Ийманехь бераш кхиор
7.75K subscribers
562 photos
142 videos
13 files
595 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
969-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ишколехь еш йолу винетка (суьрташ дохуш) хьарам хуьлуш юй, тиллина фарз а долуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Стага берашна хьалха шен хlусамнанна тlе мохь хьекхар (лерам ца бар) - бераш шайн ден лерам ца баре, цо аьлларг ца дар тlе дуьгуш хlума ду хьуна.
Ларлуш хила, дагадаийта: зударийн ларам бийр ма бац, ша лараме волчо бен.
Шу хила дика масал шайн берашна, хlусамненаца дика хиларца а, хьайн ненаца дика хиларца а.
https://t.me/berashna_lerina
Хьай Де дакъа дахьийла алара.

ГӀонца деш долу доӀа ду иза шен барамехь сов даьлча адамана Шен бале долуш ду иза, и цунна бале далара муха хила йиш ю аьлча, стаг ша кхечунна гӀонца дина долу доӀа бахьана долуш и ислам динера ара вала йиш йолуш иштта кхераме ду и, де дакъа дахь ахь бохуш ахь адманна гӀонца деш долу доӀа, цу кепара ахь доӀа даллал гӀалатло юй цуьнгара яьлларг, нагахь яцахь шеко йоцуш хаалахь хьуна и бале дера долуш ду хьуна, хьан дахарехь хьуна мер кӀел Ӏотталура долуш ду хьуна, иштта цу кепара доӀа деш Ӏадат шегахь долчунна, и бале дуьйлалуш лаьтташ ду хьуна цунна цхьа шеко йоцуш, делахь и кхеташ вац йа цунна тида хуура дац, цхьа тӀе деана долу хӀума ша догахь дина долу доӀана бекхам букх аьлла, и дукх и шена юха дирзина дерг аьлла и кхетара вац, шена Ӏилманийн агӀо йоьвзуш ца хилча, цу кепара мотт лебеш волчунна тӀе Ӏитталуш долу баланаш и ша ле беш болу моттанах схьа кхочуш долу баланаш ду хьуна шеко йоцуш.

И деш долу доӀа иштта мич мичанхьа дӀаса кхуьйсуш дац, и доӀа дина даьллехь цхьанхьа даха дезаш ду, и нийсче хьажийна дацахь хьуна юхнехь юха догӀуш ду.

Ахьа олуш хира ду аса нийсачу метте олу, делахь виц ма лолахь и хьуна хетачунца дустуш доцийра, и АллахӀ нийсонца дустуш дуй.

Ахь деш долу доӀа нийса ца аьллехь лара делахь и хьайн схьакхачарна.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ВАРЕЛАХЬ...

Варелахь, хlай да-нана, шаьшшин юкъахь цакхетам боьжна аша цхьа гlуллакх къийса долийча, уллехь бераш долчахь, йа царна дlахезара долчахь (къаьсттина и бераш кегий делахь) ма къийсалолаш, царна даг чу чlогlа кхерам балабо шуна цо, онда чов юьту шуна цо, бера инзаре чlогlа экаме хlума ю, лерина ларо дезаш ду иза и тайпа дена-нанна юкъахь кьовсам божарах.

Шайн дахарехь бакъо (правила) лаца: илла-билла цхьаъ ца къовсуш шуьшиъ lийра долуш дацахь, бера чоьхьа даларца къовсам саца беш, хьан да, йа нана чоьхьа даьлча муха сацора бар аша шайн къовсам цу кеппара.

И тайпа хlума аша лардича, беран синтем, цуьнан амал лараъйина ца lаш, кхин цхьа чlогlа дика агIо ю цигахь: оцу хенан юкъан оьгlазлон ало лахало, юханехьа хьекъалан-чиркх хьала лета, тlаккха билгала долу цхьа маьlна доцуш къовсам иза хиллий, хlинца вовше къинтlера довла дезий Сийлахь волчу АллахIан гергахь хьокъалла ца дагlар доьхьа.

Шу бераш шуна гергахь аманат ду, аша уьш муха лардина, муха кхиадина, царна динехь хlун хьехна шуьгара жоп хоттур долуш ду Сийлахь волчу АллахIа.

Кхин цхьа хlума ду коьрта: иблисан, цуьнан эскаран уггаре чlогlа царна сутара долу белхех ду бусулба доьзал бохабар, стаг-зудий дlаса къастийтар, цундела дагахь латта делаш шаьшшина юкъахь кьовсам дlа боьдучу хенахь "Къар ма лолаш, юха ма довлалаш!"- бохуш, шуьшинна даг чу цим туьссуш шайтlа хилар уллехь. Цундела ларлолаш шайтlан лаам кхочуш барх, шайн берийн уьйра эцаран бен бохабарх.

Сийлахь волчу АллахIа Ша реза волчу некъан тlехь дахар а, далар а лойла вайна.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Бер буьйсанна самалелхаш, доьлхуш, хунаш лелош (капризничать) хилча хӀун дан деза?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Дийнахь чохь шайтӀанан белхаш хилийта ца деза, Къуръан хила деза чохь доьшуш, эшарш, кинош йоцуш, тӀаккха беран коьрта тӀе куьг диллина «уӀизука бикалиматиллахӀиттаммахӀ, мин кулли шайтӀанин ва хӀаммахӀ, ва мин кулли Ӏайнин ламмахӀ», боху доӀа деш а хила деза дийнахь цкъа дешна а, буса дӀадижале куьйгаш чу кхо къулха доьшуш куьйгаш цу берана тӀехьокхуш болу болх хила а беза, тӀаккха хир яц вон агӀонаш.

https://t.me/Vragi_iblisa
БӀаьрг хиларах лара веш долу доӀа

Пайхамара (соллалло́хӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: "БӀаьрг хуьлуш хилар бакъ ду."

БӀаьрг хиларах ларвеш долу доӀа.

Беранна коьрта тӀе куьг дуьллуш хӀара доӀа деша мегарду, хӀора Ӏуьйранна а суьйранна а.

أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللَّهِ التَّامَّةِ مِنْ كُلِّ شَيْطَانٍ وَهَامَّةٍ، وَمِنْ كُلِّ عَيْنٍ لاَمَّة.

АӀу́зу би-калима́ти Лля́хӀи т-та́ммахӀ, мин кулли шайтӀонин ва хӀа́ммахӀ, ва мин кулли Ӏайнин ля́ммахӀ.

АЛЛАХlАН кхачаме долучу дешнашца ларло со массо шайтlанах а, вочу экханах а, массо вочу бlаьргах а.

Шена доьшуш "аӀу́зу" эр ду.

КӀантана доьшуш "уӀи́зука" эр ду.

ЙоӀана доьшуш "уӀи́зуки" эр ду.

Юха, иштта Ӏуьйранний бера дӀадижочу хенаххьий шен ши куьг доӀа деш санна схьаъ лаьцна 🤲🏻 ишиъ бетт юххе даьхьна хьайн, цу чу жимма туй тухуш кхузза тпу, тпу, тпу олий, цу чу къулхӀи, фалакъи, наси дешна и куьйгаш цунна тӀе хьокху ахь. Иштта и хӀума кхузза до ахь, цкъа дечу хенахь.
https://t.me/berashna_lerina
Бакъара дагахь 1амийна ваьлла
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆

ТӀедогӀуш гӀурбанан дезденош хиларе терра, цу дезденошкахь нахера дуьйлуш долу гӀалаташ довзуьйтуш яздина Шайх Вахьид Балин «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Вахьид Балица зӀе хотталуш ижазат хир ю.

🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊🖊🖊

Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.

Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.

🕖Тахана цIера хенаца 12:00 даьлча хир ду дарс.

📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю.

Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫

🔔Жайна дIадолор ду: 13.06.2024

💬Дарс кху канал чохь хир ду
https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Бусулба динац кхиийна доьзал - и дац т1аккха,дуьненахь а, эхартахь а ирс?
Ӏарафат де — деза де
<unknown>
08.07.2022

Рузбан хьехам

Ӏарафат де
Ruzban Heham - Arafat de
Рузбан хьехам

Деношлахь уггаре дез долу lарафат де!
*Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де!*

-АллахӀ дуьнен стигал тӀе охьавуссу де.
-АллахӀа Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де.
-АллахӀа уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де.
-ДоӀанна жоп ло де.
-Къиношна гечдо де.
-Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де.
-Ислам-дин АллахӀа кхочушдина де.
-Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де.
-Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де.
-Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де.
-Ӏашураъ дийнал а деза де.
-Дуьненчохь массо дийнал а деза де.

*ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АллахӀе далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АллахӀа цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала!*