Б1аьсте т1аьхьа йог1учу 1аьнах ма кхера, 1а т1аьхьа дог1учу гуьйренах кхера.
#кицанаш
#кицанаш
❤2
тIай тIe гIоьртина бугIа — «на мосту поднатужившийся бугай» — выражение используют для характеристики человека, поведение, поступки которого определяются упорством, иногда переходящим в упрямство
#фразеологизмаш
#фразеологизмаш
❤2👍1
БОРЗ
Цхьа борз хилла гуттар ч1ог1а йуучух йуьзна. Курайаьллачу барзана хьаьжа ц1а йаха йеза ша аьлла дагадеана. Т1аккха коьллаш йуккъе а йаьлла, коьртах йараш а хьарчийна, хьаьжа ц1а йаха новкъа йаьлла иза. Оьхаш, генна а йаьлла йоьдаш хилла борз.
Йоьда-йоьдуш вирана т1екхаьчна иза. Кхераделла вир д1аиккхина.
-Вир, хьо д1а ма лелха,хьо схьа ма лелха, со дикачу новкъа арайаьлла. Со хьаьжа ц1а йаха арайаьлла, сох кхерам бац хьуна, аьлла барзо. Цо и аьлча, шен метта йажа д1ах1оьттина вир.
Т1аккха йоьдайоьдуш тарана т1екхаьчна хьаьжа ц1а йоьдуш йолу борз. Барзах кхера а белла, ту д1аиккхина. Йуьзана ша х1ун дийр ду а ца хууш йолчу барзо аьлла:
- Хьо д1а а ма лелха, ту, схьа а ма лелха, ту, со дикачу новкъа арайаьлла хьуна, аса х1умма а дийр дац хьуна, сох ма кхера.
Ту бажа д1ах1оьттина, цо и аьлча.
Т1аккха д1айоьдаш йолу борз говрана т1екхаьчна.
Хьалха вир а, ту а санна, кхера а йелла, д1аиккхина говр. Амма барзо сацийна иза:
- Хьо д1а а ма лелха, говр, хьо схьа а ма лелха, говр, сох кхерам бац хьуна, со дикачу новкъа арайаьлла, со-м хьаьжа ц1а йоьдаш йай, - аьлла.
Говр йажа д1ах1оьттина.
Йоьда-йоьдуш гена йаьлча, борз мац а йелла, г1ел а йелла, ша ара беккхинчу некьана дохкохъйаьлла. Йуха а йирзина, шен коьртах йохку йараш д1а а кхиссина, вир а, ту а, говр а йаа дагадеана цунна. Цо ша-шега аьлла "Суна х1ун оьшу хьаьжа ц1а йахар. Цулла а сайна говран жижиг, теран жижиг, виран жижиг а дууш 1ийра йай со".
Эццигахь йуха а йирзина, ц1ехьа йолайелла борз. Схьайог1уш говрана т1екхаьчна иза. Говро барзе аьлла:
- Хьо хьаьжа ц1а йоьду ца бохура ахьа, хьо дикачу новкъа йоьду ца бохура ахьа?
- Со дера йог1у дохко а йаьлла. Сайна виран жижиг, теран жижиг, говран жижиг дууш 1ийра йай со, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду х1ета, - аьлла говро, - хьо йаллаца а, хьо йелча а йаъал хир йу-кха со хьуна, айхьа со йаълей, сан когах боллу хьостам схьабаккхахь, сагатдо сан цо.
Уллий а йахана, барзо ког схьалаьцна:
- Муьлха ког бу хьан иза?- аьлла. Борз улли йогг1ушехь, коьртах мийра тоьхна, говро кхоьссина д1айахийтина иза.
Шена чу са даллалц йоьжна а 1иллина, хьала а г1аьттина, йуха а новкъайаьлла борз. Йоьдуш тарана т1екаьчна иза. Йуха йог1у борз а гина, таро аьлла:
- Хьо йуха ма йог1у, борз, хьо дикачу новкьа йаха арайаьлла ца бохура ахьа?
- Со-м дохкойаьлла, сайна теран жижиг, виран жижиг а дууш 1ийра йай со, оцу дуьнен т1е йоьдачул,- аьлла барзо.
- Делахь дика ду х1ета, со хьуна йаллалц баъал а, йелча баъал а хир бу, хьалха сан ма1ан чохь боллуш болу н1аьна схьабаккхахь, - аьлла, дехар дина таро.
- Хьагайтал, мичахь бу и? - аьлла, улле йеана борз. Иза хьалхайоллушехь коьртах ма1аш тоьхна 1ункар х1от1ийна иза таро.
Ша метта йеача, меллаша хьала а г1аьттина, йуха новкъа йаьлла борз. Йоьдуш, вирана т1екхаьчна иза. Виро аьлла:
- Хьо йуха ма йог1у, борз, хьо хьаьжа ц1а йаха йаьлла ца бохура ахьа, хьо дикачу новкъа йобдуш йу ца бохура ахьа?
- Со-м дохко йаьлла йуха ма йог1у, цуллий а сайна виран жижиг а дууш 1ийра йай со, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду, со хьуна йаллалц а, йелча а йаъал хир йу хьуна. Цкъа хьалха хьалларчу барза т1е а йаьлла, пихмоллин илли алийтахь соьга, - дехар дина виро. Шега т1ехьа йа хьалха йала ца аларна х1умма а шек ца йаьллачу барзо бакъо йелла:
- Алахь, делахь илли а.
Т1аккха барз т1е а йаьлла, виро мохь хьакхна:
- Н-на-на-на-на-на, - аьлла.
И мохь хезна нахана. "Ва-а, варраш дойу вай", - аьлла, орца а даьлла, наха шайн вир д1адигна, ткъа барзана баьхьанаш, белаш, г1ожмаш йиттина, эккхийна
Т1аккха цара ша эккхийча, хьуьнах а йахана, цхьана дуькъачу 1инчу охьа а хиъна, йилхина борз:
- Ах1ий, ах1ий, со хьаьжан ц1а йаха хьаьжа вацарий, со говран хьастам хьабаккха пхьар а вацарий, теран ма1ан чуьра н1аьна хьабаккха лор а вацарий , пихмоллин иллига ладег1а замо а вацарий, - ах1ий, ах1ий, - аьлла, кхин а г1ар айина хьуьнан чохь барзо.
Царна г1алдий-булдий, вайна к1айн божжий, мозан 1айггий.
#туьйранаш

❤2🔥1
Ворх1 вешин ворх1 седа ворх1азза са ца до1уш багарбичи мел бу боху.
(Са ца доккхуш ворх1азза ала деза).
#чехкаалараш
(Са ца доккхуш ворх1азза ала деза).
#чехкаалараш
❤2
❤1
❤2🔥1
❤2🔥1