lадлан Харачо
2.04K subscribers
490 photos
392 videos
27 files
1.08K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ДегӀан лаамана тӀаьхьабозучу а, бидӀатна а, нийсонна бӀоста бевллачу а наха ахӀлус-суннатна тохкуш боьха, ирча цӀерш гина суна! Иштта цӀерш тохкуш нахана уьш сакхте гайтар, царна Ӏоттар яр, нах царна лейтар - жехӀал нехан а, сонта нехан а корта хьовзо леладо цара иза! Ткъа жахӀмиташа олу ахӀлус-суннатхошна: «мушаббихӀаш бу уьш». Харцлуьш ма бу жахӀмиташ, АллахӀан мостагӀий! Мелхо а, уьш шаьш бу цу цӀарна тӀех хьакъ!».

[ИбтӀа‌лут-таъви‌ла‌т, агӀо: 1/46]
https://t.me/adlan_haracho
Ӏеламнаха аьлла: «Абу-Бакр асхьабех вац бохучо керстаналла дина, хӀунда аьлча и аларца иза Къуръан харцдеш хуьлун дела (Къуръан чохь иза асхьабех ву аьлла билгалдаьккхина хиларна).
Изза аьлла Ӏеламнаха бусалба нехан нана лоруш йолчу Ӏа‌ишатна тӀехь вон цӀе йоккхучуьнан хьокъехь а, хӀунда аьлча иза цӀанъеш, цуьнан хьокъехь доьссина аяташ долун дела».

[Ал-ла-а‌лиул-бахӀиййахӀ шархь ла‌миййату шайхил-исла‌м, агӀо: 28-29]
https://t.me/adlan_haracho
Хьасанера (АллахIа къинхетам бойла цунах) дийцина, цуьнга цхьамма хаьттира аьлла:

«Абу-Бакр, Ӏумар везар суннат дуй?». Цо жоп делира: «Дац, мелхо а, фарз ду и шиъ везар!».

[Ал-ла-а‌лиул-бахӀиййахӀ шархь ла‌миййату шайхил-исла‌м, агӀо: 29]
https://t.me/adlan_haracho
Ма‌лик ибн Анасера (АллахIа къинхетам бойла цунах) дийцина, цо элира аьлла:

«Салафаша шайн доьзалшна Ӏамадора Абу-Бакр, Ӏумар везар, Къуръан чуьра сурат шаьш Ӏама ма-дарра. Ткъа рафидаша шаьш жехӀал нах хиларна бӀостанехьа некъ лецира, шайн дегӀан лаамашна, бидӀаташна тӀехь дӀайсабекъабелира уьш».

[Ал-ла-а‌лиул-бахӀиййахӀ шархь ла‌миййату шайхил-исла‌м, агӀо: 29]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Ра‌тиб Набалу‌сис (АллахI Iалашвойла иза) боху:

«ДаӀват дар фарз ду массо бусалбанна тӀехь, шена хуучул барамехь, шена вевзучунна!».

[Видео: Лима‌за‌ лам тат-Ӏаб ва анта таси‌ру мин арбаӀи‌на санахӀ]
https://t.me/adlan_haracho
Хаттар: Шайх, шовзткъа шарахь даӀват деш кӀад ца велла хьо?

Жоп: ВаллахӀи ца велла-кх! ВаллахӀи, даӀватан некъ сан самукъа ма ду!


Шайх Ра‌тиб Набалу‌сис (АллахI Iалашвойла иза)

[Видео: Лима‌за‌ лам тат-Ӏаб ва анта таси‌ру мин арбаӀи‌на санахӀ]
https://t.me/adlan_haracho
ХӀара ➡️ https://t.me/Ramzan_Gendargno сан доттагӀчуьнан хьоста ду, вайн вешин Рамзанан, пайда эца, дехьа а довла.

ХӀара https://youtube.com/playlist?list=PLTVtPewu157NLeAkCUziKRs6WY93_py1N&feature=shared хаза а, пайде а дийцарш дуьйцург ву Рамзан!
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM