Ийманехь бераш кхиор
7.33K subscribers
600 photos
153 videos
13 files
617 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзал – иза шина агIор долу жоьпалла ду: ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дIадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а хIума а дац кIезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гIуллакхе.

Нохчийн гlиллакх - оьздангалла / Муса Ахмадов
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзалехь эвхьазло яржор

Сийлахь-Везачу АллахIа муъма нахе доккха аманат шайна тIеэца аьлла омра дина:

«ХIай, Делах тешнарш! Шаьш а, шайн доьзалш а цIарах ларбе, шен ягориг нах а, тIулгаш а хин долучу. Царна тIехула буьрса а, нуьцкъала а малекаш ду. АллахIа диначу омрина тIера ца довлу уьш, шайга омра мел динарг кхочуш а до цара» («ат-Тахьрим»: 6).

Ткъа оцу аманатана ямарт хилла уьш, шайга лардан деллачу аманатана тешнабехке хилла уьш. Цундела къематдийнахь церан хьал а хир ду Ша Бакъволучу, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-дийццара.

Цхьаболучара эвхьазло, хьарамло, бохам шаьш беана шайн хIусамашка. Цхьаберш шаьш бу шайн бераш а, шайн зударий а талхарехь бахьана хилла дIахIиттинарш, шайн доьзалш а, шайн хIусамнаной а ялсаманех бохуш бахьана хилларш. Цундела Сийлахьчу АллахIа сацам бина: оцу бохаман бахьана хилла волу иза ялсаманех воккхуш, цо шен доьзал а, зударий а ма-баххара оцу ялсаманех. ХIунда аьлча бекхам - диначуьнга хьаьжжина бу.

Оцу дерригенан бахьана - вай дехачу хIокху вайн заманчохь дай хилар ду – АллахIа шайх къинхетам бина боцурш: шайн коьртачу гIуллакхера, уггарех ладамечу декхарера берриге а цхьаьна балхара дIа а бевлла. АллахIа царна тIедиллина коьрта а, ладаме а гIуллакх – оьзда доьзал кхиор дара, гIиллакхе бераш кхиор дара, бусалба хIусам кхоллар дара, АллахIан Жайнера а, элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатера а цIеначу хьостехула.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...

Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
______
Вайна каналан репост е🌿
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Фат1има (Фатхьи х1усам нана):

"Нанас йо1 муха кхио еза, х1у кхетам бала беза цуо?"
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Лараме йиша!

Аллах1а доккхачу г1уллакхна кхоьллина хьо.
Къахьогийла ахь 1еламнах а, Делах кхоьру а, г1арабевлла а нах хьайн доьзалехь кхиорна тlехь.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахIа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь:

«Хьан Дала тIедиллина Iибадат цадар, Шена а бен, дена-нанна дикадар а. Нагахь оцу шиннах цхьаъ я ший а къаналле дерзахь - «Офф-фай!» ма алалахь цаьршинга, тIе а ма чийхалахь цаьршинна, лараме дош а алалахь цаьршинга. И шиъ лоруш муьтIахьаллин тIам таIабе царна хьалха, хьайн къинхетамна, олуш а хила: «Сан Дела! Къинхетамбе Ахь царах, со кхиа ма виний цара бер долуш»».

(Сурат ал-Исраъ, аят: 23-24
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...

Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
______
Яржа е вай канал
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM