lадлан Харачо
2.11K subscribers
475 photos
375 videos
24 files
1.07K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Хаттар: Хьайн дIадаханчу шеран къиношна гечдан лаьий хьуна?

Жоп: Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

Кхечу хьадисехь Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

🔵Ткъа оцу Iа‌шу‌ра‌ъ денца, цулла хьалхарчу дийнахь марха кхабар а суннат ду, цунна далил - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «...ИншаАллахI, вай юха шаренга довлахь, (Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхара) 9-гIа де а кхобур ду вай...».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1134]

🔵Амма Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал тIаьхьарчу дийнахь марха кхабарха долу хьадис даIиф ду, цундела, цу дийнахь кхабар суннат ду ца олу вай, ткъа кхобуш волчуьнга ма кхаба, бидIат ду а ца олу.

🔵Шен мархийн баттахь дисина, тIекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу шина дийнахь марха кхаба, цуьнан ши некъ бу:

1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду.
2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю.

🔵Ният «суннат марха кхаба» аьлла, дагахь хилчхьана кхачам бу, багахь хIумма а баха оьшуш дац. «Кхана марха кхобур ду ас», - аьлла дагчохь сацам хиллехь - иза ният лоруш ду.

🔵Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхарчу дийнахь марха кхабаза виснехь, деккъа Iа‌шу‌ра‌ъ де кхаба а мегар ду, цул тIаьхьарчу дийнахь ца кхаьбча а.
https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏалий ибн Абу ТӀалиб (АллахӀ реза хуьйла цунна) волчче веънера Аштар, иза ламазехь волуш, буьйса тийначу хенахь, цо элира: «ХӀай бусалба нехан амир, дийнахь марха, буьйса сема, цу шинна юккъехь кӀадвалар!».

ТӀаккха ша ламаз дина ваьлча цо жоп делира: «Эхартан некъ беха ма бу, буьйсанна хадо безаш бу иза».

Хьабиб ибн Мухьаммад Фарисин хӀусамнанас буьйсанна самавоккхура иза, ша олуш: «Хьабиб, хьалагӀатта, некъ генна бу, вай новкъаяккха кечйинарг кӀезиг ю, дикачу нехан къепал дӀайолаелла, ткъа вай хӀинца а Ӏаш ду».

Youtube чуьра ссылка
Forwarded from Allahan lay
сан Ваша, сан Шайх |адлан, марша вохийла хьо тхан лараме, хьоме шайх.
lадлан Харачо
сан Ваша, сан Шайх |адлан, марша вохийла хьо тхан лараме, хьоме шайх.
Делера салам-маршалла хуьйла хьуна! АллахӀ реза хуьйла гӀиллакх лацарна, амма «шайх» вац со, и ала доладар деза а ца деза суна чӀогӀа, ца дезаран бахьана - нах гуттар кхечу кепара кхета цу цӀарах, иза цхьа дарж долуш санна, Ӏеламстаг бохуш санна кхета, ткъа цу кепара яккхийчу цӀершца нах Ӏехор ду вайна бале даьлларг.
Кхузахь санна, кху вай хьостан чу а вайн лераме ваша ваьлча, иштта сурт чу хӀотто дага деанера суна, баркалле дешнаш яздеш. Ткъа шех лаьцна иштта аьлча, вайн вешо и къобал ца дой, ша хестор дезаш воций дукх хьалхе дуьйна сайна хаарех терра, Ӏад Ӏийра со. Шайх дар ца вара гӀолехь ду аьлла)

Ткъа цу хьоьх йоккхучу цӀеран хьокъехь аьлча, сан лераме ваша. АллахӀа шен боккхачу къинхетамца хьоьх беркат дина, нийса некъ тхуна билгала боккхуш, харцо гуча йоккхуш, Ислам динах болу нийса кхетам тхуна охьабиллина, дуьххьара хила ма дезза дин тӀехь тхо нисдалара бахьан ма ду хьо. Тхуна Ӏеламнах безар чудиллинарг, дин Ӏамора марз динарг, Ӏакъидат тхан дегнаш чохь нис йинарг - и шадерг динарг АллахӀ ву. Ткъа хьоьх бахьана дина Цо, Шен боккхачу къинхетамца.

Сан 14 хан яра, АллахӀа дуьххьара со хьан даӀватан тӀенисвиначу хенахь. Цу хенахь дуьйна хьоьгара долу беркат сецна дац сан дахарехь. Хьан даӀватех беркат суна даьлла ца Ӏаьш, суна гондахьа болчаьрна а даьлла. Сан дахарехь уггаре а йоккха меттиг дӀалаьцна адам ду хьо, сан хьоме Шайх, цкъа-а суна боккъала бӀаьрга гина а воцушшехь. АллахӀа шена герга вуьгу некъ хьан керахуьла суна схьабаьстина. Хьоьх сайн доьвлла пайданаш, диканаш а со дийца воллахь, хьо гуттар а суна оьгӀуза гӀура ву, аса хьой хеста во моьттуш. Лераме ваша, хьо хасто дуьйцуш дац хьуна, бакъ долу дела хьаха до аса.

Сан лераме ваша, хьуна дуьхьала къийсалуш вац хьуна со, ахь цкъа «хӀан-хӀа» - аьлча, цул тӀаьхьа хьан дешан тӀоьхула дош доккхура долуш вац хьуна со ИншаАллахӀ. И ”Шайх» аьлла цӀе, хьайх яккхар хьайна ца дезий ахь дукх хьалхе дуьйна аьлла долуш ду.
Делахь а, со хьан мутӀелам ву. Суна «Къуръан, суннат» - бохург хӀун ду довзийтинарг ву хьо, суна Дела динац болу нийса кхетам схьабаьстинарг ву хьо, цу динах безам хьо бахьана долуш сай тасабалара бахьан долуш йоккху ас хьоьх и цӀе. Ахь цхьан дийцарехь хьаха ма дарра, стага уггаре чӀогӀа лара веза шена Къуръан Ӏамийна хьехархо, тӀаккха Къуръан а, суннат а, динан белхаш а Ӏамош, церан хьокъехь болу Асхьабийн кхетам а бовзуьйтуш, и доллу хӀума суна чудуллуш волу хьоьх и цӀе йаккхар ша кепара нисло сан, кхечу кепара екъ ша хьан цӀе яккха гуттар гӀиллакхехь ма ца хета суна, сайн агӀора. ХӀоккхула суна беркате ваьлла волчу стегаца, цуьн цӀе мукъан ларйина лерам хила ца беза сан оле дага тосу, екъ цуьнан цӀе яккха сан нийсархо ма вац иза, мелхо суна доллу хӀума довзийтина, хӀинца а Ӏамош волу стаг ма ву. Аса хьоьх «Шайх» - алара, ахь суна диначу дикане хьаьжча, сан агӀора уггаре кӀеззиг баркалле хилар ду иза.

Цу массарна тӀе аьлча, вайн массеран а хьоме волу, уггаре баккхийчу Ӏеламнахах волу Шайх Вахьид Ӏабдус-Салам Балийс а ма олу хьоьх Шайх)
Хьан Шайх волу воккхачу Ӏеламстага а хьоьх хьан мутӀеламашна хьалха «Шайх» - олуш хилча, хьан мутӀеламашна аьхь дац хьоьх и аьлла, хьан лерам ца бича?
Цундела, хьан пурба дезара суна и цӀе яккха ахь тхуна бакъо яларна, хьо вазвеш, гӀалатех цӀанвина ву боху - маьӀанашца йоккхуш яц иза. Иза хила йиша йоцург дуй билгала хууш ду массаьрна. Ахь пурба делча хаза хетара дара, хьай жимма лерам бан меттиг битахьара ахь. Бакъдолуш, ахь пурба ца лахь, ахь аьллачу тӀехь чекх дера ду иза ИншаАллахӀ.
https://t.me/adlan_haracho
lадлан Харачо
Кхузахь санна, кху вай хьостан чу а вайн лераме ваша ваьлча, иштта сурт чу хӀотто дага деанера суна, баркалле дешнаш яздеш. Ткъа шех лаьцна иштта аьлча, вайн вешо и къобал ца дой, ша хестор дезаш воций дукх хьалхе дуьйна сайна хаарех терра, Ӏад Ӏийра со. Шайх…
АллахӀ реза хуьйла, хазачу гӀиллакхна, ларамна! Делахь а, оцу ахь дуьйцу дерригенна АллахӀа сох бахьана хӀоттийнехь, юха а со АллахӀан баркалле хила везаш хӀума ду-кх, Шен гӀуллакхна АллахӀа со лелорна, суна керла цӀе йогӀуш хӀумма ма дац.

Нийсархо хиларал а, шайхалла а доккха ду АллахӀан дуьхьа долу вежаралла, и вежаралла ма ду вайн, ткъа вежарша вовше цӀе яккхарх хӀумма ма дац.

Ткъа соьгара пурбанца йоккхуш елахь, иза-м далалур дац соьга.
Ахь хьай Шайхах Шайх ала мегш, ткъа оха тхан Шайхах Шайх ала а цамегш и нийса хир ду моьттуш вац со🧐
Имам БарбахӀа‌рис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Лекха волчу Делан куцош хьокъехь «иза муха ду, хӀунда ду», ца боху, Беркате, Лекха волчу АллахӀах шеконехь волчо бен!».

[Шархьус-суннахӀ, агӀо: 29]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Ӏабдул-Ӏазым Бадавийн дарсехь.

Мисрера «Кафруш-Шайх» олу гӀалахь, 24.05.2013 ш.

Youtube чуьра ссылка
Юсуф
<unknown>
-Юсуфан сурт даржа де, мостагI оьгIаза вахита.
-Тахана хьан статус хьа герз ду.

Дала декъала войла Юсуф☝️
lадлан Харачо
Кхузахь санна, кху вай хьостан чу а вайн лераме ваша ваьлча, иштта сурт чу хӀотто дага деанера суна, баркалле дешнаш яздеш. Ткъа шех лаьцна иштта аьлча, вайн вешо и къобал ца дой, ша хестор дезаш воций дукх хьалхе дуьйна сайна хаарех терра, Ӏад Ӏийра со. Шайх…
Кху чуьра хӀара ешна, - «цо иштта бохуш хилча, пурба хӀунда ца делира ахь, пурба ло цунна», - аьлла сан НАНАС тӀедожий суна. ТӀаккха НАНАС бохург ца дича ца даларна, кху цхьана вешина пурба лур ду вай.
Имам БарбахӀа‌рис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьадисашна Ӏоттар еш, уьш къобал ца деш, я АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дийцина муьлхха цхьана хӀуманна инкарло еш стаг хьайна гахь, цуьнан дин цӀена доций хаалахь, иза вон некъ болуш, вон къамел долуш стаг ву хьуна! АллахӀан Элчанна а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), я цуьнан асхьабашна а Ӏоттар еш ца хуьлу, хӀунда аьлча, вайна АллахӀ вовзар, цуьнан Элча вовзар, Къуръан довзар, дика-вон, дуьне, эхарт довзар хьадисехула хилла. Къуръанах кхета хьадисашка хьашта хуьлу, хьадисах кхета Къуръане хьашта хиларал чӀогӀа».

[Шархьус-суннахӀ, агӀо: 41]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Бехказло юй?!

Youtube чуьра ссылка
Имам БарбахӀа́рис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахӀ хезаш а, гуш а, хууш а верг ву. Цуьнан ши куьг дӀадаьстина ду».

[Шархьус-суннахӀ, агӀо: 44]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Такфир - Шайх МустӀафа Ӏадавий

Youtube чуьра ссылка