Аллахlан цlерш
1.91K subscribers
75 photos
3 videos
80 links
Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош.
Download Telegram
الأَوَّلُ ﷻ الآخِرُ ﷻ
[Ал-Авваль - Хьалхараниг]
[Ал-Аахир - ТIаьххьараниг]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
«И [АллахI] - Хьалхараниг а, ТIаьххьараниг а ву, уггаре Лакхахьверг а, уггаре Гергахьверг а ву. Массо а хIума хууш ву И».
[Сурат: ал-Хьадид, аят: 3]

Даиман а, гуттар а волуш волу Хьалхарниг ву И, шел хьалха кхин хlумма а хилла доцу, Аллахl воцург, шадерг доцчура хилла ду, ткъа Аллахl даиман а, гуттар а волуш Ву.

Тlаьххьарниг ву И лаъ ца леш вуьссун волу, Ша воцург кхин хlумма а дуьссур доцуш волу, Ша даиман а гуттар хир волу.

Хlара шийа цlе, Сийлахьчу Къуръан чохь [1] - цкъа хьахийна.

https://t.me/Asmaul_husna
الظَّاهِرُ ﷻ البَاطِنُ ﷻ

[Аз-Зоохlир - уггаре Лакхахьверг.]
[Ал-Баатlын - уггаре Гергахьверг.]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
«И [АллахI] - Хьалхараниг а, ТIаьххьараниг а ву, уггаре Лакхахьверг а, уггаре Гергахьверг а ву. Массо а хIума хууш ву И».
[Сурат: ал-Хьадид, аят: 3]

Массо хlуманна тlехлахь верг, Цунна тlехлахь хlумма а дац, уггаре Лакхахьверг ву И.

Къайлах долчух а, гучахь долчух а, я уггаре жимачух а цхьа хlума дац И тlе ца кхуьуш, я И герга воцуш а, угаре Гергахьверг ву И.

Хlара шийа цlе, Сийлахьчу Къуръан чохь [1] - цхьазза еана.

https://t.me/Asmaul_husna
Forwarded from _zam_zam_1414_
Ибн Мубарака (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Уггаре цIена, дика долчух чам а баккхале дуьнен чуьра дIабевла цхьа нах».

Цуьнга хаьттина: «ХIун ду и цу чуьра уггаре а цIена, дика дерг?»

Цо аьлла: «АллахI вовзар ду - Сийлахь-Веза ву И».

Хьилятул-авлияъ, агӏо 8/167.
البَرُّ ﷻ
[ал-Барр - Диканиг]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Боккъалла а, И [АллахI] - Диканиг,
Къинхетамениг ву». [Сурат: ат-Тlур, аят: 28]

Гуш долу а, къайлах долу а ниlматаш луш верг ву И. Цуьнан дикаллех дlатилча, бlаьрган негlар тухучу ханна а мегар долуш дац Цуьнан халкъаш. Бусулба нахех диканаш дечеран мела совбоккху Цо, гечдо Цо, вонаш дийлинчаьрна къинтlера волу И. Ша йина чlагlо кхочуш йо Цо. Шена герга гlертачу лаьшца чlогlа дика а ву И.

«ал-Барр» аьлла йолу Аллахlан цlе, Къуръан чохь цхьана меттахь еана.

https://t.me/Asmaul_husna
العَفُوُّ ﷻ
[Ал-lафувв - Къа дlа а дойий КъинтIераволург]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Боккъалла а, АллахI – (къа дlа а дойий) КъинтIераволург, Гечдийрг ву. [Сурат: ан-Нисаъ, аят: 43]

Ша Кlеда-мерза, Комаьрша хиларна, цlеначу даггара бакъ тоба а дина, цул тӀаьхьа Шена муьтӀахь хилларг, къинош дlа а дойий, царех дlа а цlанавой, геч а дой, къинтlера а волий, бехказавуьту Цо.

Аллахlан элчано (Аллахlера салам маршалла хуьйла цунна) боху цlеначу хьадисехь:«Къанах тоба динарг, къа доцуш верг санна ву».
[Ибн Маджа: 4250]

Латийна доцу къанах лаьцна хоттур дац цхьаьнга а, цу кеппара, цlеначу даггара дохковаьлла, шен дохковаларехь Аллахlац бакълийнарг, къа ца латийнарг санна ву боху Пайхамарс (Аллахlера салам маршалла хуьйла цунна). Амма къемат дийнахь цу къанах лаьцна хоттур ду, я дац аьлла къовсам боьжна lелам нахан юккъахь. Церах бу, гечдар дехна долу къа дlадойур дац, уьш массо дагар деш лайна дlагойтур ду, царна хьесап дийр ду, делахь а lазап дийр дац аьлларш а бу, къанах тоба динарг, къа ца динарг санна ву, цундела царна хьесап дийр дац я lазап дийр дац аьлларш а бу. Къемат дийнахь Дала ца хатта а тарло тоба диначу къанах лаьцна, амма хаттахь а, лайно эра ду холчу хlоьттина а волуш: «со къера ву-кх ас латийначу къанна сан Дела», ткъа Аллахlа: «Ас хьуна гечди-кх хlай сан лай» эра ду, Шен къинхетам гуча боккхуш.

«Ал-lафувв» аьлла йолу Аллахlан цlе, Къуръан чохь пхиъазза хьахийна.

https://t.me/Asmaul_husna
التَّوَّابُ ﷻ
[то‌ба Къобалдийриг]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
«Боккъалла а, АллахI - тоба Къобалдийрг, Къинхетамбийрг ву».

[Сурат: ал-Хьужуро‌т, аят: 12]

И [АллахI] - Шен лайшкара тоба къобалдийрг ву, вонашна гечдийрг ву, тоба дар тlедиллинарг ву, тоба дан гlодийриг и атта дийриг ву, цаьргара иза къобалдийриг ву.

«ат-Тавва‌б» аьлла йолу Аллахlан цlе, Къуръан чохь цхьайттаза хьахийна.

https://t.me/Asmaul_husna
Маликаш шена доIа дечарах а, гечдар, къинхетам боьхучарах а ву:

1. Нахана диканиг Iамориг а.

2. Ламаз хан ларйириг а.

3. Хьалхарчу могIарехь ламаз дийриг а.

4. Цомгуш волчунна тIехIотта воьдург а.

5. Марха лаца Iуьйкъе йийриг а.

6. lилма lамориг а.

7. Пайхамарна салават дуьллург а.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хьан шича хьан махьрам вац!

Шича махьрам вац! Зуда шен шичийна хьалхахь коьрта Іуьйра лелар, я юьхь а тӀараш диссалц шен муьлхха а кхин йолу меже я мас цунна хьалхахь гучаяккхар хьарам ду, кхин болу хийра божаршна хьалхахь уьш гуча яхар хьарам ма хиллара.

Сан йиша! Нагахь цу хlуманехь ахь хlинццалц ледарло еш хиллехь, Аллахlе хьайна гечдар дехе, кхин дlа Аллахl хьайна реза вархьама лело ма дезза леладе хьайна Дала тlе диллина духар, жима хlума дац хьуна иза, Аллахlах кхералахь!
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM