Ийманехь бераш кхиор
7.32K subscribers
602 photos
153 videos
13 files
617 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
ХӀора а хьехам мехала бу, ладогӀа✔️
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Цхьадолу дас-нанас, бе́р пилёнкаш юкъахь долчу хенахь дуьйна дIа, и доьлхучура сацорхьама, "бlабу догlу!" - бохуш кхера а деш кхиадо. Делахь а, цушинна ца хаьа шаьшимма цунна дешдерг мел доккха зен ду! Бе́р жималлехь ша кlеда чlурам (свеча) санна ду, муьлхха а шена тlехь юьтуш йолу лар шеца юьсуш. Тlаккха и бе́р кхиина даьлча чlогlа кхоьруш хуьлу, жималлехь ша кхерош шена хьехийна долу сарташ сих-сиха дагаоьхуш. Шена уллехь хlумма ца хилча а, цхьаъ уллехь ю моьттуш, шена хlумма ца гича а, цхьаъ гина моьттуш. Дайн-нанойн гlалат бахьана долуш цу берийн дахар кхин дlа чlогlа кхоьруш хира ду.
Forwarded from Сиنтеме Са
Дехар ду массерги а, хlара вайн агlо яржорехь вайна гlо дарца!

Лекха-Сийлахьчо аьлла:

"Аш вовше гlо дойла диканиг дарна тlехь".

Вайн элчано а (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

"Дикачу хlуманна цхьаъ тlенисвиначунна (диканиг нахана гайтиначунна) - и диканиг диначунна йоллу ял ю". [Муслим: 1893].

Хьо бахьанехь кху чу ваьллачо мел оьцу пайдах цунна хуьллуш йолу ял - хьуна а хир ю хьуна!

Сихо е диканиг дарехь!

https://t.me/sintemeeSa
Хьо дӏайижана хӀума юууш ю, Пайхамара юууш ца хилла боху Джулайбис
(Суна диц деллера, амма Джулайбис дага даита)
Цуьнан хӀинца 3шо дац ))
Фарукъа Ӏамийна цунна и
Берашна Къуръан хьеха араволуш велахь хьуна хаа деза тIейогIуш йолу кхане дIахьур болчарна хьалха хьой хуттуш вуй, ахьа хьайна хьоьхачух, ахь хьоьхачуьлла хьалха хьоьгар шайна гуш долчух мел эцна пайда ца оьцуш церах цхьа а вуьсар воций.
Ладог1а массара
Доьзалхочунна хьоьгара оьшург марзо ю

Хаалахь цу доьзалхочунна ахь гай чу кхосса яхьаш йолу хӀуманал чӀогӀо оьшуш ду хьуна хьоьгара хаза дош, хьо вела къежина гар, шен деш долу хьехар, йа ахь шена дуьйцучуьнга ладогӀар охьа а хиина, ша дийцина валлалц. Телпочуьра хьала а ваьлла лерина ахь цуьнга охьа а хиина ладогӀар – и ду хьуна доьзалхочунна оьшург.
Иштта берийн планшеташ ю вайгахь, шена езачу хӀокху бот тӀе яз е. Йижарша яз е @jaynaash_bot
Forwarded from MOMSAR
Зезагаш.pdf
340 KB
ШИ КАМАЗ ЗЕЗАГАШ

(шолгӀаниг яло, йа шолгӀаниг яха ойла йолчаьрга кехат)
Аса хьуна стаги дош ма делла гӀура вац аьлла, хьалха стаги дош делар аса, со ца вахар.
©Фарукъ
Зудчо Къуръан lамадаран бареме хьаьжжина, алсамдолу цуьнан ше хlусамдена муьтlахь хилар а. Хlунда аьлча, Къуръано адам юхаузу массо а вочу хlуманех, маьттазчу маттах, девнех, вочу амалах a.

дин lамадаран тlехь аьтто бе шай хlусамнаношна, дуьненан гlуллакхашца царна го а ца беш, дуьненахь дерг ханна ду, ткъа цо lамийна пайде lилма даиманна ду..
Берашца къинхетаме хилар!

Абу-Х1урайратах дийцина (Дела реза хуьлда цунна) Делан элчано ﷺ 1елин к1ант Хьасанан барт баьккхира, Тамиман тайпана Хьабисан к1ант Акъра1 шен уллехь волуш. Т1аккха Хьабисан к1анта Акъра1а элира: Х1ай Делан элча ﷺ, сан итт доьзалхо ву, цареха цхьанне а барт баьккхина бац аса цкъа а.
Т1аккха Делан элчано ﷺ цуьнга хьаьжна элира:
Бокъалла а ша (нахаца) къинхетаме воцучух, (Дала) шеха къинхетам бийра болуш бац.

ал-Байх1акъи.
«Хьайн берехь хилийта лууш долу дика хlума, цунна жима долуш дуьйна хьайна тleхь масал гойтyш, чудилла дезаш ду ахь.

© ӏадлан харачо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Деношха цхьана дийнахь хьоьх дlа къаьстар бу-кх берриш...АЛЛАХ|АН Элча صلّ الله عليه وسلم вохар ву-кх хьуна Шафаlат деш... Тlакх ахьа диц ма делахь Цунна Салават диллар!
Сийлахьчу Къуръанна лерина ю хlара канал.

Къуръан дешаран, lаморан дозалла дуьйцуш

Хьайна а пайда эца, хьайн накъостий а схьакхайкха, ял хир ю хьуна, Дала мукъ лахь.

Цхьана Аллахlна бу-кх берриг хастам!
https://t.me/kuranan_dozallin_hosta