чеченский фольклор
220 subscribers
23 photos
2 videos
1 file
6 links
На этом канале будет выкладываться материал посвящённый устному народному творчеству чеченцев, а также другим сторонам чеченской традиционной культуры.
#чехкааларш
#туьйранаш
#дийцарш
#кицанаш
#Х1еталметалш
#иллеш
#гочдар
Download Telegram
Чеченский национальный костюм
👍5
Воьлучуьнга ма хетта, воьлхучуьнга хатта.

#кицанаш
👍5
Х1усамдена барзо баьхьна уьстаг1 кхоам хета, барзана х1усамдена биснарг кхоам хета.

#кицанаш
👍4
Со шершанчхула ча чу ца шерша,
ча чу шершанчухула со чу ца шерша.

#чехкааларш
6🔥2👍1
Х1етал-метал хаийла хьуна: Экха а дац, хьоза а дац,
ТIемашца гIотту, ю а Iутту?

#х1еталметалш
5
Х1окха Х1етал-метална жоп йаздийра дац аса. Комментареш чохь шайна хетарг йаз де. Жим 1ийна жоп дустара ду аша.
4
Воьдург ма сецаве, вог1ург ма къехкаве.

#кицанаш
👍32
Хьалдерг комаьрша ца хуьла, комаьршачун хьал ца хуьлу.

#кицанаш
3👍1
Н1аьна кхайкхаре ца хьожу 1уьйре.

#кицанаш
👍1
Ши къиг
Цхьана хенахь цхьа ши къиг хилла йехаш-1аш.
— Чехка йаха а г1ой, йаах1ума йан хи да вайна, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Т1ома йаьлла йахана, сиха хи а деана, йай чу а доьттина, йай кхе оьллина цо.
— Х1инца йаха а г1ой, цхьанхьара вайна жижиг да, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Т1ома йаьлла, йахана жимах йерг жижиг лаха. Д1айоьдуш-йоьдуш, цунна ахархо гина, латта охуш. Говран гоа т1е а хиъна, къиг цуьнан жижиг ийзо йолаелира. И гинчу х1илла долчу ахархочо аьлла:
— Х1е, къиг, гоа т1ера а ца ийзош, п1ендаршна йуккъера ийзаде и жижиг.
Цо дуьйцург бакъ а хетта, къиг п1ендарш йуккъера жижиг йийзо йолаелира. 31ок йиттина-йиттина, к1ад а йелла, цхьа а жижиган дакъа ца даккхаделира цуьнга.
Жижиг а доцуш, йоккхах йолу къиг йолчу йухайирзира къиг.
Оьг1азйахначу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира:
— Жижиг деъний ахьа? — аьлла.
— Х1ан-х1а, ца деана, — жоп делира жимачо.
— Ца деънехь, суна-м хьайниг а мегар ду, — аьлла, з1ок тоьхна, кхехкачу йайчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах йерг.

#туьйранаш
🤔5
Когаша напхийна т1е, матто упхийна т1е вуьгу.

#кицанаш
👍3
упхий-могильная плита

#гочдар
👍3
Дагахь дог дустуш (доттаг1а). – О ком-либо, кто близко понимает другого.
Сан дагах дог дустуш доттаг1а вацара сан, нанас дена вина ваша вацара со. Нохчийн халкъан фольклор ("Жерочун к1ентан, гуьржийн к1ентан илли")

#фразеологизмаш
Де ма дог1ийла, де хилчи мегара воцучунга

#кицанаш
👍42
Текхарго аьлларг
Хьалхалерачу заман чохь вехаш-1aш хилла цхьа онда нарт. Адамашна ч1ог1а оьг1аз а вахана, церан йурт йагийна цо. И йагийна ша ваьлча, луьстачу хьуьна йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, т1ема дала ницкъ берг, т1ема дала! Со кху хьуьнах сийна ц1е лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маь11ера дуьйна ц1е тесна наьрто. К1елхьаравала ницкъ кхаьчнарг, к1елхьарволуш, ц1еран г1овг1а бен йоцуш, тийналла х1оьттина хьуьнхахь.
Йаьгна йаьлла хьун. Хилларг, х1ун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маь1ехь, алу т1ехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
—Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xlapa ц1е йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? Х1унда 1ий-те хьо кху ц1ера юккъехь? — хаьттина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.
— Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахьа аьлларг, ца хезира ала бакъо йац сан. Бакъ ду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург а дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалахь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. Х1окху лаьттан экъан т1ехь суна массо а х1ума ду гергара, x1apa бу сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь 1ожалла т1еэцар вуно нийса хета суна, — аьлла бала бетталучу текхарго, ца кхеташ, цецваьлла шега хьоьжучу наьрте.

#туьйранаш
👍3