Ийманехь бераш кхиор
7.32K subscribers
602 photos
153 videos
13 files
617 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
Аса хьуна стаги дош ма делла гӀура вац аьлла, хьалха стаги дош делар аса, со ца вахар.
©Фарукъ
Зудчо Къуръан lамадаран бареме хьаьжжина, алсамдолу цуьнан ше хlусамдена муьтlахь хилар а. Хlунда аьлча, Къуръано адам юхаузу массо а вочу хlуманех, маьттазчу маттах, девнех, вочу амалах a.

дин lамадаран тlехь аьтто бе шай хlусамнаношна, дуьненан гlуллакхашца царна го а ца беш, дуьненахь дерг ханна ду, ткъа цо lамийна пайде lилма даиманна ду..
Берашца къинхетаме хилар!

Абу-Х1урайратах дийцина (Дела реза хуьлда цунна) Делан элчано ﷺ 1елин к1ант Хьасанан барт баьккхира, Тамиман тайпана Хьабисан к1ант Акъра1 шен уллехь волуш. Т1аккха Хьабисан к1анта Акъра1а элира: Х1ай Делан элча ﷺ, сан итт доьзалхо ву, цареха цхьанне а барт баьккхина бац аса цкъа а.
Т1аккха Делан элчано ﷺ цуьнга хьаьжна элира:
Бокъалла а ша (нахаца) къинхетаме воцучух, (Дала) шеха къинхетам бийра болуш бац.

ал-Байх1акъи.
«Хьайн берехь хилийта лууш долу дика хlума, цунна жима долуш дуьйна хьайна тleхь масал гойтyш, чудилла дезаш ду ахь.

© ӏадлан харачо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Деношха цхьана дийнахь хьоьх дlа къаьстар бу-кх берриш...АЛЛАХ|АН Элча صلّ الله عليه وسلم вохар ву-кх хьуна Шафаlат деш... Тlакх ахьа диц ма делахь Цунна Салават диллар!
Сийлахьчу Къуръанна лерина ю хlара канал.

Къуръан дешаран, lаморан дозалла дуьйцуш

Хьайна а пайда эца, хьайн накъостий а схьакхайкха, ял хир ю хьуна, Дала мукъ лахь.

Цхьана Аллахlна бу-кх берриг хастам!
https://t.me/kuranan_dozallin_hosta
Forwarded from Зератхо
Пайданех юьзна йолу тобана чохь цхьа эзар адамаш бен муха хир дац, массара а яржаяй вай хӏара ¿

https://t.me/hehamtv1
Forwarded from ИСЛАМАННУР
Ассаламу Iалайкум!

Кху чохь нохчийн матте гочдина хьадисаш, жайнаш, фатваш, Къуръанан маьlнаш, тафсир, кхинболу хьехамаш а хир бу.

أقدار الله كلها خير  وإن أوجعتك!

АллахIан дерриге а йоза дика ду, цуо хьо Iовжавахь а!

https://t.me/islamannurofficial
968-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайн наха олу, шайна гӏо дича цхьамма, ас АллахIана кера дӏавелла иза я нанас шен доьзал чохь битина арайолуш хилча а олу, ас Аллахӏана кера дӏадели шу. Иштта ала мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Нанас дийцинарг дага деакх суна тхо кегийра долуш))

Тхой кегийра долуш нана цхьанхьа йоьдуш хилла, тхо Ненайишийца дитина, ткъа ненан йишас элира боху хӀинцам сан карахь дара шу, (харца хилла тхо)
ТӀаккха аса элира боху тхом дац хьуна хьан карахь, тхо АллахӀан карахь дукх аьлла, сан 2шо долуш хан хилла иза.
969-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ишколехь еш йолу винетка (суьрташ дохуш) хьарам хуьлуш юй, тиллина фарз а долуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Стага берашна хьалха шен хlусамнанна тlе мохь хьекхар (лерам ца бар) - бераш шайн ден лерам ца баре, цо аьлларг ца дар тlе дуьгуш хlума ду хьуна.
Ларлуш хила, дагадаийта: зударийн ларам бийр ма бац, ша лараме волчо бен.
Шу хила дика масал шайн берашна, хlусамненаца дика хиларца а, хьайн ненаца дика хиларца а.
https://t.me/berashna_lerina
Хьай Де дакъа дахьийла алара.

ГӀонца деш долу доӀа ду иза шен барамехь сов даьлча адамана Шен бале долуш ду иза, и цунна бале далара муха хила йиш ю аьлча, стаг ша кхечунна гӀонца дина долу доӀа бахьана долуш и ислам динера ара вала йиш йолуш иштта кхераме ду и, де дакъа дахь ахь бохуш ахь адманна гӀонца деш долу доӀа, цу кепара ахь доӀа даллал гӀалатло юй цуьнгара яьлларг, нагахь яцахь шеко йоцуш хаалахь хьуна и бале дера долуш ду хьуна, хьан дахарехь хьуна мер кӀел Ӏотталура долуш ду хьуна, иштта цу кепара доӀа деш Ӏадат шегахь долчунна, и бале дуьйлалуш лаьтташ ду хьуна цунна цхьа шеко йоцуш, делахь и кхеташ вац йа цунна тида хуура дац, цхьа тӀе деана долу хӀума ша догахь дина долу доӀана бекхам букх аьлла, и дукх и шена юха дирзина дерг аьлла и кхетара вац, шена Ӏилманийн агӀо йоьвзуш ца хилча, цу кепара мотт лебеш волчунна тӀе Ӏитталуш долу баланаш и ша ле беш болу моттанах схьа кхочуш долу баланаш ду хьуна шеко йоцуш.

И деш долу доӀа иштта мич мичанхьа дӀаса кхуьйсуш дац, и доӀа дина даьллехь цхьанхьа даха дезаш ду, и нийсче хьажийна дацахь хьуна юхнехь юха догӀуш ду.

Ахьа олуш хира ду аса нийсачу метте олу, делахь виц ма лолахь и хьуна хетачунца дустуш доцийра, и АллахӀ нийсонца дустуш дуй.

Ахь деш долу доӀа нийса ца аьллехь лара делахь и хьайн схьакхачарна.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ВАРЕЛАХЬ...

Варелахь, хlай да-нана, шаьшшин юкъахь цакхетам боьжна аша цхьа гlуллакх къийса долийча, уллехь бераш долчахь, йа царна дlахезара долчахь (къаьсттина и бераш кегий делахь) ма къийсалолаш, царна даг чу чlогlа кхерам балабо шуна цо, онда чов юьту шуна цо, бера инзаре чlогlа экаме хlума ю, лерина ларо дезаш ду иза и тайпа дена-нанна юкъахь кьовсам божарах.

Шайн дахарехь бакъо (правила) лаца: илла-билла цхьаъ ца къовсуш шуьшиъ lийра долуш дацахь, бера чоьхьа даларца къовсам саца беш, хьан да, йа нана чоьхьа даьлча муха сацора бар аша шайн къовсам цу кеппара.

И тайпа хlума аша лардича, беран синтем, цуьнан амал лараъйина ца lаш, кхин цхьа чlогlа дика агIо ю цигахь: оцу хенан юкъан оьгlазлон ало лахало, юханехьа хьекъалан-чиркх хьала лета, тlаккха билгала долу цхьа маьlна доцуш къовсам иза хиллий, хlинца вовше къинтlера довла дезий Сийлахь волчу АллахIан гергахь хьокъалла ца дагlар доьхьа.

Шу бераш шуна гергахь аманат ду, аша уьш муха лардина, муха кхиадина, царна динехь хlун хьехна шуьгара жоп хоттур долуш ду Сийлахь волчу АллахIа.

Кхин цхьа хlума ду коьрта: иблисан, цуьнан эскаран уггаре чlогlа царна сутара долу белхех ду бусулба доьзал бохабар, стаг-зудий дlаса къастийтар, цундела дагахь латта делаш шаьшшина юкъахь кьовсам дlа боьдучу хенахь "Къар ма лолаш, юха ма довлалаш!"- бохуш, шуьшинна даг чу цим туьссуш шайтlа хилар уллехь. Цундела ларлолаш шайтlан лаам кхочуш барх, шайн берийн уьйра эцаран бен бохабарх.

Сийлахь волчу АллахIа Ша реза волчу некъан тlехь дахар а, далар а лойла вайна.