БЕРАШ НИЙСА КХИОР
🔆Бераллехь дуьйна бераш кхетош кхиорехь къахьега деза, хьехар деш, масал а гойтуш, уггар чlогlа беро дlалоцуш дерг - иза шена гуш дериг ду, къаьсттина царна доккха масал дерг - иза ДА-НАНА ду. Дукха хьолехь доьзалхо шен дех-ненах тарвала лууш хуьлу, массарел а шен да-нана массочу хlуманна тlаьхь тоьлла хета дела, цундела дукха хьолехь масал а цаьргара оьцу цара.
🔆 Да-нана шен доьзалхочунна хаза гlиллакх а, амал а, лелар а, дин а гайта дезаш ду.
Шен доьзалхочуьнга тилпон дlайаккха бохуш, цо дукха хан цу чохь йойъуш а ца дезаш, даиманна доьзалхочунна бехкаш дохуш йолу нана хуьлу-кх шен йолла хан ала мегар долуш, цу тилпон чохь йоккхуш. Ткъа нийса дуй иза? Оьцур дуй беро хьехар дlа? Йа дош хетар дуй цунна шен нанас дуьйцург, нана ша и лардеш ца хилча? Иштта loвжаме бакъдериш дагар дина ца валлала ду вайна юкъаьхь. Юха и доьзалхо шена доьхьала хилча кхета а ца кхета вай.
🔆Сихха и доьзал шога дашца къахка а ца беш, жимма гlолехь долчу хlуманца нисдан хьажара гlолехь хета суна, хlунда аьлча, ахь шога дашца и доьзал юха тохахь уьш доьхьала бовлу.
🔆Хьикматца лело беза ша лелош болу некъ, Аллахlан доьхьа, Аллахlан динан доьхьа. Шен доьхьа къахьоьгучуьнан гlуллакх Аллахlа цкъаа тесна ца дитина, йа цкъаа зен ца дайъина...

Доьзалехь барт хилар.
Барт боцчу доьзалехь лелочух беркат хир дац. Доьзал бертахь бахар йоккха говзалла, собар, хьекъал оьшуш хӀума ду. Веккъа цӀийндена эшна ца Ӏа и, цунначул сов зудчунна оьшу. Зудчунна коча стаг гӀерташ хилча, зудчо уггаре хьалха бехк шех лаха беза, шен галдаьлларг хӀун ду те аьлла. Суна хетарехь, зудчунна ца тоха стага дийр доцуш хӀума дац. Нагахь санна, зудчун бехк а боцуш, гӀиллакхах воьхна стаг кочагӀертахь и цуьнан шен оьзда цахилар ду. Зудчух летар вац оьзда волу стаг, хӀунда аьлча, зуда гӀийла ю, шена кхача а латтош, шен гӀуллакхе хьожуш йолу зуда лара еза ц1ийндас. И шех ца латийта бахьанаш лелон деза зудчо. Вовшийн дегнех дегнаш а дустуш, синош вовшех а иэдина даха деза цӀийндай, цийннаний, тӀаккхий бен беркат хир дац церан кхерчахь. Дала бертахь дахар лойла вайна!

Берана «Фатихьат» сурат lаморехь хьайл хьалха цхьа а ма валийта. Хlунда аьлча дийнна дахарехь, ша ламаз мосазза до, доьшур долуш ду цо иза.
Уггар хьлахара дерг - тухуш, мохь хьоькхуш бера 1амор иза бера 1амор дац, иза бера талхор ду, бера дуьхьал даккхар а ду, иштта дерг ч1ог1а ларо деза, оцу т1е йоккху бохург нийса къамел дац.
Forwarded from Ийманехь бераш кхиор
Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...
Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
______

Telegram
Ийманехь бераш кхиор
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
__________________________
Хlара уммат шайн берашна Къуръан lамош мел ду - диканехь лаьттар ду иза.
Хьай йо1анна жима йолуш дуьйна марза де ахьа г1уллакх дан а,яъх1ум ян а,нахана бал хир бац цунах.
Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца».