чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Ши къиг
Цхьана хенахь цхьа ши къиг хилла йехаш-1аш.
— Чехка йаха а г1ой, йаах1ума йан хи да вайна, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Т1ома йаьлла йахана, сиха хи а деана, йай чу а доьттина, йай кхе оьллина цо.
— Х1инца йаха а г1ой, цхьанхьара вайна жижиг да, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Т1ома йаьлла, йахана жимах йерг жижиг лаха. Д1айоьдуш-йоьдуш, цунна ахархо гина, латта охуш. Говран гоа т1е а хиъна, къиг цуьнан жижиг ийзо йолаелира. И гинчу х1илла долчу ахархочо аьлла:
— Х1е, къиг, гоа т1ера а ца ийзош, п1ендаршна йуккъера ийзаде и жижиг.
Цо дуьйцург бакъ а хетта, къиг п1ендарш йуккъера жижиг йийзо йолаелира. 31ок йиттина-йиттина, к1ад а йелла, цхьа а жижиган дакъа ца даккхаделира цуьнга.
Жижиг а доцуш, йоккхах йолу къиг йолчу йухайирзира къиг.
Оьг1азйахначу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира:
— Жижиг деъний ахьа? — аьлла.
— Х1ан-х1а, ца деана, — жоп делира жимачо.
— Ца деънехь, суна-м хьайниг а мегар ду, — аьлла, з1ок тоьхна, кхехкачу йайчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах йерг.

#туьйранаш
🤔5
Когаша напхийна т1е, матто упхийна т1е вуьгу.

#кицанаш
👍3
упхий-могильная плита

#гочдар
👍3
Дагахь дог дустуш (доттаг1а). – О ком-либо, кто близко понимает другого.
Сан дагах дог дустуш доттаг1а вацара сан, нанас дена вина ваша вацара со. Нохчийн халкъан фольклор ("Жерочун к1ентан, гуьржийн к1ентан илли")

#фразеологизмаш
Де ма дог1ийла, де хилчи мегара воцучунга

#кицанаш
👍42
Текхарго аьлларг
Хьалхалерачу заман чохь вехаш-1aш хилла цхьа онда нарт. Адамашна ч1ог1а оьг1аз а вахана, церан йурт йагийна цо. И йагийна ша ваьлча, луьстачу хьуьна йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, т1ема дала ницкъ берг, т1ема дала! Со кху хьуьнах сийна ц1е лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маь11ера дуьйна ц1е тесна наьрто. К1елхьаравала ницкъ кхаьчнарг, к1елхьарволуш, ц1еран г1овг1а бен йоцуш, тийналла х1оьттина хьуьнхахь.
Йаьгна йаьлла хьун. Хилларг, х1ун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маь1ехь, алу т1ехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
—Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xlapa ц1е йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? Х1унда 1ий-те хьо кху ц1ера юккъехь? — хаьттина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.
— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо йац сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. Х1окху лаьттан экъан т1ехь суна массо а х1ума ду гергара, x1apa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь 1ожалла т1еэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте.

#туьйранаш
👍3
Борз а, цхьогал а, н1аьна а
Цхьана лекхачу лаьмнашкахь, цхьа а ца 1ачу йуькъачу хьаннашкахь, вовшах а кхетта, барзо а, цхьогало а, н1аьно а сацам бина, бах, цхьогало хьехар а дина, шахьар йан.
— Муха йан йеза и шахьар? Уггар хьалха х1ун дан деза вай? — аьлла, хаьттина барзой, н1аьной.
Цхьогало аьлла:
— Барзо хьуьнхара дечиг дахьар ду, аса стигала к1ур оьхуьйтур бу, ткъа н1аьно 1уьйранна, кхойкхуш, массо а самавоккхур ву. Т1аккха нахана йуккъехь, вай шахьар йиллина, аьлла, даьржар ду.
Шолг1ачу дийнахь борз хьуьнах йахана дечиг даккха, ткъа цхьогал, н1аьна схьалаца г1ерташ, цунна т1аьхьайаьлла. Н1аьна к1елхьарайаьлла, амма цхьогалан багахь цуьнан ц1ога дисина.
Схьакхаьчна борз, мор буьззина дечиг а дахьаш. И охьа а тесна, д1ахьаьжча, дитта т1ехь н1аьна гина цунна ц1ога а доцуш.
— Ой, хьуна х1ун хилла? — аьлла, цецъйаьлла борз.
Н1аьно хилларг дийцича, оьг1азъяхана борз, цхьогална т1е а кхетта, цуьнан хаза деха ц1ога схьадаьккхина. Цунах дедда к1елхьарадаьллачу цхьогало мохь тоьхна, боху:
— Вададай! Вай иштта вовшийн ц1оганаш ийзадахь, цкъа а шахьар йийр йац-кх вай! — аьлла.

#туьйранаш
👍2
Шахьар- объединение, столица, поселение.

#гочдар
👍4
"Чантал" дешан маь1ан
Anonymous Quiz
70%
Медвежонок
10%
Лист/росток
20%
Птенец
"Пардо" дешан маь1ан
Anonymous Quiz
87%
Занавеска
7%
Дрозд
6%
Кисть
👍2
Да воцу бера буо ду, нана йоцург лай ду.

#кицанаш
👍5
чеченский фольклор pinned «Тахана кхерзина х1оаш, кхана буьйр болчу уьстаг1ал тоьлу. #кицанаш»
га доцу сара — «ветка не имеющая прут» — об одиноком человеке; совершенно один, в полном одиночестве

#фразеологизмаш
Халчу цамгарх ваьллачунна лоьралла 1ема.

#кицанаш
Ирс йухадерзар
Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш 1ийна уьш. Сатосуш, марда уьйт1а ваьлла, уьйт1ахь цунна шайн ц1енош чуьра д1айоьду лар гина. Цу лорах xlapa д1авоьдуш, генна хьалха д1авоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара, аьлла, дехар дина. Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. Т1евеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина:
— Хьо мила ву? — аьлла.
Цо жоп делла, шун ц1ен т1ера д1адахана Ирс ду ша, аьлла. Т1аккха воккхачу стага дехар дина, йухадерзахьара хьо шен ц1ен т1е, аьлла.
— Х1ан-х1ан, — аьлла Ирсо, — хьан уьйт1ахь, хьан ц1ен т1ехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, д1аг1о, амма хьо суна т1аьхьа варна, аса цхьа дика дийр ду хьуна.
Ойла а йина, воккхачу стага аьлла:
— Д1а ма г1олахь кхузара, со схьаваллалц, ц1ерачарах дагавала воллу со. Ирс резахилира и схьаваллалц собарда. Ц1а а веъна, ма дарра дерриге а д1а а
дийцина, воккхачу стага шен зудчуьнга хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, зудчо шена баккхий бахамаш хуьлийла лаьа, аьлла, жоп делла. Т1аккха воккхачу стага шен йо1е хаьттина, х1ун дика дайта луур дара цунна, йо1а шена хаз-хаза, йез-йеза т1ейуху х1уманаш хуьлийла лаьа, аьлла. Т1аьххьара а хинцца йалийначу несе хаьттина мардас, х1ун дика дайта луур дара цунна, несо шена массо а х1уманал дукха вайн доьзалехь барт хуьлийла лаьа, аьлла.
Массаьрга ла а доьг1на, воккхачу стага, Ирс долчу а вахана, дехар дина, шен доьзалехь барт хуьлийла лаьа шена, аьлла.
Т1аккха Ирсо аьлла:
— Делла дош кхочушдан деза. Аса барт ло-кха шун доьзална. Барт болчохь со а хила деза. Барт боцчохь, ирс а ца хуьлу.
Воккха стаг а, Ирс а цхьаьна цуьнан ц1а бирзира.

#туьйранаш
6👍2
иккхина велча (й,д,б) — «взорвавшись умереть» -разг.: ни при каких обстоятельствах, условиях и т.п

#фразеологизмаш
👍3
Бат гома хиларха х1умма дац, дош нийса олуш хилчахьана.

#кицанаш
👍5