чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Барзо 1ахарца мохк къовсар
Цхьана пана махкахь, шира кІотар лаьттинчу меттехь, жа дажош лелачу жаІунна ца хууш, кулла уллехь бехкинчу жийнан Іахар бисина хилла, жеца ежаш лела нана дІа а йахана. Сийначу бацала болий бажа а бежащ, ша хьагбелча, шийлачу шовданна тІе боьдий хи а молуш, буйса йоьлча, цхьана куллах булий охьа а буьжуш, хаза кхиъна Іахар. Цу-кеппара, жех а хаьдда, дисина цхьа жІаьла а хилла Іахарна гена доццуш Іаш.
Иштта Іахар хан-зама йоккхуш Іаш, лелаш цхьа борз тІекхаьчна цунна.
Мацалла дар а йелла лелачу барзо, Іахар баа дог хилла, дов хьедина цунга:
- ХІара хьо бежаш, ахь буц йууш болу мохк сан дех бисна, сан бу. ДІабала беза хьо кху сан махка тІера, - алла.
Іахаро барзана жоп делла:
- ХІан-хІа, борз, бакь ца лоь хьо. Хьан бац хІара, сан ден хилла мохк бу хара. Кху махка тІехь бан а бина, кхиа а кхиъна со.
- Делахь, дика ду, - алла барзо, - хара мохк хайн хилар чІагІдеш кхана теш ахь а валаве, хара сайн хилар чагІдеш теш ас а валор ву. Тоьшалла бакъдолчун хир бу вайшиннан хІара мохк.
Іахар цунна реза а хилла, дІасакаьстина хІара шиь.
Хьаьдда баханчу Іахаро луларчу жен жІаьле шен бала ма-барра дІа а бийцина, шена гІоьнна дагІахьара хьо, аьлла, дехар дина.
ЖІаьла, реза а хилла, Іахар бежаш лелачу метте деана.
Цигахь Іахарца къайлах барт а бина, шовданна уллерчу куллах доьлла, дІалечкъина жІаьла. Шек а боцуш, халха санна бежаш лелаш хилла Іахар.
ТІаьхьа цхьогал а хІоттийна, йеана схьакхачна борз а.
- Валийний ахь теш? - хаттина барзо Іахаре.
- Хьан тешо, хара мохк хьан бу алла тоьшалла дича а, кхачам хир бу суна. Таккха ас дІалур бу хІара хьуна, - аьлла Іахаро.
- Делахь, дика ду, стенах лаьцна дуй бууш дан деза тоьшалла? - аьлла, хаьттина барзо.
- ХІокху куллах ког а тухуш, тошалла дан деза, - аьлла Іахаро.
- Иза-м хала дац, - аьлла, тоьшалла дан тІедахана цхьогал.
- ХІокху куллора, — аьлла, ког а айбина, тоьшалла дан добллачу цхьогална кулла кІелхьахула, цІеран кІегий санна,
бІаьргаш къерзош, схьахьожуш Іуьллучу жІаьлех бІаьрг кхетта.
Пархъалла йуха а иккхина:
- Мехкан дас хьалха дан деза тоьшалла, — аьлла кхераделлачу мекарчу цхьогало.
Резахилла, кулла тІеяханчу барзо:
- ХІокху куллора, - аьлла, ког хьалаойббушехьа, кулла йукъахь доллучу жІаьло, тІекхетта ворта а лаьцна, ластийна лаьттах тоьхна, букь а бош, хьакхийна, йийна
дІайаьккхина борз.
Дедда гена а даьлла, мохь тоьхна цхьогало:
- ХІара долалушшехьа хаара суна, тоьшалла мехкан дех гІур дуйла. БІаьргаш а, цІога а гуш харц тоьшалла дара хІара.
Пана мохк– Безлюдное место; степь

#туьйранаш
КХО ГАЗА-ГУЬЗАЛГ
Кхо газа-гуьзалг йахана хилла ломал дехьа, йажа-кажа. Цхьа гай долчо, ша йуьзина йаьлча, ши гай долчуьнга аьлла: хьо д1айог1ий, ша йуьзна.
Вукхо жоп делла:
— Хьан цхьа гай дузарх, сан шиъ ца дуьзина, д1айало, со т1аьхьакхуьур йу хьуна.
Цхьа гай дерг, д1айоьдуш, т1айл дехьа йала йезаш хилла. Цу т1ай т1е х1ара кхочуш т1ай к1елара схьа а йаьлла, борз дуьхьал йаьлла кхунна.
— Хьо стенгара йог1у, ва газа-гуьзалг?
— Ломал дехьара йажа-кажа йаханачара йог1у.
— Хьан коьртахь йерг х1ун йу ?
— Ма1а-т1оьлгаш йу.
— Хьан кочахь йерг х1ун йу?
— Муьсил-мехий ду.
— Х1ан синпха х1унда беттало?
— Хьоьх кхоьруш беттало.
Барзо и д1акхаьллина. Йуха а шен метта д1алечкъина борз. Ши гай долчо ша йуьзна йаьлча, кхо гай долчуьнга хаьттина:
— Хьо д1айог1ий?
— Вукхо жоп делла:
— Хьан ши гай дузарх, сан кхоъ ца дуьзина, д1айало, со т1аьхьакхуьур йу хьуна.
Ши гайдерг новкъа йаьлла ц1а йаха.
Т1ай т1е кхаьчча, вукхунна санна борз дуьхьал а йаьлла, и д1акхаьллина.
Кхано кхо гай дерг ц1а йог1уш, цунна дуьхьал а йаьлла борз. Цо хаттарш дина кхуьнга:
— Хьо стенгара йог1у, ва газа-гуьзалг?
— Йажа-кажа йахана йог1у.
— Хьан коьртахь йерг х1ун йу?
— Хьуна 1итта йахьаш ма1а-т1оьлгаш йу.
— Хьан кочахь йерш х1ун йу?
— Хьуна 1итта дахьаш муьсил-мехий ду.
— Хьан синпха х1унда беттало?
— Хьох лата дог дог1уш беттало.
Чухьаьдда цо берзан гайх ма1аш тоьхна и дат1а а дина, шен ши накъост парг1атйаьккхина.
Борз хи чу а тесна, хьонг-т1онг, сан ши накъост бохуш, д1айахна газа-гуьзалгаш.

#туьйранаш
👍41
Газа-гуьзалг - козленок
Ма1а-т1оьлгаш- маленькие рога, рожки.
Синпха-пульс

#гочдар
👍3
Tschetschenische Studien
Von A. Schiefner
1863
👍3
Цхьа стаг хилла ц1еной дакъа духкуш. Схьаэца веанчу стеге ,шен декъан кхузткъе итт туьма мах бу аьлла цо. Эцархо цецваьлла: «Ма деза ду хьан ц1енош?» -аьлла.
-Сан ц1енош деза дац, оцу ценошца аса хьуна буьту лулахой бу беза. Ц1енойх ткъе итт туьма, аса хьуна буьтучу лулахойх –ткъе итт туьма долу хьуна.
Эцархо реза а хилла, схьаэцна ц1енош.
1👍3
Борз а, къена ка а
Жа йуккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш 1аш йолчу мецачу барзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха ц1ий т1е а мелла, хьун луьста йолчу д1ата1а йоьдуш хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай т1ехь бежаш цхьа къена ка гина цунна. Цунна т1е а йахана, барзо аьлла:
— Хе-е-е, ка, xlapa бай сан буйла ца хаьа хьуна, кхузахь бажа бакъо хьан йелла хьуна?
— Xlapa бай хьан бац, сан жа1ун бу, — меллаша жоп делира кано.
— Хьо харц лоь! — чуьрайаьлла мохь хьаькхира барзо. — Хьан жа1у дуьнен т1е а валаза вара, xlapa бай сан долахь болуш.
— И бакъ дац, — сих а ца луш, йуха а меллаша элира кано. — Суна дика хаьа xlapa бай сан жа1ун буй!
Дукха оьг1азйаханчу барзана б1аьрга ц1ий хьоьвзира, катоьхна и бел, делахь а, ша юьзина йолу дела, и а ца деш, мохь-ц1ог1а а тоьхна, 1ад1ийра борз, кханналц буьтур аса xlapa, ткъа кхана, со мацйелча, бе а бийна, буур бу, аьлла, сацам бира цо.
— Вайшимма х1ун дийр дуй, ка, — элира барзо, — Вайшиммо къийсарх, цкъа а къаьстар дац, xlapa бай хьенан бу: ахьа и жа1ун бу, бохур ду, аса и сайн бу, бохур ду, — цулла а кхана 1уьйранна кхуззахь вовшах а кхетта, хьуьллахь йолчу коьллашна уллохь и бай шен бу, аьлла, дуй биинчуьннан, хир бу-кх и. Реза буй хьо?
— Реза бу, — меллаша жоп делира кано.
Т1аккха и шиъ д1асакъаьстира: борз хьуьнах йахара, ткъа ка шен эвла д1айахара.
Сатосуш, шеца доккха жен ж1аьла а далош, схьабеъна ка. Ж1аьла коьллаш юкъа д1алечкъина, ткъа ка кхуззахь бажа х1оттина.
Барзана хьуьнхара арайаьлча, бежаш ка гина, цуьнан дог ловзадаьлла т1аккха.
— Х1инца-м дийнна к1иранах йуьзина лелар яра со, — аьлла, бай т1е едда борз.
Мичара дели ца хууш, барзана дуьхьал цхьогал даьлла.
— Марша йог1ийла, борз! Хьо стенга йоьду сел сихъелла? — хаьттина цхьогало.
— Маршалла хуьлда, цхьогал, со-м бай болчу йоьдура, — аьлла, ма дарра д1адийцина барзо, ша сийсара каца къовсарх лаьцна.
— Эх1-х1ай, ма дика г1уллакх ду и, — боху цхьогало, — амма, хьуна-хьайна хаьа хир ду-кх, теш ца хилча цхьа а къийсам чекх ца болий, цундела со теш дигахь, со хьоьгахьа хир ду, ткъа ахь суна уьстаг1ан чоко а, когаш-корта а лур бу.
— И дан мегар долуш х1ума ду, схьадола соьца, — аьлла, жоп делла барзо. Борззий, цхьогалий бай болчу кхаьчна, т1аккха барзо кане хаьттина:
— Т1аккха, дийцал, х1инца а хьайн жа1ун бу боху ахьа x1apa бай?!
— Дера боху, — элира кано.
— Э-э-э, ка, эхь ца хета хьуна аьшпаш битта! — бехк боккхуш элира цхьогало, корта а техкош. — Дукха хенахь дуьйна массарна а хууш ма ду x1apa бай, кхин цхьанне а боцуш, берзан буй.
— Хьуна хьаьнгара хезна и? — хаьттина кано.
— Хьаьнгара хезна бохург х1ун ду?! — цецдаьлла, мохь хьаькхира цхьогало. — Хьайна луъучуьнга хатта мегар ду хьуна, и массарна а хууш ду. Суна дагадог1у, дукха хан йу и хилла, со жима долчу хенахь, сан дас-нанас кест-кеста къамел дора кху байх лаьцна. Кхечу меттигашкахьчул, берзан бай т1ехь долу дехкий дерстина датт1а дохкуш хуьлу, олура цара. Т1аккха ца хаьа хьуна, нагахь x1apa бай жа1ун белахьара, цара цунах берзан бай эр ма дацара.
— Дика ду делахь! Дуй буий ахьа, айхьа дуьйцург бакъ ду, аьлла? — хаьттира кано.
— Ой, дера буу, — элира цхьогало.
Дика ду. Оцу коьллаш йуккъе цхьа ког а х1отта бай, ала: аса дуй буу, x1apa бай берзан бу, — аьлла кано.

#туьйранаш
1👍2
Борз а, къена ка а
(Шолг1а дакъа)

Цхьогална, коьллаш т1е йолалушшехь, цу йуккъера къега ши б1аьрг гина, т1аккха сихха йуха а йирзина, гено а йаьлла, йоьхна а хьоьвзина, аьлла цо:
— Бакъ дерг аьлча, суна схьахетарехь, сан дас-нанас цу байх лаьцна дечу шайн къамелехь уьстаг1ах лаьцна а хьахийра… Билггал ала ца хаьа суна, x1apa бай хьенан бу, цундела къа т1е лаца ца лаьа суна, дуй а бууш. Нагахь барзо дуй баахь, аса а буур бу-кх.
— Хьуна х1ун моьтту, — аьлла, оьг1азйахана чутасаелира борз, — хьо санна кхоьруш йац со, аса буур бу дуй!
Цхьа ког коьллаш йукъа а бахийтина, барзо «ас дуй буу» оллушехь, цу йуккъера доккха жан-ж1аьла схьаиккхира, цо, борз схьа а лаьцна, д1асаетта йолийра. Хала дела балица ж1аьлин багара а йаьлла, йедда к1елхьараелира борз. Ткъа цхьогал-м, тоххарехь лекхачу гу т1е а даьлла, цигара барзе мохь бетташ дара:
— Аса ца бехира хьоьга, борз, къера дуй ма баа?! Ла ца дуьйг1ира ахьа соьга, цундела хьуна хила деззарг хили-кх!
#туьйранаш
1👍3
Нацкъара - 1. прил. находя́щийся в стороне́; 2. нареч. в стороне́; в сто́рону.
Жа -, – ш (ду) – отара
Луьста – густой; частый*Луьста хьун – густой лес
Коьллаш - (йу) – кустарник
Жен ж1аьла – кавказская овчарка
Къера - , Къераниг – ложный, неверный
#гочдар
4
чеченский фольклор pinned «Борз а, къена ка а Жа йуккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш 1аш йолчу мецачу барзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха ц1ий т1е а мелла, хьун луьста йолчу д1ата1а йоьдуш…»
Маршалла хуьлда!
Вы можете в комментариях оставить считалки и скороговорки, которые знаете?
4
Forwarded from Chechen Visuals
Несколько народных песен наших любимых кавказских братьев и сестер, в которых упоминаются чеченцы или которые им посвящены.
7
Къонахчун мах - цуьнан дешан мах бу.

Цена мужчины- цена его слова.

#кицанаш
👍21
Нахана хилларг вайга а лало, вайна хилларг нахе а лалур ду.

#кицанаш
👍4