lадлан Харачо
2.04K subscribers
490 photos
392 videos
27 files
1.08K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хьан рицкъ

Youtube чуьра ссылка
Лаамна суннатах дIахьаьвзинарг хIаллакьхилла, Дала боху:

«Элчанан омрана бIостабуьйлурш ларлойла, дуьненан бала шайга кхачарх я лазаме долу Iазап шайга кхачарх». [Сурат: Ну́р, аят: 63]

[Муснад Ахьмад, агIо: 1/14]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Элчанца мостагIалла лелор

Youtube чуьра ссылка
Шайх Абу Исхьа‌къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIора шо моссаза дели, шен валар герга хиларна даздеш ду те иза?!
ХIара хIуманаш керста нахера схьаэцна хIуманаш ду, цкъа а мегар дац бусалба стагана ша вина де даздан.
Мелхо, хьекъале волу бусалба стаг, цхьа де дIадахча а, дуьззина цхьа шо-м дуьйцур а дац ас, цхьа де дIадахча, я цхьа сахьт дIадахча, я бIаьрга негIар тоххал хан дIаяхча а ойла ян хIутту, ша хIун кечдина те шен дегIана олий».

[Хьехам: Хьукмул-ихьтифа‌л биIи‌дил-ми‌ла‌д]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ши стаг

Youtube чуьра ссылка
Комаьршачу АллахӀан бу хастам, тӀаьхьо дуьйцар ду аса кху телпон дийцар!
АллахӀан комаьршо, Цуьнан дикалла!

Мархийн бутт бола бала масех де хьалха доладелар кхуьнан дийцар, вуьшта аьлча 28-гӀа мартехь буьйсан дара иза, хӀара телпо соьгар цхьана бахьанца дӀайолуш, тӀаккха чӀогӀа сагат дийриг кху тӀера телеграмма чохь сан дукха болх хилар дар, сайн цхьацца Шайхашца йолу зӀенаш, сайн дешар, дуккха сайн ижазаташ, гочдина Ӏеламнехан дукха йозанаш, лелош долу хьостанаш, «Нохчийн гӀиллакхех» лаьцна язош долчу жайнан юкъа билла безаш дукха болх, хӀара дага деъча-м гуттур гӀайгӀане хилар, цу хьокъехь болу болх ма бац цхьан жайни чу хьежна схьа эца лур болуш болх а, я охьа хиъна жайнаш чохь леха луш болх а, цхьа ша-шах тӀе кхеч-кхечнарг схьа оьцуш гулбина болх бу, вуьшта аьлча суна-м ца хаьа сайна кху дерригенах уггаре хьашта дерг муьлхарг дара а, дерриге дар-кх чӀогӀа оьшуш.

Иштта и телпо карар йоли сой волче чу кхочу со кхозлогӀа дийнахь, компьютар тӀехь долу сай кхин агӀо дагахь а долуш, цу чу ваьлчхьана цхьа дерг ца довш дуьсу-кх сайн бохучу сатийсамаца, къесттина язочу жайнах дерг. Амма мелла са ду ийбалуш, хӀунда аьлча, билгал хууш дац цу чу валалур вуй, сих-сиха дора цо суна чу ца вала луш дуьхьал йоли, юха керла чу йоккхуш санна хӀума деш, лоьмар чу язийча бен чу ца валалуш, ткъа оцу лоьмаран карта доцуш ду, иза а ду гуттар цхьа кхечу махкар карта, тӀаккха код хӀокху телпо тӀехь а изза агӀо хьал латийна лелош хиларна кху чу йогӀуш, иштта дӀалелош дара сан, ткъа хӀинца хӀара а йоцуш ма яй, ткъа хьала латийча Делан къинхетамца компьютар тӀехь хьала лети кхин дуьхьал ца йолуш, тӀаккха кхана-лама схьа кхача дезаш цхьа адам ду, цу тӀехь хӀара агӀо хьала латор ду, кхин дӀа кхузахь хьала латахь ца латахь сагат дан дезар доцуш аьлла Ӏаш а волуш, кхин компьютар дӀаяйина йоцуш, я телеграм цу тӀера хье йина а йоццушехь юха охьа хиъча хьала ца лети-кх, ас лакхахь дийцинарг хилла дуьхьал ели, хӀинца цу агӀонна тӀе а ца вала ло, дерриге сатийсар дай, дог а этӀа цхьана агӀора, оццехь сой чу ма ваьлла латалуш ма дар соьга и агӀо кхечу телпо тӀехь хьала, и адам схьа кхачаре ца хьоьжуш, я оццехь хӀиттинехьара аса хьостанаш чохь куьйгалхой мукъана бохуш дага оьху, делахь а, «Делан кхел ю, Шена луург дина-кх», дикан хир ду аьлла кхин ойла ян волало, хӀун дира даратехь бохуш.

ЦӀеххьана дага догӀу, кху телпон тӀера телеграмма йолу карта долуш ма ду соьгахь оли, тӀаккха а сагатдо, хьала летар дуй техь бохуш, дикка хан яра иза чу дилланза, иза а дара кхечу махкара карта, тӀаккха сихха схьа эцна телпо чу дилна болх бой хьежча, ца бо-кх, делахь а, Делан къинхетамах дог ца дуьллуш, карта дӀа а ца кхуссуш латта до ас шин дийнахь а телпо чохь, ткъа соьгара телпо цхьана веши яр, иза цуьнна дӀалуш карта схьа даккхале кхечу веше хотту ас, суна ца девзуш а цхьа агӀо буй техь, кху чуьра карта билгалла болх беш даций хьажа аьлла айса цуьнга телпо дӀакховдош бӀерг кхета сан карта хьала летта хилар, чӀогӀа самукъа доли, телпо йолчу веше олу ас, карта хьала летта, хӀинца и цу чуьра схьа даккхахь юха ца латарно кхоьру со, дарсер чу вахча компьютар тӀехь телеграмм хьала латийна кхана дӀалур яр ас хьан телпо. ТӀаккха са ца туьш чу вахна телеграмм хьала лато воьлча код кху телпон тӀехь летта йолчу телеграмм чу дӀайоьду, карти тӀе ца йогӀа-кх.

Юха а цхьацца-м гӀо деш, хьожуш код карти тӀе схьа яита агӀо кхин нис ца бели.

ТӀаккха цхьан вешо ша телеграмме язош хьожур ву цхьа муьлхха некъ каро аьлла схьа эцна хьийжи, ца карий.

Кхечу вешо дика цу белхах кхетарг вевза шена, карти тӀе код йогӀа агӀо хьожуьйту ша аьлла схьа эцна, хьийжи, ца карий.

Кхин янне агӀо яц-кх аьлла, телпо йолче кехат язйи, хьал дуьйцуш, жоп а ца хили.
Юха адвокате яз яйти, тӀаккха жоп даити, шин шарахь хьежа дезар ду аьлла!
ТӀаккха хӀинца-м баккъала кхин агӀо бац аьлла хаьттачу хена дог тешаш дар сан, АллахӀа цхьа агӀо нис бир бу аьлла, оцу юкъан цхьамма эли: «И карта даьгна ца хилча, и долчу махка дӀадахьитича-м болх бан магар цо, код цу тӀе дӀагӀур йолуш». Иштта а кхин агӀо ца хилча, хьажа мегар ду-кх аьлла, цу махка воьдург нис ца велла, пошти чухула дӀатеси цхьана кхечу махка, цигара воьдург карор вар-кх аьлла, и дерриге а сих велла лелош ду ялх бутт балале бохуш, хӀунда аьлча, телеграмм чу валанза ялх бутт балахь иза дӀайолуш ю, тӀаккха цу чуьра дерриге довш ду!
Иштта пошти чухула дӀатесна карта а цхьа хан ялча хена юха деа, хӀун гал даьлла а ца кхити.

ХӀинца йисна хан а йоккха яц, ялхолгӀа бутт бу боьдург а, юха дӀатесча и дӀакхача кхуьар дуй ца хаьа, цига кхечча а ду, цигара кхечу махка кхача дезаш, цига воьдург каро а веза. Делахь а, Делан къинхетамах дог ца дилларна, кхиахь кхуьар, ца кхиахь а кхин агӀо иштта а боцуш бу аьлла, цхьана вешо юха а дӀатосу карта сих йоьду поштица.

Иштта иза ларош Ӏаш волуш, телпо йолчу меттера кехат догӀу кху бетта 22-гӀа чохь, гӀуллакх дӀадирзина, дерриге дика а ду оли, амма телпох хӀумма дац хьехош, ткъа телеграмм дӀаяла диснарг ялх де бен дац, 28-гӀа чохь дӀаболу ялх бутт, тӀаккха телеграмм дӀа ер йолуш юкх!

ХӀинца-м йисна хан а яц, я керла дага йохуш ойла а яц, иштта дӀадели 22-гӀа, 23-гӀа де, тӀаккха цхьана вешо телпо тоьхна хатта мегар ма дара аьлла дага деъна, тохуьйту телпо 24-гӀа чохь, ткъа вукхара жоп ло, кхеташ ду аша дуьйцучух, амма шуьна тахана хӀун де ду мукъна хаьи?! Шота де ду, садоӀу де бохург ду-кх церан, шинара дийнахь юха тоха олу.

Синтем боцуш лардой и ши де халла тӀех долий, телпо тохийтича, дӀаяхьа ша тӀе вар бохург хьеха а ма де, я шен метта векал вай стаг а ма ваийта, адрес схьа даита шеш пошти чухула дӀайоуьйтур ю олу. Баттахь схьа кхочур йолчу поштех ас хӀун до, телеграмм дӀаяла диснарг а дац ши де бен.

ГӀуллакх хир дац, дӀавахана хӀун хуьлу хьажа веза, хилахь хир гӀуллакх, ца хилахь а бац кхин агӀо иштта оли, сихха сайн метта цхьа ваша векал ван кехат кеч дан ара волу тхойша, телпо схьа эца чу иза гӀур волуш, со водахь-м гуттар гал дер долуш ду. ТӀаккха кехат кеч дан меттиг лохуш телпо дӀас тоьхча кӀирнах дер ду олу, кхечара ши кӀира олу, юха а ца нис ло те аьлла хаьттачу хена, халла карий тахханехь кеч дир долуш меттиг, тӀаккха тахханехь телпо схьа эца тӀе кхуьар волуш новкъа вала дагахь ву, ткъа цига а бу 500 км сов некъ. ТӀаккха тахханехь кечдо бохуче тӀе даха, хаза дӀа а дола дели, делахь а сан кехат хан чекх ялла дуй бӀерг ма кхиттина, дерриге хийца дели, иштта кеччо йиш яц шайн аьлла, мухха хьевзича а гӀуллакх ца хили, хан чекх ялла делахь а, иза мегаш ду боху и кехат деллачара, цара иштта даитина кехат а ду соьгахь аьлла дӀагайта воьлча, сан телпо заредка дӀа а ялла дӀа яй. Дан хӀума дац-кх аьлла, ара а ваьлла, жимма заредка яйтина хӀара кехат дӀагойтуш аьлча гӀуллакх хир дари техь аьлла юха а чу дахча, тӀаккха а ца ди тергал, оцу кехатца шуьна цхьаммо кечор а дац иштта кехат аьлла, дӀа ара вели, дукха чӀогӀа тӀе чӀагӀ деш цара аларна соьца волу ваша а шеконе велий, иштта хилча кхи-м хьежа а оьши те, гӀуллакх хир дуй те аьлла, ткъа векал веш кехат ца кечош тӀе водахь вукханхьа ма вац тергал вир.
Амма юха а дог ца дилна ас Делан къинхетамах, цхьа некъ цо бостур бу аьлла дог йовхо ю, векал веш кехат кеччо меттиг кхиниг кара йой хьажийта вайш аьлла, юха а тхайна мегаш ерг карий, халла, тахханехь гӀуллакх чекх доккху шеш а боху, ткъа тӀе дагӀча кехат чекх даьлла гахь цара а хӀун олу ца хаьа, болх Далла тӀе биллина тӀе даха, цхьа а хӀума ца олуш, хаза чекх дели, моьттачуьлла а сиха долуш.

Далла хастам бина, хӀинца и кехат кхечу матте даккхийта дезаш ду, и дир долу меттиг лоху, сахьташ сих делла доьлхуш ду, 500 км сов бан безаш некъ бу, сарахь 16:00 даьлле дӀа ца кхиахь кханенга а дер ду гӀуллакх оли сиха лой, тахханехь, мелла сиха гочдира долу меттиг лохи, безочу мехаца гочдойту, амма 17:30 бен хила цхьа а агӀо бац-кх. ХӀумма дац тӀаккха а, коьрта дерг кехаташца дерг нис делчахьана, кхана Ӏуьйран 08:00 цигахь хуьллург дӀавахча а кхуьар ву, телеграмм кхана буьсан шийтта долуш бен дӀа ер йолуш яц оли жимма са те дина Ӏаш хена зӀене волу важа карта дӀатесначу махкара верг, пошта схьа кхечна оли, ткъа хӀинца-м хӀун до цуьнах, кханле вукха махка воьдуш цхьа а карор вац аьлла айса цуьнна жоп лушшехь дага доху суна нис вала а ма мегар, хьан хаьа, хьажа дӀас хатти сихха, тахан, я кхана буьйса тӀе яли а цига кхочур волуш новкъа вала везаш цхьа вуй, ца кара во оли жоп ло цо а, и карта цига дӀа а кхача делла, код цу тӀе йогӀуш соьга телеграмм сайгарчу телпо тӀехь хьала лата елча-м дӀа ма дерзари дерриге.

ТӀаккха сарахь кехат схьа оьци, Ӏуьйран 03:30 дара моьтту суна, новкъа волу, хӀинца диснарш тӀаьххьарлера сахьташ ду, 28-гӀа терахь ду, буьйсан шийтта долуш дӀа ер йолуш телеграмм ю.

ДӀакхочу Ӏуьйран 08:00 даьлча, цхьа масех минот а елар моьтту суна, соьца волу ваша тӀе воьду, телпо схьа эца хьажа, гӀуллакх хуьлуш дацахь хьала лата яй, телеграмм чу валийта ала, тӀаккха телеграмм дӀа ер йоцуш юха ялх бутт баллалц, оли тӀе воьду ваша, ткъа цигахь дикка хье а ло, иза хье вала воьлча ойланаш хьевзу коьрте, схьа луш цара хиллехьа-м сихха схьа вохур вара, схьа ца луш, церга дуьйцуш цхьаъ дан гӀерташ хье велла хьуна иза, баккъала гӀуллакх ца хила доллу техь оли оццехь баккъала дагчу кхерам буссу суна.
ТӀаккха оцу меттехь Деле чӀогӀа доьху ас, цкъа дикка ойла а йой, ванах суна хӀунда оьшуш ю и телпо бохучу хаттаран бакъ долу жоп лохи сайн дега кӀоргенехь, тӀаккха сайн Делаца къамеле волу са, я АллахӀ хӀинца сан дагчохь дерг гуш ву-кх хьо ас ца дийцича а, и телпо суна оьшуш яц-кх цу чохь лелош сайн совдегар долуш, я дуьнен хӀуман болх болуш, я Ӏеса вала зӀенаш йолуш, я телпо хаза хеташ йолуш, я иза карар яьлла сайна зе хилла хеташ, я иза дӀайоьхкина сайна ахча дезаш, мелхо а, Хьо хууш ву-кх, сай гӀуллакх хилча а ца хьийзош болу нах а хьийзош со ара ваьлла хилар, сайца цхьаъ ву, тхойша кхуза вохуш хиларна тхойшина меттан цхьа кхечанхьа ватин кхин ву, иштта Хьуна хаьа-кх, сайн оьшуш долу, сай хӀуман, сай цхьа гӀуллакх хьахийна, сайна и гӀуллакх чӀогӀа оьшуш доллушехь цигахь айса ца доьхкина долу ахча а духкуш со кхуза веъна хилар, цхьа гара-м и дохка кхоа ца деш кху гӀулкхана, Хьо дика хууш ву-кх и дерриге, суна и телпо оьшуш ца хилар а Хьан гӀуллакхна бен, Хьан динан гӀо дан бен, Хьан динан дуьхьа, Хьан динан болийна белхаш бу-кх сан цу чохь дуккха, оцу Хьан динан дуьхьа долчуьнна гӀо дехьа, суна сай дегӀан оьшуш хӀумма а дац хьуна цу чохь, телпо карахь йолчеран шога дегнаш кӀад дехьа тӀе ваханчу вешан, церан ойланаш карче ехьа телпо схьа лур йолуш оли доӀа дой, дагчу мелла а синтем бусси, арахь лаьттина шел велла, жимма вохлой со кофе мали аьлла со чу ваьлла дӀас хьийзаш а волуш телпо ятташ ву схьа эца тӀе вахна волу ваша, шел валар а диц лой сихха цу чуьра ара а волуш хӀун хили аьлла хатта а ца хуттуш ладогӀа хӀоьттича, цо боху: «Сихха телпо код схьа ала, ша юха зӀене волу хьуна», цуьнга код дӀа аьлла, ойла йо ас, схьа ца ели цара, хьала лата яйтин, хӀумма дац-кх, мегар ду суна иза а, коьрта дерг телеграмма ца йов аьлла Ӏашшехь коьрте иккхи-кх сайн поштеца нис йолуш анпалш, схьа тесна хӀума сайна лортӀехь схьа кхочуш ца хилар, тӀаккха ду-кх сих велла, телпо цуьнна карахь йолчера телеграмм чу вала веза сой аьлла дага деъна, лоьмар дӀа язйина дӀатуха айса аьлла лоьмар язо воьлча цхьана кепара дага ца йоху, хьажа агӀо а ца кар бо, дукх сих велла хӀу дан деза а диц делла, сайгарчу телпо чу хьежна кего воьлча, карий, тӀаккха сихха дӀатоьхна иза кхетош воллуш а волу, телпо шегахь ю, самагат де, телеграмм хьал летти хьажа хьай боху, чӀогӀа самукъа даьлла, нахан юккъехь, арахь, сай Далла баркале сужуд дина, телеграмм чу хьежча, летта яц, ванах хӀун ду те бохуш ойланаш хьийза кхераме, амма улле дита а ца лаьа иштта дерг, важа тӀе кхаччалц синтем бац, иштта со Ӏаш тӀе кхочу, телпо бӀергашна гича синтем хуьлу, амма хӀинца а сатуьш дац цкъа телеграмм хьала ца латийча, сихха хьала лато дагахь заредке хӀоттийча, хьала ца леташ дукха еха лаьтта, ванах заредка йо меттиг йоьхна те, я телпо йоьхна те бохуш воллуш а волуш халла хьала лета, телеграмм чу а волу, телеграмм дӀаяла диснарг цхьа иттех сахьта бен доцуш, оццехь карла долу-кх суна, къудсий хьадисехь деъна сайн Дела дешнаш: «Хьан Шеца ойла ма хиллар ву Ша хьоьца» бохуш долу, сан ойла яра дуьххьар дуьйна а сайн Делаца, довра дац сан и телеграмм агӀо, схьа кхочур ду и соьга аьлла, муха кхочур ду бохучу хаттаран дӀа хӀотто цхьа а бух сай бацахь а, цхьана минотана а дагчу ца дижнера суна сан Дала цхьана кепара некъ ца бостуш вуьтур ву сой аьлла, ткъа сан Дала сан Шеца йолу дика ойла эрна ца яйъи!
https://t.me/adlan_haracho
АллахӀа къинхетам бойла хьоьх Шайх УсамахӀ, гӀайгӀане во Ӏеламнах кхалхаро!
Хьой дийна а волуш айхьа дӀатесна хиллачу дуьненах къести хьо.
Хьо вехха Шена хьалха ламазашкахь лаьттинчу Далла дуьхьал а кхити-кх хьо. Уггаре хьо воккха веш буьйса хуьйла хӀара хьан!

Уггаре хазачу деношха дар хьо гуш, хьоьца вовшах кхеттарш.
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ни разу не открыл своего лица

Иштта хила деза Делан дуьхьа дерг

Youtube чуьра ссылка
«Иштта хьийзош лела до Оха и денош, нахан юкъахь». [Сурат: Али-Ӏимран, аят: 140]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчашна тIера къизалла

Youtube чуьра ссылка
Ичкери
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Кхин башха чӀогӀа жайна ца хиллера

Youtube чуьра ссылка