Враги Иблиса
1.92K subscribers
87 photos
359 videos
428 files
2.14K links
Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

youtube.com/@vayn_hehamash
Download Telegram
1031-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ДоӀа Ӏарбойн маттахь дича АллахӀа хьан доӀанна жоп мелла а хьалххе ло бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, цхьа а бух болуш къамел дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
1032-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Керста стаг, бусалба ву-кх ша, аьлла, цкъа а дагадеана воцуш волу, цо дина долу цхьа дика хӀума бахьанехь АллахӀа иза ялсамане вахийта йиш ю бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, кху дуьненчохь мел долу дика хӀума цо дарх къемат-дийнахь цхьа а пайда бац цунна бала, нагахь бусалба ца хиллехь.

https://t.me/Vragi_iblisa
1033-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Каш чохь волчунна шена тӀе цхьаъ веъча хаало бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Дийна велахь-м хаадала мега.

https://t.me/Vragi_iblisa
1034-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Хьижама еш цӀий Ӏаьржа долуш чопа хӀоьттича лелийна хӀуманаш ду бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац!

https://t.me/Vragi_iblisa
1035-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Имам Малика фикъхӀ Ӏамийна, амма суфизм ца Ӏамийнарг Ӏеса хилла, аьлла бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац дера-кх!

https://t.me/Vragi_iblisa
1036-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
«Ӏаьржа тӀулг» цӀе йолу миск жинашна ца деза бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
1037-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Бедар тӀехь садолчу хӀуманан сурт долуш ламаз дан мегар дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегар дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
1038-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Саьрмасекх еари-дийнахь баа ца мега бохург бакъ дуй? Саьрмасекх биъча чу жин ца долу бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш хӀума дац, зударийн эладита ду, аьлча а, стегарийн эладита ду.

https://t.me/Vragi_iblisa
1039-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ХӀара бакъ дуй?

ӀабдуллахӀ ибн Ӏамра (АллахӀ реза хуьйла цушинна) аьлла:
«Пхьидарчий ма йойийла аша, хӀунда аьлча цара бохуш долу и «вакъ-вакъ» (кваканье) АллахӀана тасбихь дар ду».

[Ас-сунанул-Кубро, ал-БайхӀакъий]

Иштта пхьидарчий яар а хьарам ду, Ӏеламнахана билгал ма-дарра.

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бух болуш дац, амма пхьид ер а, яар а хьарам ду.

https://t.me/Vragi_iblisa
1040-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Сурат «ал-Мулк» дешча кошан Ӏазап хир дац бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ ду, иштта хьадис ду цу хьокъехь, хӀора буса иза доьшуш верг кошан Ӏазапах ларвийр ву аьлла.

https://t.me/Vragi_iblisa
1041-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ламазехь сужудехь доӀа деш бага меттах ца йоккхуш дан деза олуш хезнера суна, иштта бага меттахйоккхуш дан деза олуш а хезнера, царах бакъ муьлхург ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бага меттахйоккхуш дича бен доӀа а ца хуьлу цунах.

https://t.me/Vragi_iblisa
1042-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Цхьана дийнахь йиъ агӀо Къуръан ца дешча и дӀатесначарна юкъавоьду бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Нийсса йиъ агӀо ца ешнарг аьлла билгалдина хӀума дац, амма мелла а дешна а дийнахь доьшуш вацахь я ламазехь доьшург бен доьшуш вацахь Къуръан дӀатеснарг хир ву.

https://t.me/Vragi_iblisa
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Динах йолу мультикаш, кинош

Youtube чуьра ссылка
1043-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Бусалба адамо дин лелош дацахь, АллахӀа бохург тӀелоцуш вацахь, амма цо ша бусалба ву бохуш хилча иза бусалба вац ала мегар ду? Ишттачу адамана такфир до цхьаццачара.

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъо яц иштта такфираш дан! Дин лелош вац я АллахӀа бохург тӀелоцуш вац олий такфир до, ахь иштта такфираш дан бакъо яц аьлча, дин лелош воцчунна такфир дан бакъо муха яц, олий хьалалета, и дерриге Ӏилма цахиларх, динан кхетам цахиларх доьзна ду. Бусалба вац дера дин лелош вацахь, АллахӀа бохург тӀелоцуш а вацахь, иштта хьал шегахь долчо-м ша бусалба ву а ма ца олу! ХӀара иштта дуьйцучу хенахь кхеташ дерг ду, амма ахь кӀорггера кего даьккхича, и дин лелош вац бохург, я АллахӀа бохург тӀелоцуш вац бохург ахь кегийча хьуна билгалдолу хӀокхо лела ма-дарра дин лелош и ца хилча, я хӀокхо далийна аят, хьадис цо тӀе ца лаьцча хӀокхо тӀе мухӀар туху-кх цунна иза дин лелош вац я АллахӀа бохург тӀелоцуш вац, олий! Дин хӀун ду а я АллахӀа бохург хӀун ду а кхеташ а ца хуьлу и къамел деш болу нах! ХьастагӀа цхьана накъостаца къамел деш ву со цу темана хьокъехь, шен цхьана лулахочунна такфир деш ву иза, Ӏамал еш вац иза боху, иштта бакъо яц ас аьлча, ахь вуьштта такфир ца дича а оцунна дийр дац ца моьттура шена бохуш цецвуьйлу, янне Ӏамал иза еш вацахь-м цхьа хьал хир дара цуьнан, делахь а, цуьнан хьал къастийна бен деш ма дац и такфир аьлча а, хӀан-хӀа, цхьа а Ӏамал еш вац иза боху, ас боху, дика ду, суна ахь вуьйцург вевзуш а вац, делахь а, ас хьуна билгалдо-кх иза Ӏамал еш хилар аьлла, цуьнга хеттарш до ас, иштта хӀара дой цо, до, хӀара дой, до, иштта цхьа иттех хӀума дагарди, царах цхьа хӀума доцург важа дерриге деш ву иза аьлла жоп дели цо, ас боху тӀаккха, уьш Ӏамалш яц? Цундела хила везаш ву и Ӏеламстаг нахана такфир деш верг, хӀунда аьлча, хӀара къамелаш деш болчарна шаьш дукха лакхара чухьоьжуш хета-м хета, амма Ӏамар ял аьлча цу юкъа хӀун догӀу а хууш воцчу стага нийса такфир дойла юй нахана? Цхьана а кепара хила йиш йоцу хӀума ма ду иза! Иштта ширк деш волчунна цхьанна такфир дар дуьйцуш ша далилаш далийна цунна боху, хьужжат хӀоттийна ала гӀерта иза, тӀаккха цо деш долу такфир тавхьид рубубиййатехь ду, я улухӀиййатехь ду, я асмаэхь, я сифаташкахь ду аьлла хаттар дича ас хӀун дуьйцу а ца хаьа. ХӀара стаг, масала, улухӀиййатехь ширкана чу воьжча, ахь цунна рубубиййатера далилаш далийча хьужжат хӀоттийна муха хир ду?! Я вукхо тӀе а муха лоцур ду, я иза кхета а муха кхетар ву кхо дуьцучух?! Юха а, цундела безаш бу и Ӏеламнах хьукма адамана дӀадала! Дин ца лелош, АллахӀа бохург къобал ца деш лелаш волчо ша бусалба ву олуш суна-м ца гина, амма бакъ ду, асий, ахьий, и хьукманаш деш волчой лела ма-дарра ца лелош-м хила мега цо, делахь а, кхо санна дин ца леладора аьлла иза кафир хила везаш ма вац, я кхо шена далийна аят тӀе лаьцнера аьлла кафир хила везаш вац! Стага аят я хьадис тӀе ца лоцуш хуьлу, и далош верг шена тешаме ца хетарна, я цунах лууш дерг и дац аьлла шена кхечанхьа хазарна, я и стаг шена ца везарна, иштта тайп-тайпана хуьлу бахьанаш, иштта и санна долчу бахьанаша цхьаммо аят тӀе ца лаьцнера аьлла цунах кафир хуьлуш ма вац! Иштта кхин а дуккха а ду цу хьокъехь довза дезарг, хӀара язъеш масийттазза юкъаравала дезна суо ала гӀертарг дикка схьа ца дийцадели соьга, я хӀара дерриге дийца а ца ло цхьана меттехь, делахь а, иштта стеган тӀехулара цхьа ирча хьал схьа а олий, цунна такфир дан мегий хотту, цул тӀаьхьа хӀара ас дуьйцу деха къамел дуй ма хаьий суна, цундела мегар дац олий жоп ло ас, хӀоразза а хӀорш дийцина ма ца волу, тӀаккха ца кхетарг цецволу муха мегар дац ишттачунна а такфир дан, олий. ХӀара къамел хьуна хьажийна дац, и дуьйцуш болчарна ду.

https://t.me/Vragi_iblisa
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Делалла дlайсадекъар: жайнаш а, туьха дагор а, ненера бер схьадаккхар а, кхидерг а

Youtube чуьра ссылка
1044-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
«БисмиллахӀ, турбату ардина, бирикъату баӀина, юшфа сакъимуна, би изни роббана», - хӀара аят дешна дехна долу массо хӀума кхочушхуьлу бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац я иза аят а дац.

https://t.me/Vragi_iblisa
1045-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Велларг гӀенах гаро хьуна зен деш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Зен дац дера, гӀено дан цхьа а зен дац, сама ма-ваьллина дӀадер ду гӀан.

https://t.me/Vragi_iblisa
1046-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчунна хала ца хетийта шолгӀа зуда ца ялош Ӏийча ял хир ю бохург нийса къамел дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цунах лууш долчух нийса ца кхетта хьо, адамана хала ца хетийта я цунна хазахетийта аьлла цхьаъ дар - иза ял хуьлуш Ӏамал ю, иза цу юкъадоьдуш хилар ду дуьйцург, стага шен ойланца, иштта ойла кхоллаелла ца ялош Ӏийча цу юкъагӀур хилар ду, амма и бохург дац шолгӀа ерг ма ялае, я зудчо иштта ял яккха хьайна, бохуш, хьалхадетта хӀума а дац, хӀунда аьлча шолгӀа зуда ялоран кхин пайданаш, кхин агӀонаш ю, наггахь стагана важиб хуьлуш меттиг а хуьлу, нагахь цуьнан кхаба аьтто белахь, уьш кхин хӀуманаш ду.

https://t.me/Vragi_iblisa
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
«Оф-фай», а ма ала

Youtube чуьра ссылка
1047-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Арахь делла Ӏуьллуш цициг, я жӀаьла, я хьоза гича уьш дӀадохка мегий? Уьш дӀадоьхкича мела хуьлий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мега дера, хьан нияте хьаьжжина ял а хир ю, нахана новкъара дӀадаккхарна, нахана цуьнан хьожанах новкъарло ца хилийта.

https://t.me/Vragi_iblisa