоьхна, деха 1аьржа верта а доьхна. Самукъадаьлла йо1а.
Ша халхаволуш ца хилла и къонах, делахь кхечаьрга йоккхуьйтуш хилла. Йо1 хелха моссаза йолу, тапча кхуссуш хилла къонахчо. Иштта яьлла дикка хан. Ша куралла йиначу йо1ана оцул сий дан ваьхьнарг мила ву хаа лиинчу вехачу к1анта аьлла:
- Ма кхисса и тапчанаш, кхин и кхоьссинчуьнан соьца г1уллакх хир ду, кхузахь бераш а ду.
Т1аккха а йо1 хелхайолуш къонахчо тапча къоьссина. Хьалаиккхина чухьаьдда вехаш волу к1ант. Г1овг1анаш ца езаш волчу къонахчо аьлла:
- Х1инца кхуза 1едалах стаг кхача мега, цундела со д1а ца вахча ца волу, хьоьца дерг вайша къастор ду нах боццучохь, гур ву вайша!
Т1аккха йо1анна т1е а вахана аьлла цо:
- Со йуха вог1ур ву хьуна, маре ма г1олахь, со Зеламха ву хьуна Харачуьра.
Изза дешнаш а аьлла, говра т1е а хиина, д1авахана къонах. Ехха лаьттина йо1, 1адийча санна. Ткъа Зеламха боху ц1е ма-хеззина, бос хийцабелла вехачу к1ентан.
Дукха хан яьлла цул т1ехьа. Б1е сов шо а кхаьчна цу йоь1ан, кхин маре ца йоьдуш. Ша маре ца яхарх иштта дуьйцу бахара цу йо1а: оццул юхь1аьржа х1оьттина, ша дог доьхна 1ача минотехь, цо шен к1айн йина юьхь, цо шен дина сий диц ца луш, иза вог1а ларвеш 1ийна ша. Оццул шераш д1аэхарх, иза вог1ар вац аьлла дага ца деана шена.
#дийцарш

👏5
❤3👍1
👍4
ТЕШНАБЕХК
Едда йог1уш хилла меца борз. Цхьана а меттахь йуург ца карош схьайог1уш йолчу цунна хьуьна йуккъехула болчу новкьа варда д1аяхана лар гина. Цу лораца гена ялале йууучу х1уманан хьожа кхетта цунна. Барзана карийра йоккха горга сискал. И д1акхалла цо бага г1аттошехь, мохь хезна цунна.
— Ваша, ларлолахь, — аьлла. Д1ахьаьжча, цунна гина т1едедда дог1у цхьогал.
— Х1ун боху ахьа, йиша? — хьаттина барзо.
— Цу сискалх д1овш тоьхна хила мега. Хьо ларьян бохура аса-м.
Ойла йина барзо.
— Ткъа аса х1ун дан деза кхунна?
— Хаац, — аьлла жоп делла цхьогало, — сайн вешина бохам ца хилийта, и йаа а йиина, яла а реза йу-кх со, хьо реза елахь.
Барзо жоп делла:
— Дика ду, д1айаа.
Цхьогало йиина дийнна сискал. Ехха 1ийна 6орз, цхьогална х1ун хуьлу хьоьжуш. Амма цунна х1умма а ца хилла.
Иштта борз лейина цхьогало, шена сискал а йиина.