👍3
Докъаца кхоллам
Маре г1урриг хилла йолу цхьа йо1 xlop сарахь хит1а йог1уш хилла. Цкъа а, шозза а шовданчуьра пхьидо олуш хезна йо1ана: «Ма хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам хир бацахьара».
Кхозлаг1а а шовдана т1е еанчу йо1ана хезна хьалха санна пхьидо олуш:
«Ма хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам бацахьара». —И х1ун ду-те? — аьлла, шен дега хаьттина йо1а.
—Докъаца кхоллам хиллане хила йиш яц хьуна, — аьлла дас, шен йо1е. Цул т1аьхьа дукха хан ялале цу эвлара д1авала дагахь новкъаваьлла да, шен йо1 эцна.
Да а, йо1 а д1адоьду-уш хьуьнахахь йинчу цхьана йоккхачу г1али т1е кхаьчна. Цу г1али чу ваха ков д1аделла дагахь белаш г1ортийна дас. Д1аделлалуш ца хилла ков. Шозза а, кхузза а кевнах белш г1ортийна дас. Ков делла ца делла. Т1еяханчу йо1а куьйга д1атеттина ков д1адиллина. Т1аккха да арахьа а волуш, йо1 чоьхьа а йолуш ков ша-шах д1акъовладелла.
Шега ков д1а ца деллалой хиъча, йо1а, чу а яхана, хьожуш, массо меттиг а теллина. Чухула лела-аш, марчо а хьарчийна х1инц-х1инца велла, д1аволла кечвина цхьа стаг гина йо1ана, меттахь 1уьллуш. «Хаза йо1 яра хьо, докъаца кхоллам бацахьара бохуш, пхьидо вийцинарг хьо хилла-кха», — аьлла, мозашна х1ума ласто кара цхьа х1ума а эцна, докъана улле охьахиъна йо1. Т1ехевшина мозий д1а а лелхош, кхойтта шарахь дакъа самадолий-те хьоьжуш, лардина цо.
Кхойтта шо д1адаьлча, кел арахьа висина волу, йоь1ан да велла, йо1 арайолу ларъеш 1ийна волу. Дейтталг1а шо а доладелла, йо1а и дакъа хьалаг1отту лардеш. Дейтта шо кхочуш, не1 а йиллина, xlapa йо1 йолчу еана г1арбаш. Йо1а аьлла г1арбаше:
— Схьайолахьа, жимма, со чу яллац кхунна т1е хиъна моза-х1ума xlapa гla a ластош д1аяккхахьа, со, сайн да кет1ахь вуй а хьаьжна, чуйог1у хьуна.
Иза араяьлла дукха хан ялале дейтта шо чекх а даьлла, дакъа самадаьлла. Г1арбаша аьлла самаваьллачуьнга:
— Х1окху дейтта шарахь т1е моза ца хоуьйтуш, гla лестош, хьуна улло а хиъна 1ий-кх со.
Цу меттехь цо г1арбаш ялийна. Шена дейтта шара гla лестош 1ийна йолу и йо1 шайн г1арбаш а йина, дехаш 1аш хилла и стаг а, цуьнан хьалха хилла йолу г1арбаш а.
Ша базара мосазза воьду, цу стага олуш хилла шайн г1арбаше:
— Хьуна х1ун йохьур йу ша базарара?
Цкъа иштта шега аьлча йо1а дехар дина шена тайниг а, урс а, баттам а эцахьара, аьлла. И ц1ераш яьхна йолу х1уманаш шена еъча, тайниг а ловзош 1аш йолчу йо1а, тайниг охьа а йиллина, шена хилларг юьххьера дуьйна дийца а дийшша, тайниге аьлла:
— Тайниг, сан къиний, балиний елха х1унда ца йоьлху хьо? Мохь тоьхха йилхина тайниг.
— Баттам, сан къиний, балиний хьала а иккхина, лаьттах кхетта йоьхна-йаьржина д1а х1унда ца йоьду хьо? - аьлла йо1а баттаме. Хьала а иккхина, лаьттах кхетта, йоьхна д1айахана баттам.
— Урс, сан къиний, балиний хьалаиккхина, тховх кхетта, сан дагах х1унда ца дог1ало хьо? — аьлла йо1а. Хьалаиккхина урс тховх кхетта, юха чудале, чуиккхинчу йо1а и хабар дуьйцуш къайлах ладоьг1уш лаьтташ хиллачу к1анта, катоьхна, уьрсах к1елхьараяьккхина йо1. Т1аккха хиъна к1антана оцу г1арбаша кху йо1ана тешнабехк биний. И йо1 шена а ялийна, хьалха хиллачу г1арбашах г1арбаш а йина, даха хиъна и шиъ.
#туьйранаш

👍9
Для того, чтобы вы лучше поняли текст и его смысл, редко используемые и устарелые слова буду переводить на русский язык.
👏7👍1
👏10👍2
👍7❤1👏1
Х1етал-метал хаийла хьуна: Куьйгаш а дац, бел а йац, поппарх хIусам а йо?
Жоп:
Ч1ег1ардиг
#Х1еталметалш
Жоп:
#Х1еталметалш
👍9❤1🔥1👏1
Для лучшего понимания чеченского фольклора, его жанров и их особенностей, я буду разбирать, а после выставлять сюда, объяснения и пояснения к ним, исходя из научных работ.
👍7❤1🔥1👏1
На данный момент моё внимание привлёк тийжам( обрядовая песня, плач при оплакивании покойника), который является жанром обрядового фольклора.
Как-то вышло так, что у меня есть рассказ, объясняющий, как сложилась такая традиция.

👏4❤2👍1
Раньше, до прихода Ислама, тийжамаш были очень распространены. И считалось, что чем они трагичней и громче звучат, тем лучше умершего примут на том свете.
Дала мукъ лахь, со следующей недели начну освещать эту тему)
#тийжамаш