lадлан Харачо
2.13K subscribers
493 photos
434 videos
24 files
1.12K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯIкъу́ба (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIай суна дукха везаш волу сан ваша! АллахIе тоба дехьа, мархийн бутт тIебале дIаяккхахьа хьайгара телефон, хьайн дагна пайданаш гулдехьа, хьайн ерриг гIайгIа Iибадатна ехьа…!».

[Асра́рул-мухьибби́н, агIо: 53]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Баланца зер

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Делах кхераран сихха а, хан яьлча а хуьлуш пайданаш ду, царех ду:

-Массо халонах атто хилар, лена дагахь доцучу кепара рицкъ тIедар, Лекха волчу АллахIа боху: «АллахIах кхийринчунна атто йийр ма ю, цунна дагахь доцучера рицкъ лур ма ду». [Сурат: ТIала́къ, аят: 2-3]

-Массо балхехь цунна атто яр, Лекха волчу АллахIа боху: «АллахIах кхийринчунна шен балхехь атто йийр ма ю». [Сурат: ТIала́къ, аят: 4]».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 198]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хир ду жоп

Youtube чуьра ссылка
Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯIкъу́ба (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Iеса нахе хьежаро дегнаш дакъадо хьуна, дикачу нахе хьежаро АллахI дагваийтаре терра».

[Асра́рул-мухьибби́н, агIо: 84]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Тоба ца деш веллачунна гечдеш ца хиларца къаьстина долу къа ширк ду, амма кхидолчу къиношха тоба ца деш велларг АллахIан лаамехь хир ву, Шена лаахь Цо гечдийр долуш, Шена лаахь Iазап лур долуш».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 213]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«МуьтIахь хиларехь ширк дар - иза Iибадатна чубоьллачу нахана а, Iеламнахана а, иштта уьш боцуш кхиболчу нахана а, паччахьашна, я амирашна муьтIахь хилар ду, АллахIа хьанал динарг хьарам дарехь, АллахIа хьарам динарг хьанал дарехь, Лекха волчу АллахIа боху: «Iибадатна чубоьлла нахах а, Iеламнахах а шайна Делий би цара АллахI витина». [Сурат: ТавбахI, аят: 31]».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 215]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Керла вирус

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«(Ширке долу) дешнех ду: АллахI воцчух дуй баар. АллахI а, хьо а ца хиллехь алар. Я хIара АллахIера а, хьоьгара а ду алар. АллахIна а, хьуна а лаахь алар. ХIара дерриге АллахI а, лай а цхьаьна дIанисвар ду, ткъа иза хила йиш йоцург ду. Ткъа нийса дерг - АллахIца бен дуй ца баар. АллахI а, цул тIаьхьа хьо а ца хиллехь алар. Я хIара АллахIера а, цул тIаьхьа хьоьгара а ду алар. АллахIна а, цул тIаьхьа хьуна а лаахь алар.

(Ширке долу) белхех ду: БIаьрг хиларх я жинах ларво аьлла чIуг, я тай, я жайна оллар, ткъа и хIуманаш лелочун деган тешам белахь, уьш бахьанаш бен дац, бала юхатухуш верг ша цхьа АллахI ву аьлла, тIаккха цо динарг жима ширк ду. Амма и хIуманаш лелочун деган тешам белахь, оцу хIуманаша тIебеъна бала дIаойбу, я тIе ца боуьйтуш сацабо аьлла, тIаккха цо динарг доккха ширк ду, хIунда аьлча АллахIца цо накъост лерина хIума кхолларехь а, лелорехь а».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 218]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Бер Iамор

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Цхьаболчу асхьабаша олуш хилла: «Аша Iеса дерг леладо-кх, иза шун бIаьргаш чухула месал а дай долуш, амма АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) заманахь оха уьш хIаллаквеш долчу даккхийчу къинох лоруш хилла долу»».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 220]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Самукъа

Youtube чуьра ссылка
Вайн Шайх Вахьид Балий цонгуш волу масех де а ду, шайн доӀнашка виц ма велаш, АллахӀ воле йойла хьуна, АллахӀа Ӏалашвойла хьо, АллахӀа шена муьтӀахь волуш, могша волуш вахар дах дойла хьан.
https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Бусалба стеган, шен дукха Iамалш яра аьлла, дог синтеме ца хуьлу, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шегара уьш къобалйина я ца йина. Шен къиношха тешаме а ца хуьлу иза, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шена гечдина я ца дина... Ткъа кху гIуллакхна ян ма-еззара ойла йиначуьнгахь Делах кхерар хуьлу, сагаттадар а хуьлу, хIунда аьлча, массо адаманна тIедан дезаш даккхий белхаш ду, валар, каш, къемат-де даллалц йолчу ханчохь йолу халонаш, къемат-динахь хьесапан дIагулдиначехь йолу халонаш, сиратI тIехула вала везар, Iамалш оза езар, оцу дерригенал доккха дерг - Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIна хьалхахIотта дезар, жоьжахати чу вахар, ша вала герга вахча динах воха воьхна даимна жоьжахатехь валларна, муъмин стаг кхарех цхьана хIуманах тешаме ца хуьлу, Лекха волчу АллахIа боху:

«АллахIан мекарлонах тешаме ца хуьлу-кх дакъазабевлла нах бен». [Сурат: АIра́ф, аят: 99]».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 221-222]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIна муьтIахь хилар - и ду Цунна баркалла алар, АллахIна а, Цуьнан Элчанна а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) муьтIахь воцург Цунна баркалла олуш вац».

[Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/110]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀана атта ду

Youtube чуьра ссылка
Ибн Абу Мулайката (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ткъе итт асхьаб гина суна, уьш беррише а шаьш мунепакъаш хиларх кхоьруш бара».

[Сахьи́хь Буха́рий, муIаллакъан, агIо: 83]
https://t.me/adlan_haracho