Враги Иблиса
1.93K subscribers
87 photos
359 videos
429 files
2.14K links
Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

youtube.com/@vayn_hehamash
Download Telegram
​​Керста нехан дезденна кечдина совгIат берана далар

103-гӀа Хаттар:
Ассаламу Iалайкум.
Керла шо я кхидолу керста нехан дезде билгалдеш кечдина совгIат дала мегар дуй берана, и церан дезде даздан дог-ойла йолуш луш дацахь?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Цу тайпа хIуманаш вай лелийча, и бер вай-ваьш Iамадо-кх оцу керста нехан дезденош даздан! ТIаккха оцу кепара кхиина долчу беро доккха ма хилла олу, шега цхьаммо керло шо, я 23 февраль, я 8 март, я иштта кхин муьлхха керста нехан дезде даздан мегаш дац я цу деношкахь совгIаташ дан мегаш дац аьлча: «Хьо керла ваьлла молла ву! Я ваххIабий ву! Аша дуьйцург хилла дац хIинццалц! Тхан дайша-м даздора и», - бохуш, реза боцуш дуьхьалбуьйлу! ТIаккха цу хIуманна бехке верг мила ву?! Иштта жималлехь и Iамийна волу хьо ву-кх! Цхьаммо ца хотту марха досту дийнахь я гIурбана урс хьокху дийнахь берийн самукъа муха даккха мегар дара, берана хIун совгIат дан мегар дара олий! Бусалба нехан дезденош дицдина, уьш тергал ца до, уьш довза ца девзу, уьш, мелхо, баккхийчарна а ца девзу, бераш-м дуьйцур дацара! Цулле а бусалба нехан дезде долуш хIунда ца до берана совгIат а, цу дийнахь хIунда ца доккху цуьнан самукъа а?! И бусалба нехан дезденош довза а довзуьйтуш, керста нехан шайн дезде ду, ткъа вай бусалба ду, цундела вайн дезде хIара ду бохуш хIунда ца Iамадо и бер жималлехь дуьйна?! Хьуна ца хаьа те, къемат-дийнахь оцу бере АллахIа хаттахь, и керста нехан дезденош хIунда даздира ахь аьлла, оцу беро уггар хьалха хьо бехкевийр вуй?! «Оцу сан дас-нанас Iамийра-кх со иштта», - аьлла, хьо бехкевийр вуй ца хаьа хьуна?! Керста нехан дезденош юккъехь а уггар боьха долу, уггар ирча долу, уггар кхераме долу, уггар АллахIна тIе харцо кхоьллина долу, АллахIна кIант вина де ду бохуш даздеш долу и керла шо къаьсттина хIунда хоржу даздан а, берийн самукъадаккха а, берана совгIат дала а со кхеташ вац-кх!
#коьрта_хаттарш
​​Мозаша моз Пайхамаран дуьхьа доккхуш дуй?

104-гӀа Хаттар:
Ассаламу Iалайкум.
Мозаша моз вайн Пайхамаран дуьхьа доккхуш ду, иза воций хиъча доккхур дацара бохург бух болуш дуй?!

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цхьа а бух болуш къамел дац, цуьнан тоьшалла - мозаша моз Пайхамаран дуьхьа доккхуш ду аьлла цхьа а тоьшалла цахилар ду. Иштта долу хIума АллахIа я аятехь дийцина ца хилча, я хьадисехь Пайхамара хьахийна ца хилча, вайна хаа йиш йолуш хIума ма даций, ткъа и шиэ а доцуш ду цу хьокъехь!
#коьрта_хаттарш
​​Захало ца нисдалар

105-гӀа Хаттар:
Ассаламу Ӏалайкум.
Ницкъ ма кхоччу хьарамчух ларлуш, нисъяла гӀерташ схьайогӀуш ю со, амма кӀентаршца зӀе латтайо ас захало далле вовза Ӏалашонца, делахь а, захало нислуш дац сан, жима а яц со, бахьана хӀун хила тарло те?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ахь латош долу и цхьа къа хила тарло-кх и хьан рицкъ хьох генадаьккхинарг. Адамна схьакхача дезаш долу рицкъ схьа ца кхочуш, цунах генадолуш ду цо деш долу къине хьаьжжина, схьакхочур долуш-м ду цуьнга и шен рицкъ, амма цу адамо лелош долу и цхьа къа бахьана долуш, схьа ца кхочуш, генадолу иза цунах. Ткъа йоӀаннаа маре нисдалар, кӀантана хIусамнана нисъялар - АллахӀан рицкъанех цхьа рицкъ ма дай иза, цундела хьайн и къа дита а дитий, АллахӀе гечдар дехий, АллахӀа хьайна яздина рицкъ схьакхаччалц хьежа, хӀора хӀума а АллахӀа шен хан тоьхна дуй хууш. ТӀаккха, и хан тӀе а кхаьчна, цхьамма хьайга и рицкъ кховдийча, жоп дала сих а ца луш, дуьххьара истихарат дай, тӀаккха и вевзучаьрга а, лулахошка а хоттуш кхиа цунах хьайна довза луучунна тӀе. Айхьа цуьнца зӀе латторца хьайна и вевзур ву алий са а ма тийса, хьо, мелхо, Ӏехалур ю, вевзур вац. Цо хьоьга эр дац хьуна дез-деззарг бен, я ахь цуьнга а эр дац, нагахь цуьнца гергарло дезаш елахь, иза реза хин верг бен. Иштта шиэ вовше Ӏеха а лой, вовшахкхетий, шиннена вовше ма-дарра довза а девзий, тӀаккха цхьа ша ойла ца йина адам карадой, шаьш и гергарло дарна дохко а бовлий лела, и дохкобовлар цхьана дийнахь дӀасакъастарна тӀедоьду, доцу бахьана а лохий. Амма дино хьайна билгалбина некъ ахь лелийча, масала, хьайна захало деъча истихарат дина, и вевзучаьрга, лулахошка цунах дерг хатта а хаьттина, тӀаккха хьайна дагаяла мегар ду аьлла хетачуьнца дага а яьлла, цул тӀаьхьа АллахӀна тӀе болх биллина, - «сайга лелалуш долу бахьана лелийна-кх ас, кхидӀа АллахӀа нисдиначунна реза хир ю-кх», - аьлла хьайн захало ахь дича, хьуо реза йолуш нислахь - АллахӀна баркалла олу ахь, хьуо реза йоцуш нислахь - АллахӀна хастам бо ахь, - «АллахӀа зуьш ю-кх со кхуьнца», - аьлла. Иза хьуо реза йоцуш нисваларна кхин башха йоха а ца юху хьо, хӀунда аьлча, - «хӀара суна ма-везза ву», - аьлла, дуьххьара санна цунах цхьа ойла кхоллаелла, Ӏехаелла ма яций хьо, иза мухха кепара хила тарлой а хууш дина ма дай ахь захало, хьайга лелалуш долу бахьанаш лелийна, АллахӀа бохург лар а деш, тӀаккха хьайна ма-хетта ца хилча а, кхин даз ца ло хьуна иза. Цундела кхидӀа цуьнца чекхъяла а хала ца хуьлу, хьайна цамоьттинарг нисделча хуьлу лан хала. Иштта изза ду кӀантана а.
#коьрта_хаттарш
​​Ши нускал вовше гар

106-гӀа Хаттар:
Ассаламу Iалайкум.
Далийна 40 де даллалц ши нускал вовше ган мегаш дац бохуш, тхайн гергарчу нахе яха йиш йоцуш Iаш ю-кх со, иза бух болуш дуй?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Цхьа а бух болуш къамел дац, цуьнан тоьшалла - оццул хан яллалц ши нускал вовше ган ца мега аьлла цхьа а тоьшалла цахилар ду. Мелхо а, цу тайпа долчу хIуманах тешар, иштта оцу хенал хьалха ши нускал вовше гича барт буху, я нускал дIадоьду, я иштта кхин муьлхха цхьа вон болх хуьлу аьлла, ширкана юккъе а гIур ду. ХIунда аьлча дерриге хIума АллахIан керахь ду, ши нускал вовше гарх доьзна цхьа а дика я вон ца дина АллахIа, тIаккха АллахIа бахьана ца хIоттина долу хIума хьайггара ахь бахьана хIоттош нисло, ткъа иза жима ширк ду, хьан цунах тешам дагчохь сов мел болу а, ши нускал оцу хенал хьалха вовше гича баккъал а цхьаъ хуьлу аьлла хьан дагчохь и тешам чIагI мел ло а, доккха ширк хуьлу цунах.
#коьрта_хаттарш
​​Наха, тlе а оьхуш, шайна доlа дойту стаг

107-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Нохчийчохь цхьа доlа деш стаг ву, лайлатул-къадр буьйса лаьцна боху цо, цуьнан доlанна жоп ло бохуш, наха, тlе а лелаш, доlа дойту цуьнга, цунах лаьцна хlун эр дара ахь?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Нах lехош лелош хlуманаш ду уьш, схьахетарехь, доlа дийриг шен мах хир бу цуьнан, я наха луш хир ду, дала лаьа шайна бохуш, вуьштта цlеначу стага, динца кхетам болчо шена тlелоцур долуш, къобалдийр долуш хlума дац. Я иштта хlума хуьлуш а дац, цхьа стаг билгалваьккхина, - «хlара шен доlанна жоп луш стаг ву», - бохуш, верриг цунна тlелелаш хlума хуьлуш а дац. Ша дара lеламстагана, я шена вовзарехь дик стаг ву аьлла билгалваьллачунна тlевахана, шена доlа де алар, иза-м мегаш ду. Делахь а, иштта массо тlелелаш, юха и хlума къобалдеш lаш волу важа а - иза лартlехь хlума дац. Шайх Хьусайн Яlкъуба элира цхьана дарсехь: «Цхьамма тlе а веъна хьайга доlа де аьлча, - «ахь хlун доlа дуьйцу, со-суо ву сайна цхьамма доlа даре хьашт, со хьакъ вац цхьанне доlа дан», - ала. «Дика ду, дийр ду ас хьуна доlа», - бохуш, хьуо цхьа чlогlа дика стаг волуш санна тlе ма леца». Иштта хуьлу цlена стаг, и хlума тlелаца ша хьакъ ца хеташ! Ткъа лайлатул-къадр буьйса лаьцна цо бохучу къамеле хьаьжча кхачам бу, иза лартlехь хlума даций кхета. Иштта цхьамма лоцуш ю иза?! Я иза лаьцча. цул тlаьхьа доlанна жоп луш хуьлуш ву?! Я иза ша лаьцна аьлла сацам муха бина цо?! И дерриге а цхьа а бух боцуш, нах lехо къамелаш ду!
#коьрта_хаттарш
​​Захало юккъе харцдерг дийцар

108-гӀа Хаттар:
Ассаламу Iалайкум.
Захало дан дагахь йоIах дерг хоьттуш кIант хилча, цушиннан юкъаметтиг йоха ца ян, харцдерг дийца мега бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Бакъ дац, я цхьа а бух болуш къамел а дац. Мелхо а, вуьштта харцдерг дийцарал а доккха ду ишттачехь дийцар, хIунда аьлча шен захало дан дагахь, хIусам кхолла дагахь, шена гергарло цIеначу бух тIера дезаре терра, хьо тешаме хетта, йоIах дерг хоьттуш кIант хьайца дагаваьлча, я кIантах дерг йоIа хьоьга хаьттича, ахь шега пайде дерг аларе сатесна болчу цуьнан тешамна хьо ямарт хилар - вуьштта харцдерг дийцарал а доккха ду, цунна харцдерг дийцина а ца Iаш, ямарт а хьо хилла дела! Цундела хьайна девзург ма-дарра дIаала деза оцу адамах лаьцна, иштта хьайца цхьаъ дагаваьлча, нагахь хьайна дерг ма-дарра дийца ца лаахь, цхьана кхечуьнца дагавала аьлла, IадIан веза, харцдерг дийцина, хьайца дагаваьллачунна ямарт ца хуьлуш.
#коьрта_хаттарш
109-гӀаХаттар: Ассаламу lалайкум.
Кино хьажар а эшаршка ладогlар санна къа дуй?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Кино хьажарна чохь эшарш а, хьарам долчуьнга хьежар а, сахьташкахь хан яйар а, боьха дерг lамор а, адамийн ойла талхор а, иштта кхидолу а даккхий зенаш ду.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
110-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Зуда кхеро дагахь, цхьаъ ца дахь, юьтур ю аьлча, нагахь цо и ца дахь, муха хила веза?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Юьтур ю аьлча зуда кхерало хан дlа ма яьлла вайна. Хlинца ахь зудчуьнга - «ас юьтур ю хьо», - алахь, - «хьуо стаг велахь, йита», - эр ма ду! Я и кхералуш хилча а, юьтур ю бохучу дешнашца ловза ца веза. Цкъа делахь, хьайн мах хадабо ахь зудчунна хьалха, цхьаъ ца дахь юьтур ю а аьлла, юха цо ца дича, ахь ца йитахь - цунна хьалха хьан дош дов, юхахула ахь тесначу кхерамах иза оза а ца ло. Шолгlа делахь, юха дохковолий, ца хууш аьллерий, сихвелла аьллерий, оьгlазавахана аьллерий бохуш лела стаг, юхаяло агlо лоьхуш, тlаккха, зудчунна хьалха хадийна ца lаш, нахана хьалха а шен мах хадабо.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
111-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Шина суннат мархин ният цхьаьнатухуш хуьлий?
Дедда-юкъа кхобуш хилча, оршот я еара деношкахь марха нисделча, ши ният а деш мегий?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Хуьлу, амма иштта дерг ца мега. Хlунда аьлча и шиэ цхьана тайпанна юкъадогlуш суннат ду, ткъа дедда-юкъа кхабар уггар лакхара дарж ду цуьнан. lарафат де я lашураъ де нисделча баттахь кхобуш долчу кхаа марханца, я оршот, еара денца - ишттачу хьолехь мегар ду ши ният дан, шиннах ял а хир ю тlаккха.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
Фатва 39. Бух болуш дуй Ха́лид ибн Вали́да Уллайс олучу гӀазотехь 70 000 вийра бохург а, Пайхамара Бану Къурайзат олу жуьгтийн тайпанах 700 цхьана дийнахь вийнера бохург а?
112-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Маре йоьдучу йоIанна хьехар де.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Шен хlусамдеца шен элана хьалха санна хилар, иштта шен элана санна цунна муьтlахь хилар ду-кх маре йоьдучунна дан хьехар.
Ларо ма-дезза иза лардаро кхидlа дерриге чулоцу-кх!
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
113-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Вайн цlахь зудабераша а, боршанаха а цхьаьна доьшуш меттигаш бен яц.
Ткъа нийсох дерг зудаберш цlахь lийча хир дуй?
Иштта шаверг цlахь lийча, вайна лоьраш а, хьехархой а ца оьшу?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Нийса дерг зудабераш цlахь lар ду. Амма лоьраш а, хьехархой а мичара бевр бу аьлча, вай иштта цlахь lе аьлча, мелдолу зудабер lийр ма даций цlахь. Цундела шен дегlана сагатдеш йолчо оцу хlуманашна сагатдан ца оьшу, хlунда аьлча ша цlахь lарх цхьа а хьал галдер доций, оьшур доций хаа деза, ша цхьамма и цlахь lар бохург лардахь а, цlахь а ца lаш, шайн доьшур дерш, болх бийр берш шортта а хир буй хаа деза, цундела мичара бевр бу боху хаттар кхолладала дукха гена ду.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
114-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Масала, ставкаш еш ахча а даьккхина, юха цу ахчанах сагlина хlума эцча, цунах сагlа хуьлий?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ца хуьлу, Аллахl цlенаниг бен къобалдеш вац.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
115-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Вицваларан сужудах лаьцна дийцахьа. Муха дан деза, маца дан деза?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Вицваларан сужуд - ламазехь цхьа гlалатло яьлча, я цхьа хlума тlеоьшуш дича, и тlе ца хилча а ламаз кхочуш хуьлуш долу, масала: дуьххьарлера атхьиг дисаре терра, я цхьа дан ца дезарг дича, масала: вицвелла пхоьалгlа бисмале хьалагlаьтти, - ишттачу хьолашкахь до иза.
Тlаьххьара атхьиг дешна, салам далале деш ду иза, ламазехь сужуд ма-дарра, цигахь оллург ала а олу, ши сужуд дой, тlаккха салам ло.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
116-гӀа Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
Стеган бакъо юй зудчуьнан телефон тIе хьажа, таллам бан, цунна лууш ца хилча? Я лела янне ца яйта? Вовше лараш ма леха аьллачунна юккъе-м ца доьду и? Питане зама йолу дела, эрначух ларъялийта, цо хIун леладо хьожуш, сема хилархьама бохура ас. ТIаккха, масала, ватсап, вк уьш дIаяхийта мегар дуй зудчуьнга? Цунна зулам дар-м хир дац и?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Зудчуьнан телефоне хьажа бакъо юй боху хаттар тамашина ду! Хьажа а ца хьожуш, йита бакъо яц-кх борша стеган! Шен зудчуьнан телефон таллам ца беш муха юьтур ю! Цунах цатешар дац цунна таллам бан беза бохург, я иза цхьа вон дерг лелош хир ю бохург а дац. Хьо стаг ву, иза хьан зуда ю бохург ду! Хьан куьйга кlелахь ша хилар хаадала дезаш ду, шена ма-луу дlахецна хила езаш яц! Хlара телефонаш, интернет бен, кхин хIун ду вайн дерриг гlиллакх, гlуллакх, адамалла йохийнарг?! Ткъа совнах интернет чохь хилийта а оьшуш дац, цхьана гlуллакхна оьшучул, я зlене яла оьшучул бен, кхин агlонаш хила езаш яц зудчуьнан, я хилийта езаш а яц! И хlуманаш ахь лардича, зудчунна зулам дар дац дера-кх иза, мелхо, цуьнан доладар ду-кх. Вайна хlоранне шен йиша, шен зуда, шен шича цlена хета, амма и боьханаш, гlуллакх доцург лелош берш хьенан бу-м ца хаьа суна! Мегаш доцург гучудаьлла а доцуш, еккъа шеконаш кхоллалуш, цу тlера цуьнан коча эхар и ду нийса доцург, амма лар ма е, хьажа ма хьажа бохург дац иза, таллам бар сацо дезаш дац, даима беш хила безаш бу...
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
​​Тlараш деттар

117-гӀа Хаттар:
Ассаламу Ӏалайкум.
ТӀараш детта мегаш дуй?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ламазехь имам гӀалатваьлча, тӀаьхьахIоьттиначо дан дезарг билгалдеш Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Стегарша «субхьаналлахӀ» эр ду, ткъа зударша тӀараш тухур ду». (Бухарий: 1203) Оцу хьадисана тӀе а тевжина, Ӏеламнаха боху: «ТӀараш деттар зударех тарвалар ду, ткъа зударех тарваларан хьокъехь Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Вайх бац борша нахах тарлуш болу зударий а, зударех тарлуш болу борша нах а»». (Ахьмад: 6875)
Кхин а, тӀараш деттар керста нехан болх бу, асхьабаша а, я царал тӀаьхьа хилла дикачу наха а лелийна болх бац боху Ӏеламнаха, ткъа керста нахах тарваларан хьокъехь Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Цхьана нахах тарвелларг - уьш берриг ву». (Абу Давуд: 4031)
Ткъа Дела хьахош, я кхин муьлхха кепара Ӏибадатна юкъехь тӀараш деттар бидӀат ду, хӀунда аьлча Пайхамара а, я цуьнан асхьабаша а лелийна хӀума дац иза, и лелор суннат хиллехь, дика хиллехь, деза хиллехь, йоле хиллехь, цара лелийна хир дара. Ткъа цара лелийна доцу Ӏибадат лелоран хьокъехь Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Оха йина йоцу Ӏамал къобалйийр йолуш яц». (Муслим: 1718)
Амма ловзаргахь, я вуьштта гуламашкахь цхьаъ вистхилча, я цхьаъ схьакхайкхича, я цхьаьннан цӀе яьккхича тӀараш деттар - лаххара барамехь иза кархӀат ду аьлла цхьаболчу Ӏеламнаха, кхиболчу Ӏеламнаха хьарам ду аьлла, иза нийсох дерг а ду. Лакхахь вай хьаха ма-дарра, иза зударийн болх а, керста нахах тарвалар а хиларна. Иза зударийн болх бу бохург дац, зударшна иза мегар ду, зударшна тӀараш тоха мегаш йолу меттиг - ламазехь имам гӀалатваьлча ю.
Ткъа цхьана хӀуманах цецваьлча ши куьг вовшахтохар, лакхахь вай ма-аллара, мегар долуш дац, цхьана хӀуманах цецваьлча Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) «субхьаналлахӀ» олуш хилла, «АллахӀу акбар» олуш а хилла, и ду суннат дерг.
Амма тӀараш деттачехь маликаш ца совцу бохург бух болуш къамел дац.
#коьрта_хаттарш
118-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Аша кху чохь дукха а бидlаташ дуьйцу. Тlаккха хlора бидlат динарг жоьжахате воьдуш хилча, вайн и лелош хlораннан чохь да-нана ду. Ткъа церан хьал муха хила деза?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цундела вай къахьега деза-кх и вайн да-нана кхетош, иштта кхиболу нах кхетош, дин даржош, нийса дерг даржош, нахана дин lамош, кху динна пайде довла деза-кх вай. Царех къахета деза: уьш кхетабе бохуш царна доlанаш деш, цаьрга хаза дуьйцуш, кlеда дуьйцуш, кlорда ца деш, юх-юха дуьйцуш болх бан беза, нагахь баккъал а вай царна сагатдеш делахь.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
​​Зудчо ламаз дисиначу хенахь Къуръан дешар

119-гӀа Хаттар:
Ассаламу Ӏалайкум. Зудчунна ламаз доьхначу деношкахь а, доьзалхо вина, ламаз дисиначу деношкахь а Къуръан деша мегий?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Цу хьокъехь Ӏеламнехан къовсам бу, дукхахболчу Ӏеламнаха ца мега аьлла оцу деношкахь зудчунна Къуръан деша. Церан тоьшалла - Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Фарз хи тӀедоьжначо а, ламаз дисиначу зудчо а Къуръан ма доьшийла». (Тирмизий: 131) Амма оцу хьадисан хьокъехь Ибн Таймиййата боху: «И хьадис даӀиф хиларна тӀехь хьадис Ӏилмангахь мелболчу Ӏеламнехан бартхилла». (МажмуӀул-фатава, агӀо: 21/460)
Ткъа хьадис даӀиф хилча, иза тоьшаллина мегаш дац.
Кхин а тоьшалла даладо цара - зудчуьнан ламаз дисар - фарз хи тӀедожар санна хӀума ду, ткъа, фарз хи тӀедоьжна а долуш, Къуръан деша мегаш цахиларна тӀехь цхьаьннан а къовсам ма баций, тӀаккха фарз хи тӀедоьжча Къуръан деша мегаш ца хиларе терра, зудчунна шен ламаз дисиначу деношкахь а мегар дац Къуръан деша аьлла. Ткъа цу хьокъехь боху Ӏеламнаха: «Ламаз дисина зуда фарз хи тӀедоьжначух таръяр нийса дац, хӀунда аьлча фарз лийчар тӀедоьжнарг, муьлххачу а хенахь шена тӀера хи даьккхина, Къуръан деша йиш йолуш ву, ткъа ламаз дисина зуда шен денош чекхдовллалц Ӏан езаш ю, тӀаккха цу ханчохь Къуръан ца доьшуш Ӏан хала хир ду цунна, я дагахь Ӏамийнарг дицдала а тарло цунна.
Ткъа цхьаболчу Ӏеламнаха мегар ду аьлла оцу деношкахь зудчунна Къуръан деша. Церан тоьшалла:
1- Хьаж деш йолуш Ӏаишатна и денош тӀедаьхкича, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цуьнга элира: «Хьаж дечо мел деш дерг де, тӀаваф доцург». Ткъа Къуръан деша а мегаш ца хиллехь, иза а аьлла хир дара цо.
2- ХӀуманан бух - мегаш хилар ду, и хӀума мегаш дац аьлла тоьшалла хиллалц, ткъа иза доцуш ду. Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) заманахь а зударийн хилла хьал ду иза, ткъа и хьал долучу хенахь цаьрга Къуръан ма деша аьлла деъна хӀумма дац.
3- Къуръан дешар АллахӀа хастийна еза Ӏамал ю, ткъа цу Ӏамалах зуда юхатоха къеггина тоьшалла деза, иза доцуш ду.
Ткъа зударшна оцу хьолехь Къуръан деша мегар ду аьллачу Ӏеламнахах бу: Маликан мазхӀаб, ЗахӀирийн мазхӀаб, Имам Абу Хьанифатера цхьа риваят, Имам ШафиӀера цхьа риваят, Имам Ахьмадера цхьа риваят, Имам ТӀабарий, Ибн Таймиййат, Ибн Къаййим, Имам Шавканий, Шайх Албаний, Шайх Ибн Баз, Шайх Ӏусаймин, «Лажнатуд-даимахӀ» олу фатва ло Ӏеламнехан гулам, Шайх Мунажжид, Шайх Вахьид Ӏабдус-Салам Балий, Шайх МустӀафа Ӏадавий, Шайх ТӀарифий, Шайх Халид Муслихь, Шайх Ӏарифий, иштта кхиболу Ӏеламнах а.
Амма оцу деношкахь Къуръанах куьг Ӏотта мегаш цахиларна тӀехь диэ мазхӀабан бартхилла ду. Ткъа лакхахь вай дуьйцург - дагахь, я куьйгахь кара а долуш, я къоламца дӀалуьстуш, я телефон тӀера, иштта кхин муьлххачу а кепара, Къуръанах хьакха ца луш, деша мегаш хилар ду.
#коьрта_хаттарш
120-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Хи чохь лийчича марха духий, бага а, лерга а хи дахарх ларлуш лийчича?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ца духу, мелхо а, хьуо чlогlа вохвелча я хьагвелча, жимма хьайн хьал дайдан аьлла лийча а йиш ю, бага хи кхарза а йиш ю, дукха кlорга ца дахийтичхьана.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa
121-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Фарз лийчар тӀехь долуш суннат марха лаца мегий? lуьйра ламазан хан хиллачул тӏаьхьа луьйчуш.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Мега.
https://tlgg.ru/Vragi_iblisa