Ӏаламан хазна
2.25K subscribers
1.65K photos
1.22K videos
15 files
660 links
أم بنات - йоӀарийн нана ❤️❤️❤️
Download Telegram
Ялсамане вохуьйтуш долу бахьана:

- Диканаш дан сихвалар:


Шен Делан ваIда (чIагIо) бакъйеш верг, и яккха сихлур ву, цунна тIе кхечарал хьалха кхáча хьожур ву.

АллахIа аьлла: «Шайн Делера гечдаре а, ялсаманега а сихло, стигланаш а, латта а санна йоккха, паргIат йолу. (АллахIах) кхоьручарна кечйина ю и».
Сурат «áли-Iимрáн», 133 а́йат.

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) волче цхьа стаг веана цо аьллера: «ХIай АллахIан Элча, муьлхачу хенахь делла сагIа ду ял уггар йоккха ерг?» Цо аьлла: «Хьо могуш а, (даьхненна) бIаьрмециг а, (дукхá ваьхна) къелла тIеярна кхоьруш а волуш делларг ду. (Иштта) хьал долуш хиларе сатуьйсуш а волуш делларг ду. (СагIа) тIаьхьа ма тетта екъа къамкъарге са кхаччалц. ТIаккха бáха волалур ву хьо: Хьенехана хIоккхал ло, минехана хIоккхал ло. (Ахь ца делча а) хьенехан дуьсуш ма-ду и (хIинца)».
Вай ламаз хIунда до? 6/11

Шин шахIадател тIаьхьа уггаре а сийлахь рукн ю ламаз, АллахI цхьаъвечеран бIаьргийн самукъа а ду иза, Iибадатийн нана а ю иза, Далла герга вуьгучу Iамалех уггаре а сийлахь ерг ю иза, бусулба стега Iамалин куьзга ду иза, муъма стеган дагчуьра динан дозалла гойту терза ду иза, стиглара диссина массо а шарIийн гIортол ю иза, маршона хIусмана байракх ю иза, иманаца тешалла а, нифакъах цIаналла а ду иза, муъма нехан некъ бу иза, декъала йолу АллахIана тобанан а, шайх къинхетам бинчу Цуьнан эвлаьин а байракх ю иза, Iаламин Делан герга вахар а ду иза.

■Мухьаммад ИсмаIил ал-Мукхаддам
Бехъелла бедар-м ЦIанлур ю йиттахь, Тишлахь а оьцур ю ЦIенниг и кхин. Амма ахь сий бехдахь Йиш яц и дитта: Карор дац дуьненчохь Сий цIандан хи.
Адаман куц тодеш ерг -- оьздангалла ю.
IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина:

«АллахIан Элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ламаз дар нисделира сан: делкъан (ламазал) хьалха ши ракаIат, цул тIаьхьа ши ракаIат, иштта рузбанан (ламазал) тIаьхьа ши ракаIат, маьркIажан (ламазал) тIаьхьа ши ракаIат, пхьуьйран (ламазал) тIаьхьа ши ракаIат

(ал-Бухари: 1165, Муслим:104 / 729)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Бераш нах лара а, нах беза а, гIиллакхаш долуш Iамо деза. Аьшпаш, хIиллий, мекарлонаш, харцонаш, ямартлонаш Iаморах цIарах санна ларо деза шен бер.
Вай ламаз хIунда до? 7/11

Ламазан билгалонех ду: ламаз кошу Iазапах хьалха воккхуш хилар, беллачеран а, шайна Iазап дечеран а сатийсам иза хилар, Iаламийн Дела волчу АллахIан Iазапах кIелхьаравоккхуш иза хилар а.
Иштта ялсаманчохь даржашкахь лакха воккхуш ду иза, ялсаманехь Шеца тамбоцучу хIуманех цIена волу АллахI гур хиларан бахьан а ду иза.

Ткъа ламаз иштта хилча, вай лардан деза иза: шен массо арканашца а, важибашца а, суннаташца а: оцу ламазан тIамарца,синаца,хьаставаларца,синатемаца а долуш дIахIотто деза вай иза: Цу сийлахьчу билгалонашка, дозаллашка, белхашка вай кхочур долуш.

■Мухьаммад ИсмаIил ал-Мукхаддам
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зудчунна ламаз доьхначу деношкахь а, доьзалхо вина, ламаз дисиначу деношкахь а Къуръан деша мегий?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цу хьокъехь Ӏеламнехан къовсам бу, дукхахболчу Ӏеламнаха ца мега аьлла оцу деношкахь зудчунна Къуръан деша. Церан тоьшалла - Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Фарз хи тӀедоьжначо а, ламаз дисиначу зудчо а Къуръан ма доьшийла». (Тирмизий: 131) Амма оцу хьадисан хьокъехь Ибн Таймиййата боху: «И хьадис даӀиф хиларна тӀехь хьадис Ӏилмангахь мелболчу Ӏеламнехан бартхилла». (МажмуӀул-фатава, агӀо: 21/460)
Ткъа хьадис даӀиф хилча, иза тоьшаллина мегаш дац.
Кхин а тоьшалла даладо цара - зудчуьнан ламаз дисар - фарз хи тӀедожар санна хӀума ду, ткъа, фарз хи тӀедоьжна а долуш, Къуръан деша мегаш цахиларна тӀехь цхьаьннан а къовсам ма баций, тӀаккха фарз хи тӀедоьжча Къуръан деша мегаш ца хиларе терра, зудчунна шен ламаз дисиначу деношкахь а мегар дац Къуръан деша аьлла. Ткъа цу хьокъехь боху Ӏеламнаха: «Ламаз дисина зуда фарз хи тӀедоьжначух таръяр нийса дац, хӀунда аьлча фарз лийчар тӀедоьжнарг, муьлххачу а хенахь шена тӀера хи даьккхина, Къуръан деша йиш йолуш ву, ткъа ламаз дисина зуда шен денош чекхдовллалц Ӏан езаш ю, тӀаккха цу ханчохь Къуръан ца доьшуш Ӏан хала хир ду цунна, я дагахь Ӏамийнарг дицдала а тарло цунна.

Ткъа цхьаболчу Ӏеламнаха мегар ду аьлла оцу деношкахь зудчунна Къуръан деша. Церан тоьшалла:
1- Хьаж деш йолуш Ӏаишатна и денош тӀедаьхкича, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цуьнга элира: «Хьаж дечо мел деш дерг де, тӀаваф доцург». Ткъа Къуръан деша а мегаш ца хиллехь, иза а аьлла хир дара цо.
2- ХӀуманан бух - мегаш хилар ду, и хӀума мегаш дац аьлла тоьшалла хиллалц, ткъа иза доцуш ду. Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) заманахь а зударийн хилла хьал ду иза, ткъа и хьал долучу хенахь цаьрга Къуръан ма деша аьлла деъна хӀумма дац.
3- Къуръан дешар АллахӀа хастийна еза Ӏамал ю, ткъа цу Ӏамалах зуда юхатоха къеггина тоьшалла деза, иза доцуш ду.
Ткъа зударшна оцу хьолехь Къуръан деша мегар ду аьллачу Ӏеламнахах бу: Маликан мазхӀаб, ЗахӀирийн мазхӀаб, Имам Абу Хьанифатера цхьа риваят, Имам ШафиӀера цхьа риваят, Имам Ахьмадера цхьа риваят, Имам ТӀабарий, Ибн Таймиййат, Ибн Къаййим, Имам Шавканий, Шайх Албаний, Шайх Ибн Баз, Шайх Ӏусаймин, «Лажнатуд-даимахӀ» олу фатва ло Ӏеламнехан гулам, Шайх Мунажжид, Шайх Вахьид Ӏабдус-Салам Балий, Шайх МустӀафа Ӏадавий, Шайх ТӀарифий, Шайх Халид Муслихь, Шайх Ӏарифий, иштта кхиболу Ӏеламнах а.

Амма оцу деношкахь Къуръанах куьг Ӏотта мегаш цахиларна тӀехь диэ мазхӀабан бартхилла ду. Ткъа лакхахь вай дуьйцург - дагахь, я куьйгахь кара а долуш, я къоламца дӀалуьстуш, я телефон тӀера, иштта кхин муьлххачу а кепара, Къуръанах хьакха ца луш, деша мегаш хилар ду.
Зудчуьнна лерам бир ма бац ша сийлахь лераме волчу бен, зуда сийсаз йир ма яц ша сийсаз волчу бен.
Ӏаламан хазна pinned «​«Эхь» бохург – хаза гIиллакх ду, оьзда амал ю.»
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
💤Шайх Мухьаммад ал-Iарúфийс - Са дегIах дIа муха къаьста дуьйцу
Дикалла — сийлаллин нур догу седа бу.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь, стигланаш Цуьнан аьтту куьйгахь хьарчийна хир ю. Цара Цуьнца нисбечу накъостех тIехцIена а, сийлахь а ву И» («ал-Ахьзаб», 67).

Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана жуьгтийн Iилманчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, аьлла: «ХIай, Мухьаммад! АллахIа стигланаш цхьана пIелга тIе дIатарйийр ю аьлла ма ду тхан, латтанаш – вукхунна тIехь, дитташ – кхоалгIачунна тIехь, хиш – боьалгIачунна тIехь, хьал-бахам – пхоьалгIачунна тIехь, берриге а бухабиссина Шен кхолламаш – ялхалгIачунна тIехь. ТIаккха эра ду Цо: «Со ву – Паччахь». Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велавелира, кхетаман кхела гуча а йолуш, оцу Iилманчо аьллачунна реза хилла. Цул тIаьхьа (хIара аят) дийшира цо: «АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь …» (Бухари: 8/423, иштта 13/397, Муслим: 2786, Ахьмад: 1/457, Тирмизи: 3239).

Муслимехь долучу ривайатехь аьлла:

«…ткъа лаьмнаш а, дитташ а – цхьана пIелга тIехь хир ду. Цул тIаьхьа уьш дега а дина, эра ду Цо: «Со ву – Паччахь! Со ву – АллахI!».

Бухарис далийначу ривайатехь аьлла:

«…стигланаш цхьана пIелга тIе дIатарйийр ю, хиш а, хьал-бахамаш а - вукхунна тIе, берриге а бухабисина Шен кхолламаш – кхоалгIачунна тIехь…».

Муслима даладо Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнаш, ибн Iумара дийцина хилла долу: «АллахIа къематдийнахь стигланаш хьарча а йина Шен аьтту кара оьцур ю. ТIаккха эра ду Цо: «Со ву – Паччахь. Мичахь бу и берриге кураллин а, дозаллин а дай?». Цул тIаьхьа, дерриге ворхI латта дIа а хьарчийна, аьрру кара схьа а эцна, эра ду Цо: «Со ву – Паччахь. Мичахь бу и берриге кураллин а, дозаллин а дай?» (Муслим: 2788).

Ибн Iаббаса аьлла:

«ВорхI стигал а, ворхI латта а Къинхетамечуьнан кераюккъе тарло - шух муьлххачу а цхьаьннан карахь кIоллин буьртиг дIатарбаларе тера».

Ибн Жарира аьлла:

«Йунуса [ибн Iабд ал-АIласа] дийцира суна ибн ВахIабера, ибн Зайдера, цуьнан дас дийцина хьадис дара аьлла, АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ВорхI стигал Курсаца юьстича, турсана чутесначу ворхI дирхIамах тера ю».

Цо дийцина, Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, «АллахIан Элчано олуш хезна шена аьлла: «Iаршаца дуьстича Курс - йист йоцучу аренга кхоьссиначу аьчкан чIагарх тера ду».

Ибн МасIуда дийцина:

«Дуьненан стигална а, цунна тIехуларачу стигална а юккъехь – пхи бIе шо ду. Иштта хIора стигалара вукхуьнга кхаччалц (йолучу юкъаметтиган геналла) - пхи бIе шо ду. ВорхIалгIачу стигалний, Курсанний юккъехь а – пхи бIе шо ду, ткъа Курсанний, хинний юккъехь а – иштта пхи бIе шо ду. Iарш - хина тIехь ю, ткъа АллахI - Iаршана тIехула Ву, аша дечух цхьа а хIума къайлаха дац Цунна».

(И хьадис далийна ибн МахIдийс - Хьаммад ибн Саламера, Iасим ибн Бахдалера, Зирра ибн Хубайшера, IабдуллахI ибн МасIудера. Цуьнах тера хьадис далийна ал-МасIудис а - Iасимера, Абу Ваилера, Iабдуллера. Хьафиз аз-ЗахIабис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «И хьадис тхуна тIекхаьчна ду дуккхаъчу нехан зIенашкахула»)).

Iаббас ибн Iабд ал-МуттIалиба дийцина, цкъа АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стигалний, лаьттаний юккъехь мел гена юкъ ю хаьий шуна?». Оха элира: «Цуьнах дерг хууш АллахI а, Цуьнан элча а ву-кха». (Пайхамара) элира: «Цаьршинна юккъехь пхи бIе шеран некъан юкъ ю, (кхин дIа) хIора стигална тIера вукху стигална тIе кхаччалца – иштта пхи бIе шо ду. Иштта хIора стигал пхи бIе шеран юкъо дIалаьцна ю. ВорхIалгIачу стигалний, Iаршанний юккъехь хIорд бу, цуьнан бухара тIехуленга кхаччалц йола юкъ стигалний, лаьттаний юкъ санна а йолуш. Сийлахь-Веза АллахI оцу дерригенна а тIехула ву, Адаман бераша дечух цхьа а хIума къайлах а дац Цунна» (Абу Дауда а, кхечара а далийна хьадис ду хIара. Абу Дауд: 4723, 4724, 4725, Тирмизи: 3317, ибн МажахI: 193, Ахьмад: 1/206, иштта 207)
Ӏаламан хазна pinned «​​“Бакъдолуш, Iеламнах пайхамарийн верасаш бу!" Мел исбаьхьа бу-кха —шайл тIаьхьа оцу кепара тIаьхьало йитинарш! Ма исбаьхьа бу-кха церан верасаш а!»
Бусалба нехан нана Iаишат хьокъехь диссийна долу аяташ:

[Муъма-нехан нанна Iайшатна] тIехь харцо [эладита] кхоьллинарш шуна юкъара цхьа тоба ю. Шайна вон ду ма мотталаш и [харцо]. Муххале а, шуна дика ду и. Царех хIора стагана а цо ша латийна [къа] хир ду. Ткъа цуьнах [оцу харцонах] доккхах долу дакъа шена тIеэцначунна [оцу тобанан коьртехь хиллачу Iабдуллина] кечдина инзаре доккха Iазап ду [къематдийнахь].

Шайна и [харцо] хезначу хенахь муъма-стегарша а, муъма-зударша а дика ойла хIунда ца йира шайн хьокъехь, ала а хIунда ца элира цара: «Иза – билгала харцо ю кхоьллина?».

Иза [бакъхилар] тIечIагIдан виъ теш хIунда ца валавора цара? Нагахь цара тешаш ца балийнехь, АллахIана гергахь-м уьш бу харцлуьйраш.

[ХIай, нах!] Нагахь шуьга АллахIан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара [хIокху] дуьненахь а, эхартахь а, аш [Iайшатах лаьцна] дина къамелаш бахьанехь тIехдоккха Iазап хьакхалур ма дара шух [хIай, къамелаш дина тоба].

Шайн меттанашца харцо яржайо аш. Шайн меттанашца цуьнах [Iайшатах] шайна цхьа а хIума цахуург дуьйцу аш. Иза - атта [дайн] хIума ду а моьтту шуна [я башха доккха хIума дац аьлла а хета шуна иза]. Амма АллахIана гергахь-м доккха [къа] ду иза [харцо кхоллар].

[ХIай, муъманаш!] Шайна и [харцо] хезначу хенахь, ала хIунда ца элира аш: «[ХIай, АллахI!] Оха дийца догIуш хIума дац иза. ТIехцIена ву Хьо! Ткъа иза - тIехдоккха эладита ду-кха?».

АллахIа хьехар до шуна - цкъа а ишттаниг шуьга юха ца дайтархьама, нагахь шу муъманаш делахь.

АллахIа аяташ билгалдо шуна. АллахI – Хуушверг, Хьикматениг ву.

Боккъалла а, муъма-нехан хьокъехь боьха [ирча] хIума даржа луучарна кечдина лазош долу Iазап ду хIокху дуьненахь а, эхартахь а. АллахIана хаьа [уьш харц луьйш буйла], ткъа шуна ца хаьа.

[ХIай, нах!] Нагахь шуьга АллахIан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, нагахь АллахI шух Къахетарг [я Доглозург], Къинхетамбийрг а ца хиллехьара, [къиношдиначарна чехкка Iазап догIур ма дара].


[Сурат «Нур», 11-20 аяташ]
Хьалхара хаттар: Исламан маса бIогIам бу?

Жоп: Исламан пхи бIогIам бу.


АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Ислам – иза шена лолла дан хьакъ волуш, АллахI воцург, кхин дела вац, Мухьаммад (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) АллахIан Элча ву аьлла ахь тоьшалла дар а, ламаз дар а, закат даккхар а,
мархийн бутт кхабар а, хьаж-цIа вахар а ду, некъехьара цига ваха хьайн ницкъ кхачахь».*

Ибн Iумара (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла:

«Ислам дин пхеа хIуманна тIедоьгIна ду:
шена лолла дан хьакъ волуш, АллахI воцург, кхин дела вац, Мухьаммад (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) АллахIан Элча ву аьлла ахь тоьшалла дар,
ламаз дар, закат даккхар, хьаж дар, мархийн бутт кхабар».*


*Сахьихь: Муслим:
*Сахьихь: Бухарий: Муслим:16
🌴Хаалахь баккъалла а Аллахlана хьо дукхавезий!

Аллахlа хьуна еллехь халонаш, бáланаш, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, доlанца хьан аз хаза лууш Иза хилар!

Аллахlа хьуна деллехь кlеззиг, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, Цо хьуна эхартахь алсам лург хилар!

Аллахlа хьуна деллехь реза хилар, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, Цо хьайна уггар хаза ниlмат делла хилар!

Аллахlа хьуна деллехь собар, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, хьо декъала хиллачех хилар!

Аллахlа хьуна еллехь догцlаналла, хаалахь Цунна хьо дукха везаш хилар, Цунна тешаме хилалахь!

Аллахlа хьуна еллехь гlайгlа, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, хьоьгара хастаме, шукре хьоьжуш И хилар!

Аллахlа хьуна беллехь сингаттам, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, Цо хьан ийман зуьйш хилар!

Аллахlа хьуна деллехь даьхни, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, мискачунца бlаьрмециг ма хилалахь!

Аллахlа хьуна еллехь мискалла, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, Цо хьайна даьхнел а мехала ерг елла хилар!

Аллахlа хьуна деллехь мотт, дог, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, ахь уьш лéладé диканна, догцlаналлина!

Аллахlа хьуна деллехь ламаз, марха, Къуръан дешар, lуьйкъана гlаттар, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар, Цунна шукр деш хилалахь!

Аллахlа ислам дин ма делла хьуна, хаалахь Цунна хьо дукхавезаш хилар!

Аллахlана дукхавеза хьо, тlаккха хьуна Иза муха везар вац?!