чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Текхарго аьлларг
Хьалхалерачу заман чохь вехаш-1aш хилла цхьа онда нарт. Адамашна ч1ог1а оьг1аз а вахана, церан йурт йагийна цо. И йагийна ша ваьлча, луьстачу хьуьна йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, т1ема дала ницкъ берг, т1ема дала! Со кху хьуьнах сийна ц1е лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маь11ера дуьйна ц1е тесна наьрто. К1елхьаравала ницкъ кхаьчнарг, к1елхьарволуш, ц1еран г1овг1а бен йоцуш, тийналла х1оьттина хьуьнхахь.
Йаьгна йаьлла хьун. Хилларг, х1ун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маь1ехь, алу т1ехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
—Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xlapa ц1е йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? Х1унда 1ий-те хьо кху ц1ера юккъехь? — хаьттина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.
— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо йац сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. Х1окху лаьттан экъан т1ехь суна массо а х1ума ду гергара, x1apa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь 1ожалла т1еэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте.

#туьйранаш
👍3
Борз а, цхьогал а, н1аьна а
Цхьана лекхачу лаьмнашкахь, цхьа а ца 1ачу йуькъачу хьаннашкахь, вовшах а кхетта, барзо а, цхьогало а, н1аьно а сацам бина, бах, цхьогало хьехар а дина, шахьар йан.
— Муха йан йеза и шахьар? Уггар хьалха х1ун дан деза вай? — аьлла, хаьттина барзой, н1аьной.
Цхьогало аьлла:
— Барзо хьуьнхара дечиг дахьар ду, аса стигала к1ур оьхуьйтур бу, ткъа н1аьно 1уьйранна, кхойкхуш, массо а самавоккхур ву. Т1аккха нахана йуккъехь, вай шахьар йиллина, аьлла, даьржар ду.
Шолг1ачу дийнахь борз хьуьнах йахана дечиг даккха, ткъа цхьогал, н1аьна схьалаца г1ерташ, цунна т1аьхьайаьлла. Н1аьна к1елхьарайаьлла, амма цхьогалан багахь цуьнан ц1ога дисина.
Схьакхаьчна борз, мор буьззина дечиг а дахьаш. И охьа а тесна, д1ахьаьжча, дитта т1ехь н1аьна гина цунна ц1ога а доцуш.
— Ой, хьуна х1ун хилла? — аьлла, цецъйаьлла борз.
Н1аьно хилларг дийцича, оьг1азъяхана борз, цхьогална т1е а кхетта, цуьнан хаза деха ц1ога схьадаьккхина. Цунах дедда к1елхьарадаьллачу цхьогало мохь тоьхна, боху:
— Вададай! Вай иштта вовшийн ц1оганаш ийзадахь, цкъа а шахьар йийр йац-кх вай! — аьлла.

#туьйранаш
👍2
Шахьар- объединение, столица, поселение.

#гочдар
👍4
"Чантал" дешан маь1ан
Anonymous Quiz
70%
Медвежонок
10%
Лист/росток
20%
Птенец
"Пардо" дешан маь1ан
Anonymous Quiz
87%
Занавеска
7%
Дрозд
6%
Кисть
👍2
Да воцу бера буо ду, нана йоцург лай ду.

#кицанаш
👍5
чеченский фольклор pinned «Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу. #кицанаш»
га доцу сара — «ветка не имеющая прут» — об одиноком человеке; совершенно один, в полном одиночестве

#фразеологизмаш
Халчу цамгарх ваьллачунна лоьралла 1ема.

#кицанаш
Ирс йухадерзар
Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш 1ийна уьш. Сатосуш, марда уьйт1а ваьлла, уьйт1ахь цунна шайн ц1енош чуьра д1айоьду лар гина. Цу лорах xlapa д1авоьдуш, генна хьалха д1авоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара, аьлла, дехар дина. Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. Т1евеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина:
— Хьо мила ву? — аьлла.
Цо жоп делла, шун ц1ен т1ера д1адахана Ирс ду ша, аьлла. Т1аккха воккхачу стага дехар дина, йухадерзахьара хьо шен ц1ен т1е, аьлла.
— Х1ан-х1ан, — аьлла Ирсо, — хьан уьйт1ахь, хьан ц1ен т1ехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, д1аг1о, амма хьо суна т1аьхьа варна, аса цхьа дика дийр ду хьуна.
Ойла а йина, воккхачу стага аьлла:
— Д1а ма г1олахь кхузара, со схьаваллалц, ц1ерачарах дагавала воллу со. Ирс резахилира и схьаваллалц собарда. Ц1а а веъна, ма дарра дерриге а д1а а
дийцина, воккхачу стага шен зудчуьнга хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, зудчо шена баккхий бахамаш хуьлийла лаьа, аьлла, жоп делла. Т1аккха воккхачу стага шен йо1е хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, йо1а шена хаз-хаза, йез-йеза т1ейуху х1уманаш хуьлийла лаьа, аьлла. Т1аьххьара а хинцца йалийначу несе хаьттина мардас, х1ун дика дайта луур дара цунна, несо шена массо а х1уманал дукха вайн доьзалехь барт хуьлийла лаьа, аьлла.
Массаьрга ла а доьг1на, воккхачу стага, Ирс долчу а вахана, дехар дина, шен доьзалехь барт хуьлийла лаьа шена, аьлла.
Т1аккха Ирсо аьлла:
— Делла дош кхочушдан деза. Аса барт ло-кха шун доьзална. Барт болчохь со а хила деза. Барт боцчохь, ирс а ца хуьлу.
Воккха стаг а, Ирс а цхьаьна цуьнан ц1а бирзира.

#туьйранаш
6👍2
иккхина велча (й,д,б) — «взорвавшись умереть» -разг.: ни при каких обстоятельствах, условиях и т.п

#фразеологизмаш
👍3
Бат гома хиларха х1умма дац, дош нийса олуш хилчахьана.

#кицанаш
👍5
Дагарна арз эцна Далла т1е дахна дитт. Дала, цуьнан дага дечиган йуй хьаи хьуна, аьлла цуьнга.

#кицанаш
Арз-жалоба
Дага- рукоятка топора

#гочдар
Дош-дашера делира – дов делира

#фразеологизмаш
👍5
Старая чеченская притча.

Жил некогда в горах Чечни знаменитый строитель башен. Был он многими уважаем за свое непревзойденное мастерство и благородное сердце.

Пришло время умирать старому зодчему.Подозвал он сына к своему смертному одру и завещал ему продолжить его дело, сказав: «Сделай так, мой сын, чтобы во всех уголках Чечни возвышались башни, возведенные тобой. Чтобы память о нас осталась в родных горах надолго». Долго горевал сын после кончины отца. Но как бы ни тяжела была утрата, должен он был выполнить завет своего отца.

И начал он возводить башни в горах Чечни.Долгое и кропотливое это дело – строительство башен. Как ни старался молодой человек, как он ни торопился, время неумолимо шло.

А башни возводились не так быстро, как бы этого хотелось юноше.

Понял он, что не сможет выполнить отцовский завет – жизнь человеческая слишком коротка, чтобы успеть поднять башни во всех уголках родины.

Сидел, понурившись, юноша на придорожном камне у развилки дороги. Проходил мимо седобородый старец. Увидев юношу в глубокой печали, подошел к нему.

Встал юноша. Усадил старца. Разделил с ним дорожную трапезу. На вопрос старца, о чем его печаль, ответил с горечью: «Старик! Слава о моем отце – великом зодчем – гремела в горах. Обещал я у его смертного одра, что возведу во всех уголках Чечни – в память о нем – башни. Но, видно, придется мне стать клятвопреступником, ибо понял я, что не хватит моей жизни исполнить обещанное». Усмехнулся старец наивности юноши и промолвил: «Сын мой, не о тех башнях говорил тебе отец. Что земное? Прах, и в прах уйдет. Не долог век даже самой крепкой башни. Время рассыплет ее... Вот встретились мы с тобой на этой пустынной горной дороге, и ты, уважив мою старость, уступил мне место. Помня заветы предков, поделился со мной последним куском чурека, хотя впереди у тебя долгий путь. Мы расстанемся сейчас. Но я унесу в своем сердце благодарную память о тебе. Так и другие... Запомни, юноша, нет ничего долговечнее благодарной памяти народа. Имя твое, память о твоих добрых делах и есть самая крепкая башня. Встань и продолжи свой путь без отчаянья. Ты успеешь исполнить волю отца...»

© НОХЧАЛЛА
4
Ча такхо тача, тача такхо ча.

#чехкааларш
Х1уттут
Хьалхалерачу заман чохь 1аш-йехаш хилла боху, цхьа х1уттут, шен кхаа к1орница. Цкъа нана-х1уттут цомгуш хилла. Йаах1ума йан а, хи дан а цхьа а воцуш, 1уьллура х1уттут, к1орнеша нана тергалъеш а ца хилла.
Т1аккха х1уттуто аьлла йоккхах йолчу к1орнега:
— Со хьагъелла, хи дахьа суна мала!
— Ов-вай, ма шийла йу арахь, суна хала хир ду хи дан! — аьлла, дуьхьало а йина, ненан дехар кхочуш ца дина к1орнино.
Вукха шина к1орнега дехар дина х1уттуто, цара а, цхьацца бахьана а х1оттийна, хи ца деъна.
Т1аккха шен мел болу ницкъ а гулбина, шен бен а битина, т1ома а яьлла, д1айахара х1уттут. Шаьш нана а йоцуш дисинийла хиъча, кхо к1орни мохь хьекха йолайелла:
— Ва, нана, йухайерзахьа! Оха хи а дахьар ду хьуна, йаах1ума а йаор йу, массо а х1уман т1ехь гlo а дийр ду, д1а ма г1охьа!
Амма х1уттут йуха а ца хьожуш, д1айахара. Оцу хенахь дуьйна к1орнешна шайн да-нана а ца девза, дена-нанна шайн к1орнеш а ца девза. Ур-атталла шен xloaш а х1уттута нехан бен чу дохку.

#туьйранаш
4👍1