чеченский фольклор pinned «Борз а, къена ка а Жа йуккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш 1аш йолчу мецачу барзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха ц1ий т1е а мелла, хьун луьста йолчу д1ата1а йоьдуш…»
Маршалла хуьлда!
Вы можете в комментариях оставить считалки и скороговорки, которые знаете?

❤4
Forwarded from Chechen Visuals
Несколько народных песен наших любимых кавказских братьев и сестер, в которых упоминаются чеченцы или которые им посвящены.
❤7
👍2 1
👍4
Ден весет
Цхьана ден ворхl кlант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас кхайкхина и ворхle a кlант тlе а валийна, цаьрга аьлла:
— Ворхlе а ваха а гlой, цхьацца сара а баьхьаш, чувола, аса со валале цхьа весет дийр ду шуьга!
Цхьацца сара а бахьаш, чубаьхкина кlентий.
Дас аьлла:
— И ворхlе а сара вовшах а тохий, тlийриг а хьарчайай, цхьаъ бе.
Цо ма-аллара и ворхle а сара цхьаъ болуш санна дlахlоттийна кlенташа.
Дас воккхахволчу кlанте аьлла:
— Схьаэцал, кlант, уьш кагдаг хьажал.
Цу ворхl серах хилла гlаж, гоьл тlе а теlош, кагъян гlертарх, ца кагъелла кlанте.
Цуьнга санна вукху вежаршка аьлла. Цаьрга а, цхьаьнгге а ца кегделла серий.
Тlаккха аьлла дас:
— И хlора сара къаста а бай, ша-ша а баккхий, хьовсал шайга уьш кеглой.
Цо ма-баххара, уьш хьовса а хьаьвсина, массара а и серий кегдина.
Дас тlаккха шен кlенташка аьлла:
— Хьовсал, сан кlентий, и аша цхьаьна вовшахтоьхна ворхl сара санна шу цхьаьна, бертахь, вовшийн гlо деш хилахь, шух аддам а кхаьрдар дац, амма шу вовшахдовлахь, наха шу а лорур дац.
#дийцарш

👍2
тӀийриг - [тӀерган, тӀергана, тӀерго̃, тӀерге̃, й; мн. тӀергаш, й] верёвка, шпага́т; шнур.
#гочдар
#гочдар
Цхьана 1овдалчо деллачу хаттаро шовзткъа хьекъалдерг юьхь1аьржа хоттийна.
#кицанаш
#кицанаш
❤3
Таьхьаваьлла лелачунна ца кхаьчна дакьа, рицкъа долчунна кхаьчна.
#кицанаш
#кицанаш
👍5