lадлан Харачо
2.11K subscribers
475 photos
375 videos
24 files
1.07K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Хьасан Басрис (АллахIа къинхетам бойла цунах) олура:

«Хьо кӀеда-мерза вацахь - хила хьажа. Хьо Ӏеламстаг вацахь - Ӏилма Ӏамаде. Наггахь бен ца хуьлу хьуна стаг цхьана нахах тарвала гӀоьртича царех тар ца валалуш.

[Муснад Ахьмад, агӀо: 9/478]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГӀурбан Ӏийдане доьлхуш

Youtube чуьра ссылка
​​Нах динчуьра арабуьйлучу заманчохь, наха харцо кхуллучу заманчохь, хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Нах динчуьра арабуьйлу хIара зама евзина вайна, нах Iеса буьйлу зама ю хIара, цхьаммо а инкарло ца еш.
Тилла долчу дагчохь шайтIа Iарах цец ма вала хьо, иманан чам ца хуучу дагчуьра цкъа а серло кхетар яц хьуна.
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, шадериг сийсаздаьлла хьуна.
Абу-Бакран говранех тахана кхерам бац хьуна, къонахий кхерабаларо гIелйина уьш.
Ткъа Билал! Бакъдерг дуьйцуш волу Билал ву-кх маьждиг тIехь, набахтхочун туьро вист ца хуьлуьйтуш лаьтташ.
Цуьнга азан далур ду аьлла хетий хьуна, ша сецош хилча?!
Цуьнга АллахIан цIе кхайкхалур ю аьлла хетий хьуна, хиндерг дуьйцучеран зуламах ца кхоьруш?!
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Хьайна луург язде ахь, эхь ца хеташ, шадерг сийсаздаьлла хьуна.
Хьой харцо йийцина ваьлча, цхьана дийнахь дийцахьа соьга, хIай суьрташ дохкург, хIара ю иза адамийн бакъо?!
Бусалба динца ахь гамо лелаяр?!
Къуръанах ахь цIетасар?!
АллахIна дукхавезачух хьо кхардар?!
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Маьждиган неI йитахьа, хIай боьха керста!
Къуръан дитахьа, хIай боьха керста!
Пайхамар витахьа, хIай боьха керста!

Хьайн жаIаршна юккъехь кхаьрдаш Iе хьо, хьо волче кхочур ду хьуна Абу-Бакран аз, цо Халиде шайтIанан корта баккха олуш!
Ткъа Мухьаммадан цIе лаьттар йолуш ю хьуна хIара дуьне мел лаьтта!
АллахIан дош лакхадер ду хьуна, массо хенахь а, массо меттехь а!

Шайх Мухьаммад Хьасса‌на (АллахIа Iалашвойла иза)

[Хьехам: Илла‌ расулуллахI]
https://t.me/adlan_haracho
Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стаг вер доцург, зина леладарал доккха къа ма ца девзу суна».

[Ад-да́у вад-дава́у, агӀо: 162]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Кхайкхар деа, хӀай, Нохчийчоь!
«ПаргӀато кхечи хьоьга» олуш.


#Shishan.13

Youtube чуьра ссылка
Сан Шайх Муъмин Бадавис яздо шен фейсбук агӀон тӀехь, ткъа иза сан Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнийн баккхийчу мутаӀеламех ву.

Шайх Мухьаммад Абу Хьажаран (АллахӀа къинхетам бойла цунах) тезетара шаьш схьадогӀуш Шайх Ахьмад Накъиба дехар дира, Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнийн кетӀахула довлийта аьлла. ТӀаккха Шайхан кетӀа кхаьчча, машенчуьра охьавоьссина, неӀаре вахана, неӀ тоьхна элира Шайхо: «Сой «Кафруш-Шайх» гӀала веъча, Шайх Хьувайнийн неӀаре ван марзавелла ма-хиллара схьавеара со-м».

Шайх Хьувайний цӀахь воцийла шена хуушехь, хӀора минот а ларъеш болчу Ӏеламнахах ша воллушехь деш ду и дерриге сан Шайх Ахьмад Накъиба. АллахӀан дуьхьа долу вежаралла дара иза, шен меха хӀумма а хир доцу!

Шайх Ахьнаб Накъиба а яздо, байташкахь шен фесбук агӀон тӀехь, Шайх Хьувайнийн неӀарехь шен даьккхина сурт чухӀоттош:

«ХӀусамаш ма яцара сан дагна езнарш,
Делахь а, цу хӀусамаш чохь бехарш бара безарш!

Хийрачу заманахь са хьийзаш, генарчу доттагӀчуьнца охьахааре».
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Мисархой машен хохкур йолуш-м бу, маршрутка яра аьлла ца Ӏаш.

Youtube чуьра ссылка
Имам Ша‌фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Суфисташца гергарло лелийча шина хӀуманна тӀехь бен пайда ца хилира суна царех:
Дуьххьара дерг - хан тур сан ю, ахь и хада ца яхь, цо хадор ву хьо алар.
ШозлогӀа дерг - ахь хьайн дегӀ пайде долчуьнца мукъаза ца дитахь, хьан дегӀо хьо пайде доцчуьнца мукъаза вийр ву».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 222]
https://t.me/adlan_haracho
Йишера совгӀат
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Маждий Ӏарафатан дарсехь.

«Ӏамалал а гӀоли ду бусалба стеган ният» боху хьадис бух болуш дац, малончаша шайна тоьшаллина далош ду иза.

Мисрера «МансурахӀ» олу гӀалахь, 19.04.2009 ш

Youtube чуьра ссылка